Мерза кхаъ кхаьчна хIокху деношкахь Шелковски станицера: 2019-чу шеран чиллин (февраль) беттан 28-чу дийнахь Шелковски кIоштан депутаташа шайн кхеташонехь сацам тIеэцна Нохчийн Республикин халкъан артистан Усманов Iимранан цIе Шелковски станицин коьртачарех болчу цхьана урамна тилла.
ХIинццалц Комсомольски хилла урам, хIинца дуьйна Усманов Iимранан цIарах хир бу.
Шелковски кIоштан депутатийн кхеташонан сацам зорба тоьхна «Терская новь» кIоштан газетан агIонаш тIехь.
Махкахошна хазахетар ду аьлла хета вайна дукхавезаш хиллачу иллиалархочун цIе, мацах цкъа иза ваьхначу урамна тиллар.
Теша лаьа, кестта Усманов Iимранан цIе Соьлжа-ГIалахь иза ваьхначу урамна а туьллург хиларх.
Шен дерриге дахар нохчийн халкъана юкъахь мукъамийн серло яржош ваьхна артист.
ГАЗИЕВА Аза,
Нохчийн Республикин искусствийн хьакъйолу гIуллакххо
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо