Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацино (ВОЗ) 1988-чу шарахь 31-гIа май Тонка доцуш дерригдуьненан де аьлла, билгалдаьккхина ду.
Адамийн могашалла Iалашъярна тIера дуьненан экологин цIеналла тидамехь латторан бист кхаччалц шуьйра маьIна а, йоккха Iалашо а ю цу дийнан.
Дуьненчуьра хIора 10-гIа вахархо тонки кIуьрах леш ву бохуш, нахе Могашалла Iалашъяран дерригдуьненан организацино орца доху дукха хан ю. Дерриге а дуьненна кхерам бохьуш, амма адамийн лаам хилча, дIаяккхалур йолчу проблемех цхьаъ ю цигаьрка озар.
ХIора шарахь «тонки уьнах» дуьнен чохь 6 миллион адам леш ду боху, ткъа царах 600 000 адам цигаьрка узуш а доцуш, амма иза узучаьрца цхьаьна дехаш хиларна леш а ду.
Тонка доцуш дерригдуьненан де герга кхочуш, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон куьйгалло эстафета йолийна #янекурю а, #язаздоровыйобразжизни а аьллачу хэштегашца.
Оцу эстафетин Iалашо ю кегийрхойн тидам тонкина дуьхьал бечу балхана тIеберзор а, царна цигаьрка озаро могашаллина а, доьзалан бюджетана а, гуонахарчу Iаламна а беш болу вуо Iаткъам гайтар ю.
Эстафетин рагI тIеоьцур ю Нохчийн Республикин культурин, дешаран а, Iилманан а, могашалла Iалашъяран а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, иштта дIа кхечу а министерствоша.
Россин Федерацин куьйгалло къаьсттина къахьоьгу адам тонки зенах лардаран йолчу Iалашонца, хIунда аьлча дуьнен чохь уггаре а тонка дукха узуш йолчу пачхьалкхех лоруш ю Росси.
Пачхьалкхан Думехь тIеэцначу сацамца дукха гIуллакхаш деш ду кегийрхой никотинах дIакъахко лууш. Масала, телепередачаш йолаялале цигаьрка ийзаран зенах лаьцна дуьйцу йозанан могIа гойту (бегущая строка).
Эстафета ерзош, Соьлжа-ГIалахь тонки зенах лаьцна дуьйцучу кхайкхамашца демонстраци ян дагахь ю Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолу министерство.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА