Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрехь хIорашеран «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбахарна лерина суьйре дIаяьхьира Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшо.

«Дато бухIа» совгIат до Iилманан, дешаран, искусствон, литературин, медицинин, журналистикин хьаьрмашкахь бIаьрла кхиамаш бахарца билгалбевллачу интеллигенцин векалшна. ХIокху шарахь Интеллектуальни туьшо билгалдинарш XV-гIа даздарш дара.
Даздаршка баьхкинчаьрга маршалла а хоттуш, вистхилира Интеллектуальни туьшан председатель Хазбулатов Бекхан: – Маршалла ду массаьрга а. Уггаре а хьалха суна баркалла ала лаьа, «Дато бухIа» совгIат даларан гIуллакх вовшахтохарехь накъостий а хилла лаьттачу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу фондан президентана Кадырова Айманина а, «Россельхозбанкан» региональни отделенина а. Тахана цаьргара гIо хуьлуш дацахьара, хIора а шарахь, цхьаьна а кхеташ, «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбахаран гIуллакх дIадахьа таро хир яцара.

Суьйре Нохчийн къоман театрехь дIахьош хилар ларамаза дацара. Вайна ма-хаъара, оцу театрехь ролаш ловзийна вайн республикин гIарабевлла бевзаш болчу артисташа.
Жюрин тобано схьакъастийнарг 13 лауреат вара. Ткъа и туш кхоьлличахьана, аьлча а, 15 шарахь «Дато бухIа» совгIатан лауреат хилларг 162 стаг ву.
2019-чу шеран «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбехира хIокху номинацешкахула: «Сан орамаш» номинацехь лауреат хилира профессор Гериханов Абу, «Дешар» номинацехула (республикин кхаа вузера цхьацца векал) – техникин Iилманийн доктор Ахмадова Хьава, медицинин Iилманийн доктор Межидов Сайд-Мохьмад, педагогикин Iилманийн доктор Базаева Фатима.
«Iилма» номинацехула педагогикин Iилманийн доктор Тайсумов Муса, «Журналистика» номинацехула Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви, «Литература» номинацехула Нохчийн Республикин халкъан поэт Яричев Iумар, «Лаккхарчу корматаллина» – экономикин Iилманийн доктор Авторханов Абу, «МогашаллаIалашъяр» номинацехула Нохчийн Республикин медицинин ветеран Яндаров Ваха, «За подвижничество» – Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Инаркаева Лайлаъ, «Декхарна тешаме хилар» номинацехула Россин Iилманийн академин социальни-экономикин а, гуманитарин талламийн а Къилберчу округан Iилманан туьшан директоран Iилманан декъехула волу заместитель Кринко Евгений, «Хьехархо» номинацехула Нохчийн Республикин халкъан хьехархо, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Абдурзаков Шертбек, «Искусство» номинацехула Нохчийн Республикин Х. Нурадиловн цIарахчу нохчийн Къоман театран директор Ахмадова Хьава, «Къона интеллектуал» номинацехула филологин Iилманийн кандидат Юсупова Седа.
«Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбаьхначул тIаьхьа, гулбеллачеран иллешца а, эшаршца а самукъадаьккхира нохчийн эстрадин артисташа.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: «Дато бухIа» совгIатан лауреаташ билгалбахар
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо