Наркотикашца къийсам дIахьо
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан кIоштехула йолчу отделан белхахоша, профилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, Хьалха-Марта – Олхазар-КIотар автомобилийн новкъахь, документаш талла, сацийна 1964-чу шарахь вина волу Хьалха-Марта гIалин вахархо – «Лада–21906» автомашенан водитель.
Таллам дIахьош, вахархочуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 160 грамм гергга наркотик чохь йолу полимеран тIоьрмиг.
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелковски кIоштехула йолчу отделан белхахоша, лахаранпрофилактикин мероприятеш дIахьочу хенахь, Шелковски кIоштан Парабоч юьрта йисттехь, сацийна шен леларца полицин белхахойн шеко кхоллаелла волу 55 шо долу меттигера вахархо.
Таллам дIахьош, цуьнгахь кара а бина, схьабаьккхина ораматех схьаялар долу, сиро-баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу, 120 грамм гергга наркотик чохь йолу тIоьрмиг.
Иштта, хIокху деношкахь 1972-чуй, 1979-чуй шерашкахь вина волчу Хьалха-Мартан кIоштан шина вахархочуьнгахь а, 1990-чу шарахь вина волчу Шелан кIоштан вахархочуьнгахь а, 1975-чу шарахь вина волчу ТIехьа-Мартан кIоштан вахархочуьнгахь а, 1983-чу шарахь вина волчу Соьлжа-ГIалин вахархочуьнгахь а кара а йина, полицин белхахоша схьаяьккхина 300 грамм наркотик.
Схьаяьхна наркотикаш таллам байта дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Экспертийн-криминалистикин туьше.
Лакхахь билгалбаьхначу бахархоша динчу зуламийн Россин Федерацин Уголовни кодексан 228-чу статьяхь билгалдинчу зуламан билгалонаш ю. Бахархошна тIедиллина полицин отделашка бахкар. Таллам бар дIахьош ду.
Масех некъан-транспортан бохам хилла
Грозненски кIоштан Девкар-Эвла йолчу агIор вогIуш хиллачу, 1962-чу шарахь вина волчу «Хендай Солярис» автомашенан водитела, урхаллица ларацаяр бахьанехь, автомашен некъа тIера гал а йоккхуш, бетонан дуьхьалонна тIетоьхна шен автомашен.
Некъан-транспортан бохамехь лазийнарш, кхелхинарш бац, автомашен кIеззиг йохийна. Таллам бар дIахьош ду.
Новр-ГIалахь хилла кхин цхьаъ некъан-транспортан бохам. Цигахь вовшахкхетта 58 шо долчу Невран кIоштан Новотерски юьртан вахархочун «Хендай Солярис» автомашен а, 1975-чу шарахь вина волчу Невран кIоштан Савельевски юьртан вахархочун «Лада Калина» автомашен а.
Некъан-транспортан бохамехь лазийнарш, кхелхинарш бац, автомашенаш кIеззиг йохийна. Таллам бар дIахьош ду.
Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службин гIоьнца хаамаш кечбинарг – I.МУРТАЗОВ
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо