Лулахой болчохь

Дикалла – «Экстра»
СТАВРОПОЛЬ.
Кхиамца кхочушъеш ю жоьпаллина доза тоьхначу «Агроальянс Инвест» юкъараллин Александровски кIоштахь йолу шурин даьхнилелоран комплекс шена чохь керла кхузаманахьлера гIирсаш хIиттош юхатоярна тIехьажийна йолу инвестпроект.

Оцу балхана цхьа миллиард соьмал сов долчу ахчанах харжаш ян дезар ду. Цундела ларамаза дац регионехь санна, РФ-н Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствос а ша куьйгалла дечу пачхьалкхан программин гурашкахь оцу проектан доккха гIолоцуш хилар.

2017-чу шарахь кхочушъян йолийначу проекто хIара шо чекхдолуш таро хуьлуьйтур ю хьелийн бажа 1,7 эзар коьрте дIакхачо а, 2020-чу шарахь 10,2 эзар тонна «Экстра» классан шура яккхаре кхача хIиттийна дозанаш карадерзо а.

Цу тIехь шайна лаккхарчу сурсаталлин джерсийски хIух долчу бежанаша гIо дийриг хиларх тешна бу даьхнилелорхой. ХIара шо долалуш эцна кхузаманахьлера юьртабахаман техника, комплексе дIакхачийна оьшуш болу гIирсаш, чекхдолуш ду гIоьналлин объекташ яр. Тоъалчу барамехь кечдина докъарш.

Цул сов, хIинцале а схьакхаьчна 653 бежана. КхитIе а бежанаш регионе далоран болх хIокху шеран мангалан (июль) бутт чекхбаллалц дIахьур бу.

Къоман проекташна – 5 миллиард
БУРУ-ГIАЛА.
Къоман дахаран тайптайпана дакъош юкъалоцуш йолчу 12 проектехь дакъалоцуш ю Къилбаседа ХIирийн Республика. Уьш кхочушъярна хIокху шарна федеральни бюджетера къастийна 5 миллиард 442 миллион соьман барамехь ахча.

Регионан экономика кхиоран министра Томаев Казбека чIагIдарехь, кху шарахь алссам харжаш ян билгалдеш ду къоман «Демографи»,

«МогашаллаIалашъяр», «Дешар» проекташна. Царах хIоранна а цхьацца миллиард соьман барамехь ахча къастор шена тIелаьцна федеральни центро. «ЧохьIен хIусамаш а, гIалара хьал а», «Кхерамаза а, дика а машенийн некъаш» аьлла йолчу проекташна лерина федеральни бюджето республике хьажор ду хьалхарчунна 773.61 миллион сом, шолгIачунна – 537,46 миллион сом.

Нагахь 2015– 2016-чуй шерашкахь регионан берийн могашаллаIалашъярна къастош хилларг 29 миллион соьме кхаччалц ахча бен ца хиллехь, кху шарахь цуьнан барам 766 миллион соьме кхочур бу. ТIаьхьарчу шерашкахь дуьххьара кху шарахь жигара гIуллакхаш дан долийна экологина дина зенаш меттахIитторна тIехьажийна.

Уггаре хьалха къамел ду Алагиран кIоштах, цигахь йолчу дIаьвше хIуманаш Iалашйойлех лаьцна. Цигара ши объект дIаяккхарна тIехьажийна ен йолчу харжийн барам 600 миллион соьме кхочур бу.

ТIедогIучу шарахь дуьйна федеральни бюджетера дала долор ду къоман «Къинхьегаман эвсаралла а, балха нисбаран гIолацар а» аьлла йолу проект кхочушъярна регионна оьшу долу ахча.

Бизнесан гIолоцу
ХIИНЖА-ГIАЛА.
Жима а, юккъера а бизнес кхиоран гIуллакхашкахула Дагестанан правительствона а, МСП (жима а, юккъера а предпринимательство) корпорацина а юкъахь хиллачу бартана буха куьйгаш яздира кхо шо хьалха. Муха бу оцу йоццачу хенахь хилла хийцамаш?

Регионан коьртачу шахьаран ДоттагIаллин цIийнехь оцу гIуллакхашна лерина дIаяьхьначу «горгачу стоьлехь» билгалдаьккхина ма-хиллара, бIаьрла бу цу тIехь хилла хийцамаш.

Иза чIагIдо дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьо а: кху шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу денна долчу хьолаца республикехь хьесапе эцна МСП-н 35,5 эзар субъект. Уьш дIадаханчу шарахь хиллачу гайтамел а 9,6 процентана лакхара бу.

Цхьана шарахь микрофинансировани яран Дагестанан фондо юхалург 23,5 миллион соьмал сов ахча делла жимачу а, юккъерчу а бизнесан 20 субъектана.Тешаман фондо МСП-н 6 субъектана деллачу ахчанан барам 8,2 миллион сом бу.

ХIара шо доладелчахьана лизинган компанин Дагестанан фондо кхо барт бина лизинган арендин хьокъехь.

Россехь арахоьцуш болчу гIирсашна 6 процент а, дозанал арахьа арахоьцуш болчарна 8 процент а процентан ставка хIоттийна. Вайн махкахь цул бораха мах болуш гIирсаш эца меттиг яц.

Социальни керла объекташ
МАГАС.
ХIокху шарахь ГIалгIайчохь ян йоло билгалдина социальни мехала маьIна долу 61 объект. Цо таро хуьлуьйтур ю белхан керла 2 эзар сов меттиг кхолла.

Цунах лаьцна хаам бира регионан гIишлошъяран, архитектурин, чохьIачу хIусамийнкоммунальни бахаман министра Вышегуров Османа. Карарчу шарахь гIуллакхна юкъаяло билгалдеш ду социальни доккха маьIна долуш йолу 51 объект.

Царах ах (24) берийн бошмаш, 8 школа, культурин 6 цIа, инженерин 8 сеть, могашаллаIалашъяран 3 объект, чохьIен цIа, спортан объект.

Уьш балхана юкъаялийча 2 150 стагана белхан керла меттигаш кхоллалур ю. 220 меттигна йолу берийн бошмаш гIуллакх дан юьйлалур ю регионерчу гIалашкахь а, ярташкахь а. Школаш схьаелла билгалдо кхаа гIалахь а, юьртахь а.

Цул сов, Малгобек гIалахь йийр ю психоневрологин цIа-интернат а, дукха хIусамаш йолу цIа а. Кху шарахь хьалхара дархой тIеэца аьтто хир бу Троицк юьртахь еш йолчу амбулаторехь а, Соьлжехь хинйолчу поликлиникехь а.

Министра, иштта, тидам тIебахийтира карарчу шарахь ялх юьртахь хинан биргIанаш, Даттых юьртахь а, Iаки-Юьртахь а насосийн станцеш, Теркан регIахь артезианан скважина юьллург хиларна.

Цо таро хуьлуьйтур ю оцу меттигашкахь хица долу гIуллакх къастийна цхьалхадаккха.

Школехь – яслеш
НАЛЬЧИК.
ГIебартойнБалкхаройчоьнан ШолгIа Чегем юьртарчу № 3 йолчу школехь дIахьош ду ясельни тобанашна лерина гIишло яр. Проектаца билгалдина шен юкъара майда 535 квадратни метр йолу цхьа гIат долу гIишло яр.

Цу чохь хIора а 20 берах лаьтташ йолу ясельни ши тоба нисйийр ю. Иштта билгалйина методикиН а, медицинин а кабинеташна лерина чоьнаш, физкультура дIаяхьаран зал. ХIинцале а хьаладоьттина девлла гIишлонан пенаш, тIе тхов тиллина, дIахIиттийна кораш.

Оцу гIишлон шенна дIахIоттон йолчу модульни котельнин гIирсаш а эцна. ГIишлошъярхоша тIелаьцна хIара шо чекхдалале гIишло гIуллакхна юкъаялаяйта.

100 шо кхачарна кечамбо
ЭЛИСТА.
Республика кхоьллина тIедогIучу шарахь хинйолчу юбилейна лерина дийнна цхьамогIа гIуллакхаш дIадахьа билгалдина ГIалмакхойчохь. Царна юкъахь ду, ша аьлча, П.П.Жемчуевн цIарахчу республикин больницина ремонт яр чекхдаккхар, Элистахь берийн керла поликлиника яр, Целинни кIоштарчу Троицки юьртахь 528 меттигана лерина йолу юкъарадешаран школа юкъаялор.

Оцу хеначохь Городовиковск гIалахь йолчу гIалагIазкхийн кадетски корпусана йина хила декхар ду дешаран кхин а цхьа корпус. Иштта билгалдина Калмгосфилармонин а, драмин, комедин республикин оьрсийн театран а гIишлош тояр.

ТIебогIучу муьрехь гIуллакхна ярташкахь юкъадалор ду культурин 5 цIа. Шен цигахь культурин керла цIа схьадоьллу долчу Яшкульскан кIоштарчу Чилгир поселкехь хийцина юхатойийр ю хин сеташ а.

Федеральни маьIнин объекташна юкъахь шен меттиг дIалоцур ю цигара «1920-чу шарахь шена чохь гIалмакхойн Советийн хьалхара съезд дIаяьхьна цIа» аьлла йолчу объекто.

Цул сов, ден долчу гIуллакхийн планна юкъахь йоккха меттиг дIалаьцна гIалмакхойн мотт Iалашбаран а, иза комплексни кхиоран а гIуллакхаша.

Иштта билгалдина регионан исторех, культурех лаьцна документальни а, телевиденин фильмаш кечъяр, автономин 100 шо кхачарна лерина долчу архивийн документийн гайтам дIабахьа а, юбилейн мидалш кечъян а, книгаш, гуларш арахеца а.

Билгалдаьллачу денца доьзна культурин гIуллакхаш дIахьур ду Москвахь, Санкт-Петербургехь, ЮФО-н а, СКФО-н а регионашкахь.

Къоман проектан гурашкахь…
ЧЕРКЕССК.
Кхарачойн-Чергазийн Республикин правительствос 2017- чу шеран чиллин (февраль) баттахь тIеэцначу сацамца нийса а догIуш, дIадаханчу масех шарахь регионехь аварийни хIусамийн фондерчу, шайн юкъара майда 17,9 эзар квадратни метр йолуш долчу, аварийни 93 цIа чуьра керлачу хIусамашка дIакхалхийна 1 559 стаг.

Цунах лаьцна хаамбира регионан гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министран заместитела Батчаева Зульфияс.

Цо иштта тидам тIебахийтира и программа кхочушъяран гурашкахь оцу шерашкахь дукха хIусамаш йолу пхи цIа дина хиларна: Усть-Джегутахь – кхоъ, Чапаевсан юьртахь а, Черкесск гIалахь а – цхьацца цIа. Цо таро хилийтира аварийни 27 цIа чохь бехаш хиллачу доьзалшна керлачу хIусамашца кхачоян.

ДIакхалхийнарг верриге а 772 стаг вара. Карарчу хенахь КхарачойнЧергазийчоьнан аварийни цIенойн реестрана юкъахь ду дукха хIусамаш йолу ворхI цIа.

Царна чохь дехаш долу адамаш дIакхалхор ду ЖКХ-н гIолацаран а, юхахийцаран а фондо жигара дакъа а лоцуш.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: