Вайн кегийрхой цхьаьнгга а талхабойтур бац

Вайн регионерчу бакъонаш ларъяран органаша, цу юкъахь наркотикашна тIехь терго латторан Россин федеральни службин Нохчийн Республикин урхалло а хаддаза хIора дийнан къийсам дIахьо наркоманина дуьхьал. ДIадаханчу шарахь тхан урхалло шена хьалха хIиттийначу коьртачу  декхаршна юкъахь дара  наркотикашца доьзна зуламаш деш йолу тобанаш Iораяхаран, республике  наркотикаш кхоьхьу некъаш дехкаран декхарш. И декхарш кхочушдарехь юххера зIенаш хилар оьшу бакъонаш ларъяран кхечу органашца а, лерринчу  службашца а. Иза  хьесапе а эцна, цаьрца  цхьаьна болх бар  а  тодира  оха.

Цул совнаха дIадаханчу шарахь боккха болх дIабаьхьира наркотикаша деш долчу зуламах кегийрхой а, мехкарий а кхеторан декъехь. Оцу Iалашонца  дуккха а цхьаьнакхетарш дIадаьхьира дешаран заведенешкахь,  кегийрхойн организацешкахь, кхечанхьа.

Оцу массо а декъехь дIадаьхьна гIуллакхаш бахьанехь, хьесапаша гойтуш ма-хиллара, 2014-чу шарахь аьтто баьлла кхечу  мехкашкара а, Россин тайп-тайпанчу регионашкара  а Нохчийчу кхоьхьуш йолчу наркотикашна дукхах долу некъаш дехка. Цундела дикка  лахделла вайн республике наркотикаш кхехьар. Иштта дуккха а лахделла  дезоморфинах пайдаэцар.  ДIаяьхна наркоманаш вовшахкхеташ хилла  меттигаш.

Вайн регионехь къаьсттина 2009–2012-чуй шерашкахь яьржинера дезоморфинан наркомани. Цуьнца  луьра къийсам дIабахьаран жамI хилира дезоморфинах пайдаоьцуш, духкуш волу 494 стаг уголовни жоьпе озийна хилар, 52 притон дIаяьккхина хилар, 2,8 кийла дезоморфин дIадаьккхина хилар. Ткъа дIадаханчу шарахь схьадаьккхинарг 5,2 грамм дезоморфин бен дац.

2014-чу шарахь наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша  де-буьйса  ца лоьруш болх баро таро елира 175  меттехь наркотикаш схьаяха. Схьаяьхначарна юкъахь «спайсаш» а, кIомал а, опий а, кхийолу а наркотикаш ю. Делахь  а дукхах ерш кIомалх йинарш ю. Цу тIе а доьгIна  оха боккха ницкъ тIебахийтира  Нохчийчуьра кIомал кхуьуш йолу  меттигаш хIаллакьярна. Дийнна шарахь дIаяьхьира «Мак–2014» операци. Иза дIахьочу хенахь гучудаьккхира наркотикашца доьзна 266 зулам, жоьпе озийра 273 стаг. Схьаехира 25  кийла сов наркотикаш, хIаллакйира  2 миллион ах миллион квадратни метр майданара кIомал. ХIаллакйинчу кIомалан  барам 942 тонна  422 кийла яра. И болх кхул тIаьхьа а дIахьур бу. Цу хьокъехь тIедахкарш дина госхозийн куьйгалхошна а,  фермершна а.

Оццу хенахь урхаллин белхахоша гучуяьхна кхечанхьара вайн регионе  наркотикаш кхоьхьуш йолу зуламхойн тобанаш. Иштта, масала, Нохчийчуьра вахархо Р.Мадаев  марихуана юхкуш гучувелира. Цунна тIаьхьа девлла, цо лелочун терго еш лелча  гучуделира цунна наркотикаш йоуьйтуш верг Казахстанерчу Уральск  гIалахь Iаш  волу цуьнан воккхах волу  ваша Р.Мадаев хилар. Цо наркотикаш Казахстанера  Саратове кхаччалц  схьайохьуш хилла. Цигара «Саратов–Соьлжа-ГIала» автобусахь ларча (багаж) санна жимах волчу вешина схьайоуьйтуш хилла. 2013-чу шеран 25-чу февралехь  Соьлжа-ГIаларчу автостанцехь 643 грамма  наркотикаш схьаоьцучу хенахь Р.Мадаев схьалецира. Ткъа воккхах волу Р.Мадаев дуьненаюкъарчу розыске дIавелира. Иза, цул тIаьхьа, схьа а лаьцна, Россин бакъонаш ларъяран органашка  схьавелира Казахстанерчу коллегаша. 2014-чу шеран 4-чу мартехь Нохчийн Республикин Лакхарчу Суьдо цара динчу зуламашна вежаршна МадаевгIарна набахтехь яккха йоккха хан туьйхира. Цхьанна – ялхийтта шо, шолгIачунна – пхийтта шо ах  шо.

Россин ФСКН-н Нохчийчохь йолчу урхаллин белхахошна талламан-лахаран болх дIахьочу хенахь билгалделира Хьалха-МартантIера вахархо Б.Ахтаев, кхин дIора  бахьана а доцуш, кест-кеста шен киралелочу  «Газель» машенахь Астрахански областе лелаш хилар. 2013-чу шеран июлехь юха а Астрахански областе а вахана схьавогIуш  волу Б.Ахтаев  тхан урхалле схьавалийра. Машенах хьаьжча гучуделира ягориг  чу юуттучу тIаьхьалонан яй  чохь хьарчолгаш хилар. Царна юкъахь кхо кийла сов марихуана  хиллера. Уголовни гIуллакхехула таллам дIахьош гучуделира оцу зуламехь  дакъалоцуш масех стаг хилар. Уьш Iаш болчу меттигашкахь таллам  бича кхин а наркотикаш карийра. 2014-чу шеран апрелехь  Б.Ахтаевна а, зулам дарехь цуьнца дакъалаьцначарна  а набахтехь  яккха яккхий хенаш тоьхна.

Иштта, оперативни-лахаран гIуллакхаш кхочушдечу хенахь гучуделира Гуьмсерчу вахархочо Р.Башаевс Казахстанера героин схьаяран «некъан тача» даьккхина хилар. Цигара схьаеана героин, шена тешаме  волу «В» а, «Э» а юкъа озийна, хаддаза дIаюхкуш вара иза. Цул хьалха а шозза суьде  озийна вара Р.Башаев наркотикаш лелорна.  2014-чу шеран январехь героин юхкуш схьалецира «В». Оццу  хенахь, лакхахь хьахийна болчу нехан хIусамех а  хьаьвсира. И бахьанехь, гучу а яьлла, схьаяьккхира 128 грамма героин. Йохка кечйина, охьайиллина яра  иза. Уголовни гIуллакхехула таллам бар дIахьош тоьшаллаш гулдира Башаевс Казахстанера шозза Россин Федераце героин еана хиларан а, вовшахтоьхначу тобанца героин шозза  йохкаран а хьокъехь. 2014-чу шеран октябрехь Гуьмса гIалин суьдо Башаевна набахтехь яккха 13 шо  хан тоьхна, «В»-на  а, «Э»-на кхиэл ярх дерг а герггарчу хенахь къаьстар ду.

ДIадаханчу шеран 15-чу апрелехь тхан урхаллин  белхахоша Соьлжа-ГIалин цхьана урамехь сацийра  А.Садыков. Цул хьалха цо «Грозный-24» почтамтехь схьаийцира шена вевзачу «А»-с Парижера яийтина гашиш чохь йолу корреспонденци. Уголовни гIуллакхехула таллам дIахьош Парижехь волу «А» мила  ву хиира, цуьнан суьрташ дехира, аз дIаяздира, талламан кхин гIуллакхаш дира. Цара таро елира «А»-с а, Садыковс  а, хьалххе бинчу бартаца наркотикашца контрабанда лелийна хиларна тоьшаллаш гулдан. 2014-чу шеран августехь  А.Садыковна Соьлжа-ГIалин Ленински районан суьдо набахтехь яккха  кхо шо хан туьйхира. Ткъа «А» дуьненаюкъарчу  розыске  велла.

Оццу шеран декабрехь урхаллин белхахоша сацийра Н.Джафаров, ханна Соьлжа-ГIаларчу Ленински районехь Iаш волу. Иза «спайсаш» кечъеш а, юхкуш а хилла. ЧIагIдина Н.Джафаров цхьана кафехь шеф-повар хилар а, «спайс» наркотикаш кхача кечбечу чохь кечъеш хилар а. Иза  кечъярна  оьшуш йолу  хIумнаш цо ша  Пятигорскера йохьуш хилла.

2014-чу шеран декабрехь оперативно-лахаран гIуллакхаш дIахьочу хенахь, Ленински районехь «таллам беш эцар» деш Н.Джафаровс законехь доцуш оьцуш  волчунна «спайс» наркотик йоьхкира. Иза 120 грамм яра (цунах 480 сов дакъа дало). Цо йоьхкина наркотик 85000 соьмана  яра. Джафаровн дегIах хьаьжча, цуьнгахь кара а дина, схьадаьккхира 85 эзар сом ахча. Оьцуш волчо  наркотикех делла ахча дара иза. Урхаллин талламан отдело Н.Джафаровна уголовни  гIуллакх долийна РФ-н УК-н 3-чу статьян 3-чу  декъехь, 228-чу статьян 5-чу декъехь билгалдина зулам дарца доьзна. И гIуллакх кестта суьде дIахьажор ду.

Лакхахь далийначу масалшна бIаьрла гойту наркотикашна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша хIора дийнахь беш болчу  балхо дика тIаьхье луш хилар. Шеко йоццуш, дуккха а лахделла Нохчийчохь наркотикаш йохкар, царах пайдаэцар. Делахь а, дийнахь а, буьйсанна а сацо йиш яц  наркоманина дуьхьал дIахьош болу къийсам. Вайн регионехь цхьа наркоман а  волуш оха иза лах а бийр бац.

Иштта лерринчу тергонехь латтор ду вайн республике догIуш долу некъаш. Наркотикаш йохьуш вогIучунна цхьа а некъ маьрша хир бац. Адамаш хIаллакдеш долу и дIовш духкуш болчара мел чIогIа  мекарлонаш лелаяхь а тхуна гуча  ца волуш вуьсур вац цхьа а. ТIаккха цаьргара законо ма лоьху жоп а доьхур ду. Вайн кегийрхой, наркотикашка а, маларшка а марзбеш, вай цхьаьнгга а талхабойтур бац.

А.ЗАРМАЕВ,

Россин ФСКН-н Нохчийчохь йолчу урхаллин хьаькаман заместитель    

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: