(РСФСР-н халкъан артисткин Хаджиева Нелин 80 шо кхачарна лерина)
1967-чу шеран асаран (июнь) беттан 4-чу дийнан хаза еанчу суьйранна премьера яра Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан драмин театрехь.

Оьрсийн сийлахьчу драматурган Островский Александран «Без вины виноватые» пьеси тIехь режиссера Хациев ЛомIелас хIоттийна спектакль яра гойтуш. Нохчийн яздархочо Саидов Билала ненан матте яьккхинчу пьеси тIехь хIоттаяре терра, спектаклан цIе яра «Бехк боцуш бехкенаш».
Дуьххьарлерчу безамо Iовжийначу йоьIан къаьхьачу кхолламах лаьцна яра спектакль. Коьртачу турпалхочун васт кхуллуш Хаджиева Неля яра. Спектаклан хьалхарчу суьрташкахь дуьйна цо хьовсархой тешабора шен цIеначу безамах. Иштта, хаза, товш, куьцехь йолу йоI хьанна а езаяла, ирсе хила хьакъйолуш хилар а гойтура.
Амма, масане йоI дакъаза а яьлла, кханенан ойла ца еш безаман йийсаре кхаьчна. Ямарт хили кхунна везнарг а. Цо тесна йити дегIаца цхьалха йоцу йоI, шена хьал долу нускал карийча. Терго йоцуш вити цо вина кIант а, шех дерг ма-дарра нускална ца хаийта.
ЮхьIаьржа хIоьттина, къаьхьачу балехь ю Нелин къона турпалхо. Цуьнан цIийх Iийдало дегаIийжам гайта ницкъ кхочу актрисин. ЙоIера яьлларг ледарло елахь а, цуьнан бохамна хьовсархой декъаозо хьуьнар а хуьлу Нелехь.
Везаран ямартлоно Iовжайо спектаклан коьрта турпалхо, амма цуьнан нуьцкъала амал кагъян ницкъ ца кхочу тIебазбеллачу баланийн. Цунах дуьненна евзаш актриса хуьлу.
Кручинина Елена ерриге а Россехь евзаш ю. Собарца, синъондаллица йоху цо толамийн ирхенаш. Иштта гойтура Хаджиева Неляс спектаклера шен турпалхо. Цуьнан массо а турпалхо ю шех масал эца хьакъдолуш, шайн амалца, хазаллица йийсаре лоцу цара хьовсархой.
Нохчийн къоман театран сцени тIехь Хаджиева Неляс мел кхоьллина васт ду вайнехан культурин толамийн ирхе лара хьакъ долуш.
Нохчийн къоман театран тоьллачу актрисех цхьаъ яра Хаджиева Неля. Халкъана, махкана езаш актриса яра иза.
Юьхь
1939-чу шеран чиллин (февраль) беттан 14-чу дийнахь Мамакхин-КIотар (Первомайская) цIе йолчу юьртахь, схьавалар нохчийн уггаре а хазачу юьртара ЧIишкара долчу Хаджиев Джемалдин доьзалехь дуьнен чу яьлла Неля. Хаджиев Джемалди НКВД-н белхахо вара.
ЙоI когаяхале зуламхошца тасадалар хиллачохь дIавалар а нисделла цуьнан. Нелин нана оьрсий хилла.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь вайнах Сталинан хьадалчаша махках бохуш йоI шен ненаца Нохчийчохь йисира. Иштта, нисделла, цо юккъера школа Дуби-Эвлахь чекхъяьккхинехь а, нохчийн мотт цунна ледара хаар.
Бакъду, юккъера школа чекхъяьккхина йоI ялале, 1957-чу шарахь вайнахана дай баьхначу махка цIа берза маршо йолу. Цу шарахь йоьду Хаджиева Неля Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте деша а. Амма шолгIачу курсехь йоI доьшуш йолуш цунн хаьа Ленинградерчу театральни институтехь доьшуш нохчийн кегийрхойн тоба хилар.
Цуьнан даг чохь боккха лаам кхоллало оцу тобанах дIакхета. Цу хенахь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр хиллачу Татаев Вахас аьтто бо Нелин оцу тобанах дIакхета. Иштта кхочу йоI театральни институте деша.

Актерийн говзалла караерзо хала дацара йоIана. Цунна хала дерг нохчийн маттаца йоцу уьйр-марзо яра. Амма, цуьнан ирсана институтехь доьшучу кегийрхошна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш, гIараваьлла нохчийн яздархо Хамидов Iабдул вара. Цо чIогIа къахьийгира Нелина нохчийн мотт Iамош, шарбеш.
Къоначу махкахоша а ца юьтура йоI, накъосталла доцуш. Массеран а гIоьнца, институтехь доьшуш яьккхинчу хенахь мелла а шарбелира цунна нохчийн мотт. Цунна къеггина тоьшалла ду дешна бевлла, цIабахка кечамаш беш вайн къоначу махкахоша хIоттийначу «Ромео и Джульетта» спектаклехь Хаджиева Неляс коьртачу турпалхочун васт кхоьллина хилар.
Дуьххьарлерчу безаман цIергахь яга кийча йолчу къоначу йоьIан васт дара актрисас кхоьллинарг. Нелин Джульетта Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ лерина тIелецира хьовсархоша. ЙоьIан къоналле хьаьжча, лаккхара мах бара актрисин белхан говзанчаша хадийнарг.
Ромеон васт кхуллуш артист Идаев Юсуп (Дала гечдойла цунна) вара. Нохч-ГIалгIайн Республикин театральни искусствехь кхоллараллин боккха кхиам хилла дIахIоьттира ингалсхойн драматурган В.Шекспиран «Ромео и Джульетта» пьеси тIехь нохчийн къоначу актераша хIоттийна спектакль.
И пьеса нохчийн матте яьккхинарг Хамидов Iабдул вара. Оцу спектаклаца дIаболийра Ленинградехь дешна цIа бирзинчу актераша шайн къинхьегаман некъ.
Нохчийн къоман театран сцени тIехь Хаджиева Неляс дуьххьара кхоьллина васт дара Джульетта.
Кхоллараллин лакхенашка
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь хIиттийначу дукхахйолчу спектаклашкахь коьртачу турпалхойн васташ кхуллуш схьаеана Н.Хаджиева.
Уьш яра Музаев Нурдис язййинчу пьеси тIехь режиссера Харлип Павела хIоттийна «Сирлачу новкъа», Мдивани Георгийн пьеси тIехь режиссера Савельев Ивана хIоттийна «Тереза йина де», Абрахамс Питеран романа тIехь, К.Мюфке инсценировкин автор а волуш режиссера Батукаев ХIарона хIотийна «Ткъес деттачу новкъа» иштта, кхийолу спектаклаш.
Делахь а, нохчийн актрисин кхолларалла юьйцучохь нийса хир дацара дуьненна вевзачу немцойн поэтан, драматурган Шиллер Фридрихан пьеси тIехь режиссера Вайнштейн Владимира хIоттийна «Ямартло а, безам а» спектаклехь Неляс кхоьллина леди Мильфордан васт ца хьахийча.

Юьхьанца «Ямартло а, безам а» спектакль нохчийн къоман театрехь хIотторах хабарш даьржаш шеконаша садуура, оьшурий-те Шиллеран пьеса, цо балхош хилла XVIII-чу бIешарера немцойн сингаттамаш а бохуш.
Амма 1967-чу шеран чиллин (февраль) беттан 4-чу дийнахь хиллачу «Ямартло а, безам а» спектаклан премьерехь лар йоцуш яйра и шеконаш.
Цкъа делахь, вайнехан тоьллачу актерийн башха ансамбль яра спектаклехь дакъалоцуш: Багалова Зулай, Давлетмирзаев МутIелип, Дудаев Муса, Исаева Асет, Зубайраев ЯрагIи, иштта кхиберш а. Царна юкъахь яра Неля.
Сирлачу безамах а, и безам къинхетамза хьашар Iалашо юьхьарлаьцначу Iедалан векалех а лаьцна яра спектакль. Нийсо, бакъо, хьанал-хьарам къастор, и санна долчу адамашна цкъа а дага ца догIу.
Шайн хьаьвда даима дуьзна латтийта уьш кийча бу мискачу адамийн синхаамаш а, и адамаш а хьаша. Иштта, долчу адамех ю Шиллеран пьеса. Кхолламан лаамца ямартчу адамашна юккъе нисъелла Нелин турпалхо а. Иза хьал долуш зуда ю.
Хаддаза герцоган семачу тергонехь ю. Кхуьнан муьлхха а лаам кхочушхилла баьлла лара мегар ду. Делахь а, цхьа синхаам бу Мильфордан синтем бохош. Зудзунна везавелла герцоган кIант Фердинанд (арт. Давлетмирзаев М.). Ткъа Фердинандана Луиза Миллер (арт. Багалова Зулай) еза.
Луиза къечу музыкантан йоI ю. Герцогана ца лаьа кIанта шен кхоллам къечу бен чуьрчу йоIаца боза. Хьал-бахам алссам болу Мильфорд ялаяйта кийча ву герцог шен кIанте, цкъа мацах цуьнга безамца бIаьрг бетташ ша хиллехь а. Герцоган лаам а, Мильфордан сатийсам а цхьаьнауьйш бу трагедехь.
ГIиллакх, оьздангалла, кхечеран синхаамаш дагабогIуш цхьа а вац. Луьра къийсам марсабаьлла Мильфордан даг чохь. Амма, Нелин турпалхочуьнгахь доьналла хуьлу Миллер Луизин цIена безам ца Iовжо. Мильфорд юкъара йолу оцу ямартчу ловзаршна. Актрисас говза гойту шен турпалхочун амал.
«Ямартло а, безам а» спектаклехь санна къоначу актрисин хьуьнар, лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла гойтуш яра къоначу режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль а. Режиссеран дипломни болх бара иза.
Испанхойн поэтан, драматурган Лорка Гарсия Федерикон пьеси тIехь хIоттийна яра. Нохчийн яздархо Саидов Билал вара Лоркин пьеса нохчийн матте гочйинарг.
Коьртачу турпалхочун–нускалан васт кхуллуш яра Хаджиева Неля. Цул тIаьхьа а, цкъа а, шозза а кхечу актерашца карлаяьккхина Хакишев Руслана спектакль.
Амма Нелин нускале кхочуш васт кхолла ницкъ ца кхаьчна цхьаьннан а. Генна синкIоргенехь хьулйинчу шовкъаца кхоьллина дара Нелин нускалан васт. ЦIеначу безаман гимн хилла дIахIоьттира иза.
Дуьххьара сцени тIехь гучуяларца хьовсархойн шена тIе тидам ийзош яра цуьнан турпалхо – Нускал. Iад санна цуьнан дуладеллачу дегIаца гIайгIа хаалора.
Дуьйцуш захало делахь а, йоьIан юьхьа тIехь синкъераман цхьа хьаса бацара. Кхиъна догIучу зудаберех а яц иза. Маре йоьду хан тIех туьлуш лаьтта.
Ден лаамна тIера ца яла реза хилча санна хетало тIедеанчу захалонна. ТIаьхьо вайна хуур ду цунна кхин везаш хилла хилар. Хьовсархой тIаьхьа ца кхуьучу бахьаница уьш къаьстина хилар а тосадолуьйту спектакло. Амма дош дашера даьллачохь, сонтачу кураллина йисарехь деза шиъ сацарх церан безам дIаболуш ма бац.
Ойланаш тIомайохуш, генарчу анайисте идош, кхеран дегнаш бIаьстенан зазанах иэдеш безам беха, деза шиъ лахьти чу дерзалц.
Леонардон даг чохь и безам бехаш хиларх хьовсархой кхета, цуьнан хIусамнанас цкъа мацах цунна езнарг маре йоьдуш ю аьлча. Шийлачу бенцахетарца дуьнене хьежна Леонардон (арт. Д.Омаев) ши бIаьрг, ткъес санна, серлаболу чаьмзачу кхоо шен лерса човхийча.
Цхьа тамашийначу шовкъан суйнаш хьалалета цуьнан, хIаргIа санна, Iаьржачу бIаьргаш чохь. Хьовсархой кхета и суйнаш лаа хьалалетта цахиларх. Дера, Леонардос тоххара кхин нускал далийна. Доьзалехь кIант ву хьалакхуьуш.
Делахь а, доьзал кхоллар иза безам бекъар дац. Безамо морцу дог кхечуьнгахь дисина хилча-м муххале а. Къаьхьа къурдаш генна кийрахь хьулдина, цавезачуьнга маре даха кечлуш ду нускал а. ТIекхечи ловзар ден де а.
Хила ма-деззара кIайчу духарца кечделла ду нускал. Амма цIеххьана цуьнан лерах кхета Леонардо ловзарга веана хилар. Гуро лаьцначу олхазаран санна тохало нускалан дог.
Иза цхьана мIаьргонна кхерало хила тарлучух. Амма безам! Цунна даима хийра хилла хьекъалан шеконаш, цIархазмана юьхьарлоцу некъаш.
Дог хьаьгна ду безаман цIергахь дага, кхана малх схьакхетар бацахь а. Леонардос Нускал ловзаргара дададо. ХIан-хIа. Цуьнан бертаза ца дададо. Нускал а кийча ду кхолламан дуьхьалонаш хьаша дуьххьарлерчу, цIеначу, сирлачу безаман дуьхьа.
Ловзаран да тIаьхьаволу Леонардос шен дадийначу нускална. Цунна гуш дерг шен дожийна сий ду. Оцу юьхьIаьржонца вехачул цунна валар гIоле ду.
Иштта, гIиллакхаш хилла-кх генарчу Испанехь. Къонахийн сий безамал лакхара лоруш. ТIаьхьакхуьу. Луьра хьаьрча ши къонах, арсаш дохий. Ший а вужу, кхин цкъа а ца гIатта.
Ткъа безаман марахьарча сихделла нускал шийлачу бакъдолчунна бIаьрахьежа дуьсу. Говзачу актрисин Хаджиева Нелин ницкъкхочу хьовсархошна гергахь шен турпалхо бакъян. Цо тешаво цуьнан синхаамех.
Аьртачу моттаргIанийн йийсарера яьлла нускало яьккхина гIулч безаман зовкхе яьккхина яра, цуьнан къаьхьачу тIаьхьалонах шен экаме са кхуъьушехь.
Муьлххачу йоIана доьналла оьшу и тайпа гIулч яккха, Испанехь иза кхиънехь а я нохчийн оьздачу гурашкахь иза кхиънехь а. ЦIена, сирла, дуьххьарлера безам ларбаре кхойкхуш яра Нелин турпалхо, цуьнца цхьаьна режиссера Хакишев Руслана хIоттийна спектакль а.
Хаджиева Нелин кхоллараллин кхиамех цхьаъ лара хьакъдолуш ду «Сид» спектаклехь кхоьллина Хименин васт а.
Классицизман говзанча волчу французхойн яздархочун Корнель Пьеран пьеси тIехь режиссера Солцаев Мималта хIоттийна яра спектакль. Цуьнан коьрта интрига кхуллуш вовшашна бIостанехьа дирзина дара къоначийн синхаамаш а, декхарш а.
Пьесин коьрта турпалхо ву Родриго. Нохчийн къоман театро хIоттийначу спектаклехь а иштта хила догIуш а дара иза.
Амма, Хименин васт кхуллуш хиллачу Хаджиева Неляс хьовсархойн берриге а тидам шена тIеийзабора. Цундела цуьнан амалца дуьстича, Родриго мелла а эгIаза, беса хетара. Пьесин сюжетаца Родриго а, Химена а вовшашна деза дукха хан ю.
Амма церан дайн дош дошера даьллачохь, юкъаметтиг галйолу. Хименин дас Гормаса тIара туху Родригон дена Диегона. Бекхам бар кIантана тIедужу.
Родригос дуэле кхойкху Хименин да Гормас. Дуэлехь герз дожийначу Родригон карах Гормас кхелха. Бекхам лаха арайолу Химена. Амма, арахьара Испанина тIелеттачу мостагIаша, цкъачунна, чоьхьара гIуллакхаш юьстахтотту.
Даймехкан маршо еза а, мехала а лоьру бакъболчу испанхоша, шайна юкъахь йолчу кега-мерсачу весел а. МостагIчунна дуьхьалволу бIобаьчча Родриго.
Дукха хан ялале, иза толамца цIавоьрзу. Майрачу бIаьхочух бIаьргбуьзна волчу паччахьна ца лаьа Родриго хьалха цо динчу зуламна жоьпе озо. Цундела паччахьо цхьа мекарло хьовзайо. Цо дов кхин цкъа а дуэлехь къастадар тIедуьллу. Амма паччахьо Хименина тIедуьллу толамхочуьнга маре яхар.
ШолгIачу дуэлехь а Родригос толам боккху. Химена Родригога маре йоьдуш дIайоьрзу и чолхе трагеди. Дуьненахь а гIараевллачу театраша наггахь бен хIоттош яц Корнель Пьеран «Сид» цIе йолу трагеди, цуьнан чолхалла бахьанехь.
Амма Нелин похIма бахьанехь, ерриге а Къилбаседа Кавказехь тоьлла хилла дIахIоьттира 1972-чу шарахь Солцаев Мималта хIоттийна «Сид» спектакль. Цунах лаьцна яздира 1972-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь арадаьллачу «Театр» журналан агIонаш тIехь.
Статьян автора билгалйохура режиссеран Солцаев Мималтан лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла, ерриге а Кавказехь тоьлла актриса ларалучу Хаджиева Нелин похIмин таронаш.
Кхиамийн зIаьнаршлахь
Кхоллараллин кхоллам ирсе хилла ю Хаджиева Неля. Нохчийн къоман театран сцени тIехь дийцина дукха васташ кхоьллина цо. Уьш оьрсийн яздархочун Островский Николайн «Муха дахчалора болат» романан коьртачу турпалхочун Корчагин Павелна дуьххьара езаеллачу Туманова Тонина тIера дIайолаелла, французхойн а, ингалсхойн а паччахьашна тIекхаччалц, цо боккхачу кхиамца кхоьллина васташ ду.
1977-чу шарахь Советийн Iедал дIахIоьттина 60 шо кхачарна лерина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийра Вишневский Всеволодан «Оптимистическая трагедия» пьеси тIехь спектакль.
Коьртачу турпалхочункомиссаран васт кхуллуш яра Хаджиева Неля. Актрисин хьуьнарх, цуьнан похIмех лаьцна иштта яздора «Театральная жизнь» журналан агIонаш тIехь журналиста Калита Людмилас: «Адамаллех а, поэтикех а» сийсаш ю Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу театро хIоттийна спектакль. Хаджиева Нелин дика аьтто баьлла комиссаран шовкъ, шен халкъе болу безам гайта.
ТIекхуьу чкъор Советийн идеологина муьтIахь кхиорехь хьакъдолу дакъа лоцур ду керлачу спектакло а, актрисас Хаджиева Неляс кхоьллинчу васто а». Вайн махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь и тайпа хастамаш дукха бу Нелина беш.
Амма цунах долу къамел дуьззина хир дацара актрисас вайнехан драматургин буха тIехь хIиттийначу спектаклашкахь кхоьллина васташ ца хьахийча.
Кхечу къаьмнех болчу яздахойн говзарш тIехьчул кIезиг дац цо вайнехан яздархойн пьесаш тIехь хIиттийначу спектаклашкахь кхоьллина васташ а.
Вайнехан мехкарийн оьздангалла, собар, доьналла гойту Хаджиева Неляс шен сценин белхашкахь. Музаев Нурдис язйинчу «Сирлачу новкъа» пьеси тIехь режиссера Харлип Павела хIоттийначу спектаклехь Эльзин васт кхуллуш яра вайн турпалхо.
Хьекъале, собаре, гIиллакхе-оьзда гойту Хаджиева Неляс шен турпалхо. Вайн махкара дукха мехкарий бара Эльзех масал эца лууш. Муха дуьтур ду вай ца хьахош Неляс боккхачу безамца кхоьллина цкъа а йицлур йоцчу Бусанин а, ПетIаматан а васташ?
Нохчийн къоман театран искусствехь мах боцу беркат хилла дIахIитина уьш. Цара Iамавора цIеначу безамна тешаме хила, хьал-бахамах оьзда синхаамаш ца хийца, гIиллакхе, собаре, оьзда хила. 1969-чу шеран хIутосург (май) баттахь дара вайн драмин театрехь «Бешто» спектаклан премьера хилча.
Дукха адам дара нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан «Бешто» повеста тIехь хIоттийначу спектакле хьажа сатесна. Повестана инсценировка йинарг спектаклан режиссер Солцаев Мималт вара.
Билгалдаккха догIу Солцаев Мималта повестана инсценировка оьрсийн маттахь йина хилар. Цундела, иза нохчийн матте гочъяр театран литературни декъан куьйгалхо волчу Гапаев Iабдуллина тIедуьйжира. Коьртачу турпалхочун васт кхуллуш Омаев Дагун вара.
Вайна массарна дукхаезачу Бусанин васт Хаджиева Неляс кхоьллира, шен турпалхочун сирла амат массо а ханна вайн дегнашкахь дуьтуш. Хьал долчу стеган йоI ю Бусана.
ЧIогIа хаза йоI ю иза. Иштта, хьалдолчу кхерчашкара алссам кIентий бу йоIана гуотуьйсуш. Амма цуьнан даго къастийнарг, йоьIан ховха ойланаш безамца хьерчаш цхьаъ ву.
Юьртарчу кIенташлахь тоьлларг, доьналлица, гIиллакхоьздангаллица къаьстарг, бакъволчу къонахчун сибатехь верг – Бешто.
Бештона еза Бусана. Амма кIант къечу бен чуьра ву. Хьал-бахам бац цуьнан, лам чохь дежаш жа дац, аренашца дIалаьхкина реманаш яц. Цундела, Бусанин верасашна ца лаьа йоI цуьнга яхийта.
Йоккхахйолчу шина йишина лехна цара «яа сискал йолу» меттиг. Зуда а, доьзал а болчу цхьана воккхачу стаге дIаелла Бусана дакъазаяккха кечбелла.
Делахь а, Бусана оцу сацамна реза яц. Безамца доцург йоIана дахар ца хета. Бештоца мацалла, дахаран халонаш лан кийча ю иза, хьолах Iехаелла, шен зазахецна йогIу къоналла ца хьошуш. Иштта гойту вайна Хаджиева Неляс Бусана. ХIора йоIе а безамна тешаме хиларе кхойкхуш дара актрисас кхоьллина Бусанин васт.
Бештоца яха хаъал ирсе кхоьллина ца хиллера иза. Бусана кхин цкъа а ца гIатта йожайо, вешин карах кхеттачу шаьлтано. Ткъа Бешто, кху доккхачу дуьненахь цхьалха вуьсу, къаьхьачу къурдийн хорамашца, ккъинхетамза лаьттан кийра берзийначу шен безамах хьоьгуш. Нохчийн оьздачу йоьIан васт дара Неляс «Асланбек Шерипов» спектаклехь кхоьллинарг а.
И пьеса а яра спектаклан режиссера Солцаев Мималта оьрсийн маттахь язйина. Актер а, поэт а хиллачу Дудаев Мусас гочйинера «Асланбек Шерипов» нохчийн матте. Кху спектаклехь а яра Хаджиева Нелин турпалхо хьал долчу стеган йоI.
Дешна, кIорггера хаарш а, ира хьекъал а долуш яра. Медина яра турпалхочун цIе. Иза яцара я «цIечаьргахьа», я «кIайчаьргахьа» а. Цуьнан цкъа а революцица бала ца хиллера.
Бакъйолу нохчийн йоI хила ма-еззара, шен беа пенан юкъахь хьалкхиъна, ховха зезаг дара Медина. Цуьнан къоначу дагна ца дезара хийцалучу Iедалх бахьана дина нохчий вовшашца эвхьазабовлар.
Шерипов Асланбек шена вовзар совгIат, иза везавалар шен ирс хетара. Массо а зудчунна санна къонахийн амал яра Мединина Асланбекехь товш ерг, кIентан майра са дара йоI, цецйохуш, тIеийзориг. Хьал ца хуучунна тардала мега Неляс васташ кхоьллина мехкарий берриге а цхьатерра хилла аьлла.
Амма, иза аьттехьа дац. ХIора а шен турпалхочун амал яста, иза керлачу басаршца къагош серлаяккха, хьовсархошна езаялийта хьуьнар а, корматалла а яра цуьнгахь.
Хеназа тIелаьцна «къаналла»
Ткъе итт шарера яьлла жима зуда яра Хаджиева Неля НохчГIалгIайн драмин театрехь гуьржийн яздархочун Иоселиани Отиан «Ворда харцале» пьеси тIехь режиссера Хакишев Руслана спектакль хIоттош.
Шуьйрачу хаамийн гIирсаша чIагIдарехь, пьеса леррина гуьржийн сийлахьчу актерана Закариадзе Сергона язйина яра, гуьржийн къоман театрехь боккхачу кхиамца хIоттийна, хьовсархоша хазахетарца тIелаьцна яра.
Коьртачу турпалхочун Богверадзе Агабон васт вайна цкъа а вицлур воцчу актера Закариадзе Сергос («Отец солдата» фильмехь коьртачу турпалхочун васт кхоьллинарг) кхоьллинера. Театрезархошна цо кхоьллина васт ца дезалойла дацара.
Шен заманахь, шен орамаш дицдала доьллачу халкъана чIогIа оьшуш яра «Ворда харцале» пьеса. Ткъа гуьржий вайнахаца амалш йогIуш хиларе терра, нохчийн дахарера кхачамбацарш алссам хаалора пьесехь.
Шайн дедай, дай баьхна ярташ дIатесна, лаьттаца йолу зIенаш хедош, гIала дIагIертачу адамех яра и говзар. Вайн театрехь Богверадзе Агабон васт кхуллуш Цицкиев Мохьмад вара.Ткъа цуьнан хIусамненан Кесариян васт кхуллуш Неля.
Мел лаххара а, ткъе итт шо башхалла хир яра актрисина а, цуьнан турпалхочунна а юкъахь. Амма и башхалла хаалуш яцара актрисин ловзарехь. Цуьнан турпалхо хаддаза кертахь, уьйтIахь, чохь цхьаъ деш яра. Юьттуш, цIанъеш, кхача кечбеш. Иза цкъа а луьйчуьра соцуш яцара. Амма и лер оьгIазе дацара.
Мел чIогIа яппарш Кесарияс яхь а, гуш дара, цунна шен кIентий дукхабезаш хилар а, бакъболчу кавказхойн зударийн санна шен хIусамдега боккха ларам хилар а.
Хала кхиийна кIентий гIала дIабаханехь а, царах баккхий хьаькамаш хиллехь а ша лелош йолу керт дIа ца тесна Кесарияс, цуьнан бешахь тайп-тайпана хасстоьмаш бу кхуьуш. Царна Iуналла дан ларайо йоккха стаг.
Къоначу актрисин кхоллараллин кхиам бара Кесариян васт. Спектаклан премьерехь хиллачу пьесин автора билгалдаьккхира иза.
Иоселиани Отиас чIагIдарехь, Кавказехь тоьллачу актрисаша кхоьллинчу вастел хьоме дара цунна Хаджиева Неляс кхоьллинарг. Иза къеггина тоьшалла дара вайн турпалхо муьлхха васт кхолла гуьнахь долуш, хьуьнаре хиларна.
Иштта, «хеназа тIекхаьчначу къаналлера» яра Хаджиева Неляс «Пелхьонаш» спектаклехь ловзийна Кусин роль а.
Гацаев СаьIидан пьеси тIехь къона режиссер Гузуев Хьусайн вара «Пелхьонаш» спектакль хIоттийнарг. Марненан васт кхоллар кховдийнера режиссера шовзткъа шо кхачаза йолчу актрисе. Вайна массарна дика дагадогIу мел говза, кхоьллира цо шен несарел каде хьийзачу марненан Кусин васт.
Неляс цхьабосса дика ловзайора трагедин а, комедин а ролаш. Актриса похIме хиларна тоьшалла ду иза. Хенан башхаллех ийза ца луш, муьлхха васт кхолла актриса кийча хиларан тоьшалла ду. Уьш дерриге а мах боцу беркат хилла дIахIиттина нохчийн къоман театран искусствехь.
Вайна хууш ма-хиллара, Москвахь а, Лениградехь а, иштта, Россин кхечу яккхийчу гIаланашкахь а хилла нохчийн къоман драмин театр. Дукха хьолахь, Хаджиева Неля коьртачу ролашкахь йолу спектаклаш хуьлура арахьарчу хьовсархошна гайта леринчу репертуарехь.
Москварчу а, Петербургерчу а театран говзанчаша даима лаккхара мах хадабора лаккхарчу тIегIанехь йолчу цуьнан корматаллин.
Ларамаза дацара говзаллин лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолу актриса Хаджиева Неля Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артистка хилла ца Iаш, РСФСР-н халкъан артистка хилар а.
Хьаналчу къинхьегамца яьккхинера цо и сийлахь цIе. Цуьнан кхоллам хилла дIахIоьттинера Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан драмин театр.
Дуьнен чохь кхин синкъерам бацара мисканан вайнехан къоман театр бен. Цуьнан дуьхьа ехаш, ецаш яра, шен доьзал кхолла ца ларош.
Бакъйолу актриса яра Хаджиева Неля. ХХ-чу бIешеран 90-чу шерашкахь тIеман цIе Нохчийчу яьржаш а вайца яра иза. Вайца цхьабосса халонаш, эшамаш, ямартло ловш доьналлица чекхъелира иза инзаре ирчачу зерех.
Амма тIеман кхийсарш лахъелча, балха араяьлла масех шарахь театрехь болх бира цо, кхиболчу актераша санна.
Делахь а, лайначо могашалла галъяьккхинера, паргIат чуерза хIусам яцара (тIамо хIаллакйина), тохарлера синкъерам дIабаьллера.
И дерриге а тидаме эцна 2005-чу шарахь шен ваша волчу Аштаркхане дIаяхара Хаджиева Неля. Кхин цунах хIума хууш стаг а вац. Амма вайн йицъян бакъо йолуш актриса яц иза.
Цо дукха къахьегна нохчийн къоман культура кхиош а, вайна хаддаза синкхача латтош а.
Тахана Неля миччахь елахь а, массо а ханна вайн дегнашкахь, массо а ханна яха йисина, нохчийн къоман актриса ю-кх иза, вайна массарна дукхаезаш.
ГАЗИЕВА Аза
№20, бекарг (март) беттан 15 де, 2019 шо