ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министр Мантуров Денис.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешана дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим а, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а, кхиберш а.
Министр республике варан Iалашо яра Соьлжа-ГIалахь Россин промышленностан а, махлелоран а министерствон цхьаьнатоьхначу советан кхеташо дIаяхьар.
Хьешаша а, республикин Iедалан органийн векалша а зезагаш дехкира Соьлжа-ГIаларчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексехь болчу Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хIолламна хьалха.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин промышленностан а, махлелоран а министр Мантуров Денис а хилира Нохчийн пачхьалкхан университетехь схьабиллинчу Нохчийн Республикин промышленностан гайтамехь.
Р.Кадыров а, Д.Мантуров а регионан промышленностан предприятийн: ИСТ «Казбек», ООО «Соьлжа-ГIалин гIишлошъяран керамикин завод», ГУП «Автоматстром», «Нохчийн минералийн хиш», Курчалойн электромеханикин завод, Шуьйтан бедарштегаран завод, кхечеран продукцига хьаьжира. Ерриге а 200 тайпана продукци яра цигахь.
Министра лаккхара мах хадийра регионан промышленни дакъа кхиоран, иштта, цхьадолчу гIуллакхашкахула тIедахкарш а дира цо.
Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министра Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира промышленностехула йолчу цхьаьнатоьхначу советан кхеташо. Дийцаре дира къоман проекташкахь стандартизацин гIирсех пайдаэцар.
Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин Федерацин субъектийн министерствийн а, пачхьалкхан корпорацийн а, компанийн а, юкъараллин организацийн а, экспертийн юкъараллийн а векалш а.
Министра билгалдаьккхира стандартизаци консервативни а, инертни а хила цаезар.
Цо дийцарехь, иза пачхьалкхан технологин а, социальни-экономикин а кхиаран эвсаре гIирс хила беза.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира кхеташо дIаяхьа Соьлжа-ГIала харжар – иза Россин Федерацин промышленностан а, махлелоран а министра Нохчийн Республикин экономикин проблемашна тIе тидам бахийтар хилар.
Цо дагадаийтира Нохчийн Республика меттахIоттор Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIадолийна хилар.
Цо дийцарехь, Ахьмад-Хьаьжас дIадолийнарг кхиамца кхочушдеш ду Россин Федерацин Президента Путин Владимира гIо-накъосталла дар бахьанехь.
Мантуров Дениса, иштта, хьахийра Нохчийн Республикин индустриальни нуьцкъалалла лакхаяьлла хилар.
Миниср, иштта, хилира Соьлжа-ГIаларчу литий-ионни аккумуляторн батарейш арахецаран а, Устрада-ГIаларчу «Чеченавто» а заводашкахь.
I.МУРТАЗОВ
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо