Умаров Джамбулат: «Ханбиев Мохьмада оьрсийн халкъ ца деза ца аьлла»

Республикин Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дийцина «Ханбиевс оьрсий цабезар» а, «Ичкери» а муьлхачу маьIнехь аьлла.

Кхузахь дагадаийта догӀу Нохчийчоьнан Парламентан депутата, шен хенахь «Ичкерин» оборонин тIаьххьарлера министр лаьттинчу Ханбиев Мохьмада «Сан паччахь нохчи ву. Ткъа сан цкъа а къамел хилла дац гIазакхашца. Уьш тахана а безаш вац со. Я царна йийсаре а ца вахана со. Цул сов, Ичкерин кIант ву со, хилла а ву, хир волуш а ву – халкъ а, мохк а битина тIеман кIуьрлахь, ведда вахана, Европехь ваха охьа а ца хиъна со» боху дешнаш юкъахь а долуш, хӀокху деношкахь нохчийн маттахь къамел дина хилар.

Шайн бийца бух а боцуш болчу «нохчаша», сихонца гоч а дина, «оппозиционер» ву ша бохуш, ведда-хьаьдда лелачу Навальный Алексейга кхачийна и къамел.

Цо, «нохчийн Парламентан депутата шена оьрсий ца беза боху… Лаккхарчу тӀегӀанехь талла деза и гӀуллакх» аьлла, цунах доккха эладита дина.

Оцу хьокъехь шен хиллачу къамелехь Умаров Джамбулата Навальныйна а, нохчийн мотт хуучу цуьнан хьадалчашна а довзуьйту Ичкери нохчийн къоман историн-географин майданех цхьаъ хилар а, цигара шайн схьабовлар долчу нохчаша «со Ичкерин кӀант ву алар» маьӀна долуш хилар а, Ханбиев Мохьмадан схьавалар Нажи-Юьртан кIоштара хилар а. Ткъа иза, хууш ма-хиллара, исторингеографин Ичкери олучу майдана юкъайогIуш ю.

Иштта, «гӀазакхий» дешан маьӀна довзуьйтуш, министра билгалдоккху Ханбиев Мохьмада бийцинарш «нохчийн ярташна тӀе бомбанаш йиттина а, нохчашна дуьхьал «зачисткаш» яйтина а болу федеральни эскарийн эпсарш» хилар а, уьш Ханбиевна хьовха, цхьанна а нохчичунна безаш цахилар а.

«Нагахь санна, Мохьмада буьйцурш оьрсий хиллехь, цо «оьрсий» аьлла хир дара, «гӀазакхий» а ца олуш», – билгалдаьккхина министра, «… хIаъ, цо лара мега уьш. Бен ца хета а мега цунна уьш. Шена лаахь, уьш ца беза а бакъо йолуш ву иза, хIунда аьлча, дуккха а шерашкахь царна дуьхьал ша лаьттина волу дела. Масала, оха, нохчийн халкъо, тхайна а, тхайн ярташна а, гIаланашна а тIе бомбанаш йиттинчу а, тхайна дуьхьал «зачисткаш» йинчу а инарлашка ма ца боху тхо дезахьара. Цундела, и шайн шалхенаш тхоьца чекхъевр йоций хаалаш», – аьлла, тIе а тухуш.

И.ИСЛАМОВ
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: