Шен интерактиван «ВТК ТВ» телевиденин (IPTV) болх оханан (апрель) баттахь дӀаболалург хиларан хьокъехь хаам бина «Вайнах Телеком» компанис.
Хаамехь билгалдолу «ВТК ТВ»-с керлачу «МИКС+IPTV» тарифан (баттахь 1 300 сом) платформи тӀехь болх бийриг хилар:
• 40 мб/с интернет;
• 100 сов телеканал;
• Нохчийн маттахь йолчу мультфильмийн 2–3 а, нохчийн мотт Ӏаморан 1 а телеканал;
• Нохчийн а, оьрсийн а, ишарийн а, «суьртийн» а меттанашкахь берашна Къуръан Ӏаморан телеканал;
• Видеотека.
Нохчийчуьра «Грозный» а, «Вайнах» а, «Путь» а телеканалаш хилла ца Iаш, нохчийн мухIажарийн «Сальсабиль» телеканал а ю «ВТК ТВ»-на юкъайогIуш.
Цул сов, берашна лерина нохчийн маттахь мультфильмаш йолуш 3 телеканал а ю: «ВайнахМульт HD» – нохчийн маттахь кхузаманахьлера мультфильмаш; «ВайнахМульт» – нохчийн маттахь шира мультфильмаш; «ИсламМульт» – нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь Ислам-динах лаьцна дуьйцу мультфильмаш.
Нохчийн а, Къилбаседа Кавказерчу кхидолчу халкъийн а эстрадина лерина «Илли» телеканалан а, Кавказерчу бахархоша яьхначу видеошна лерина «Горная Страна» телеканал а ю.
Иштта, «ИсламФильм» телеканалан эфирехь гойту нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь Ислам-динах лаьцна фильмаш, ткъа «Коран для детей HD» тIехь – нохчийн а, оьрсийн а, ишарийн а меттанашкахь берашна Къуръан хьоьху.
«Нохчийн Мотт» телеканала тIехь видеоурокаш гойту. Уьш лерина ю нохчийн меттан историна а, орфографина а, грамматикина а, иштта, бакъенашна а. Цунах мелла а тера йогIуш, амма гIалгIайн маттана лерина «ГIалгIайн Мотт» телеканал а ю.
Иштта, Хонкарара а, Казахстанера а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташкара а, СаIудийн Аравера а, Катарера а, Францера а, Россера а телеканалаш а хилла ца Iаш, спортана а, Iилманна а, бизнесна а, музыкина а, культурина а, историна а, хаамашна а, динна а лерина телеканалаш а ю «ВТК ТВ» юкъахь.
Цаьрга хьажа таро хир ю Android а, iOS а платформаш тIехь йолчу мобилан телефонаш тIехь а, кхузаманахьлерчу WEB технологица болх бечу компьютерш тIехь а, Smart TV технологи йолчу телевизорш тIехь а.
Нагахь санна, чохь ерш шира телевизорш елахь, «ВТК ТВ»-га хьажархьама, цунна юххе хIоттош болу леррина гIирс эца безар бу – ТВ-тюнер.
Шайн хаттарш хӀокху номершца де: 8(8712)29-91-91, 8(8712)29-95-95.
«ВТК ТВ»-н леррина сайт а ю тестан рожехь болх беш – http://vainahtelecom.tv.
И.ИСЛАМОВ
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо