Хууш ма-хиллара, террористаша, шайн куьйгаллехь Таррант Брентон а волуш, Крайстчерчерчу (Керла Зеланди) 2 маьждигехь, тӀе герзаш а детташ, 50 сов бусалба стаг вен а вийна, 50 сов стагана чевнаш а йина хIокху деношкахь.

Уьш дага а лоцуш, бекарг (март) беттан 16-чу дийнахь, кегийрхойн «Ахмат» а, «Путин» а, «Юные Кадыровцы» а, «Молодая гвардия» а боламийн жигархоша Соьлжа-ГӀалахь флешмоб дӀаяьхьира.
Цигахь дакъалаца гулбеллачу кегийрхойн карахь оьрсийн а, ингалсан а меттанашкахь – «Цхьа уммат – цхьа лазам», «Терроризман байракх яц», «ХIинца хIун олу дуьнено?!», и.дI.кх.а йозанаш тIехь долу аннаш дара.
– Керлачу Зеландехь доккха зулам дина селхана. Дуьненахь мел болчу бусалбанашна бохам бу иза. Тахана, ара а девлла, Зеландерчу вайн бусалбачу вежаршна тӀеӀоттабеллачу бохамах лазаман дакъа вайна а кхаьчна хилар дӀагайта Ӏалашо ю вайн кегийрхойн. «Тхо дуьхьал ду терроризмана!» алархьама арабевлла тахана вайн кегийрхой, – элира кегийрхойн «Ахмат» боламан куьйгалхочо Азизов Мохьмада.
Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дина оцу зуламан хьокъехь леррина дIахьедар.
«…Керлачу Зеландехь динчу зуламо гойту терроризмах кхерамаза болуш цхьа мохк а, цхьа гӀала а цахилар а, иштта, терроризман я къам а, я дин а, я Даймохк а цахилар», – яздина цо.
И.ХАСАХАНОВ
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо