Даима а бакъонна тIе гIерташ болу нохчий, дукха хьолахь, цкъа а реза ца хуьлу шайна тIехь олалла деш долчу Iедална. Тахана хууш ду, 70 шарахь лаьттинчу советийн Iедална вайнах реза ца хиллий. Ткъа цул хьалха, кхаа бIе шарахь паччахьалла дIакхехьначу РомановгIеран цIенна реза боцурш кIезиг ца хилла. Цу Iедалан бала лайначу тхан дедас дуьйцура; чайна чу шекар бIелиг тосий и кегадора къаноша, довхачу хино хIара шекар бIелиг санна, Дала воха войла хьо Миклай паччахь, бохуш. Баккхийчу нехан доIийна Дала жоп делла и паччахь вохийча, деанчу советийн Iедало хабарш хаза дуьйцура, Россехь дехачу къаьмнийн вежараллица массарга генарчу аналле кхойкхуш. Паччахьан Iедало гIалагIазкхашна дIаделла латтанаш юхадерзо пIераска рузбанна мукъа дита чIагIонаш йора. Ткъа адамийн бакъонаш хьала-охьа цхьабосса маьрша хир ю бохура. Некхан уьнтIе шовкъе буйнаш детташ комиссараша дечу къамелаша дукха нах Iехийнера. Царах цхьаъ вара 1915-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла вара Дидаев СаьIид. Схьаваьлла орам Соьлжера бара СаьIидан. Тайпана серхьо волчу кхуьнан да Дида, йохк-эцар лелош, совдегар вара. Йоза-дешарца уьйр-марзо йолуш хилла Дида, дика кхетара дешаран серлоно бен стаг дахарехь нийсачу новкъа воккхург цахиларх. Цундела дешийтира цо шен массо а бере. Къаьсттина дешарна тIера вара СаьIид. Цу муьрехь дукхахболчу нохчаша тоам беш хиллачу еа классана тIехь дешар ца сацош, цо ворхI класс чекхъяьккхира. Цул тIаьхьа рабфаке деша а вахара. Рабфакехь доьшуш волуш кIентан гергарло тасаделира оьрсийн литературица. С.Дидаевс ца Iебаш йоьшу Пушкинан, Лермонтовн, Тургеневн, Толстойн говзарш. Цуьнца цхьаьна Iамайо, хIетта зIийдиг тосуш йолу нохчийн литература а. Ткъа уггаре а коьртаниг цунна кIорггера евза нохчийн къоман бартан кхолларалла. Рабфакехь доьшуш а волуш, ша а цхьацца могIанаш яздан гIерташ къахьоьгу. Цу заманахь Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь арадолуш хиллачу «Грозненский рабочий» газетца доттагIалла тасало цуьнан. Меллаша, сих ца луш, цхьацца гIулч йоккхуш, журналистикехь къахьега волало иза. Дуьххьара цхьацца заметкаш язйо. Уьш дукха хьолахь, цу заманца догIуш ма-хиллара, къинхьегамхойх ю, Соьлжа-ГIалахь кхуьуш йолчу заводийн белхалойх, ярташкарчу ахархойх, нохчийн ярташкахь хьанал къахьоьгучу вайнехан дуьххьарлерчу хьехархойх хуьлу . ТIаьхьо-м, шена дукхабезачу белхан говзалла шаръяла йоьлча, СаьIида чулацаме зарисовкаш язйо къинхьегаман турпалхойх. 1937-чу шарахь 22 шо кхаьчна хуьлу иза. Iаламат чIогIа товш, хаза юьхь-сибат долуш, лекхачу дегIахь волчу жимачу стаге дукха мехкарий бара къайлах-къулах бIаьрг бетташ. Амма Шела командировке ваханчохь, цхьа хаза йоI евзинера СаьIидна. ЙоьIан хазалло а, исбаьхьчу куьцо а йийсаре лецира жима стаг. Цундела 1937-гIа шо Дидаев СаьIидан дахаре зевнечу ирсан заза дахьаш деана лара мегар ду . Цкъа делахь, иза балха дIаийцира «Грозненский рабочий» газетан редакци. ШолгIа делахь, цо ялийра шена дукхаеза шелахо – Зайнап. Самукъадаларца бора СаьIида журналистикехь болх. Журналист Iаламат муьтIахь вара советийн Iедална а, ша кхетош кхиийначу Ленинан комсомолана а. Цундела социалистически романтизмах сийсаш хуьлура С.Дидаевс язбина массо а могIа. 1939-чу шарахь нохчийн къоначу журналистан доьзал стамло. Зайнапа йоI йо. Ирсе доьзал, балхахь сий-ларам, алсам тешаме доттагIий болуш схьавогIу иза цу чолхечу муьрехь. 1940-чу шарахь радио балха дIакхойкху цуьнга. Нохчийн мотт а, оьрсийн мотт а цхьабосса дика хууш волчу цо нохчийн маттахь къахьега лаьа цуьнан доттагIашна а. Ненан маттаца кIорггера уьйр-марзо йолуш волчу цунна шен декхар хета нохчийн мотт кхиоран беркатечу хьаьттахь къахьегар. Тайп-тайпана хуьлу цо кечъеш йолу передачаш. Артисташ, яздархой, поэташ, Iилманчаш дукха хьолахь радиона гуонаха хьийза, церан къамелаш хьекъале а, чулацаме а хуьлу.
1941-чу шеран 21-чу июнехь немцойн фашисташ ямартлонца вайн сийлахь боккхачу Даймахкана тIелетира. Хьалхарчийн могIарехь ша тIаме гIур вуйла, ваха декхарийлахь вуйла хаьара цу муьрехь коммунист хиллачу Дидаевна. Делахь а ца моьттура повестка ишта сиха кхочур ю. 1941-чу шеран 24-чу июнехь Молотовски райвоенкомате кхайкхина, цуьнга схьаелира повестка. Цу суьйранна, шен хIусамнана Зайнап а, кога яхаза йолу жима йоI а Шела хьалайигира цо. Шен дена, нанна уллехь Зайнапана атта хир ду аьлла хетара цунна.
1941-чу шеран шийлачу гурахь фашисташ Москвана герга кхечира. Москва ларъечу эскаршна юкъа кхаьчнера Нохчийчуьра журналист а. СаьIидана доккха сийлалла хетара Москва мостагIчух ларъеш шен мерза са дIадалар. Иза ишта Iамийна вара, ворхIе дайх дисинчу оьздачу гIиллакхаша. Яхь дIа ца яла. Доьналлех ца хада. Уггаре а халчу хьолехь Даймахкана, ша схьаваьллачу къомана тешаме хила. Дера, шийла а, ма яра. Меца хан а йогIура. Делахь а Дидаевна цкъа а дагчуьра ца долура ша нохчи хилар. Инзаре халчу зиерех бIаьрнегIар ца тухуш чекхвелира иза. Кест-кеста командираша, кхечу салташна масална йоккхура вайн турпалчу махкахочун цIе. ТIом тIех дика, мойраллица, доьналлица барна, ефрейторан чин делира цунна Москва мостагIчух ларъеш гайтина хьуьнарш бахьанехь. 1942-гIа шо долалуш, Нальчике хьажаво иза. Политсоставан курсаш яра цигахь, советийн массо а эскарийн дакъошкара политрукаш кечбеш. СаьIид журналистан болх бина вуйла хиъча, цунах дика политрук хиларан дегайовхо йолуш хьажаво иза цига. 1942-чу шеран 18-чу мартехь дIадолало дешар. 1942-чу шеран 2-чу июнехь чекхдолу иза. Дукха хьолахь буьззина кхаа баттахь дIахьора политрукаш кечбар. Амма 1942-чу шеран май беттан чаккхенехь Нальчике немцоша бомбанаш етта йолайо. Цкъа иштта хиллачу авиатохарехь СаьIидана чов йо, настаран голех бомбин гераг кхетий. Амма иза госпитале ца воьдуш, сихонца юха а тIаме дIавоьду. Заградотряде политрук хьажаво нохчи. Хала болх бара иза. Дийцарх атта стаг кхетар воцуш, шена тIе ца хIоьттича.
Дуьне Iадочу гIовгIанца, цхьанаэшшара немцойн танканаш тIеюьйлаелча, юххе хIиттина автоматчикаш болуш, карахь тоьпаш, юкъах йихкина масех граната йолуш окопаш чохь Iохкучу советийн салташна юкъахь, наггахь кхералуш верг волура. Хьаъа, хIуъа дийцарх, уггаре а хьалха адамаш ду тIеман хьаьтта дIахIиттош дерш. Берриге а бацара царна юкъахь турпалхой, яхь дIа ца яла топ каралацарх. Ткъа Iожалла цхьанна ца езало. Адам доха тарло, наггахь дагчу кхерам буссу. ТIаккха и адам, буьрсачу тIеман хьаьттара, салтин чоа доьхна делахь а, хьалаэккхий, Iожаллах дедда кIелхьарадала гIурту. И дерриге дика хууш болчу тIеман психологаша кхоьллина яра советийн эскаршкахь заградотрядаш. Заградотрядерчу бIаьхоша цкъа мохь-цIогIа хьокхий, совцо бахьана лохура, кхерабелла юхабевдда салтий, цунах гIуллакх ца хуьлий хиъча, герз тухий, мангало буц санна эгабора, Iожаллах бевдда богIурш. Масех стаг ишта къинхетамза вожийча, биснарш мелла а метта богIура, кхерам юьстах тоттуш. Делахь а Iаламат хала дара, шечунна тIе герз тоха. Муьлхачу къомах велахь а, хьан тIеман накъост ву иза, хьоьца хударан кад бекъна, цхьана чои кIела хьоьца хийлаза наб йина, фашизмана тIехь толам баккхаре хьоьца цхьана сатийсина. Дидаев СаьIида леррина кочушдора шена тIедехкина декхарш. ТIеман тасадаларш дIадуьйла далале къамелаш дора къоначу салташца, кхетабора уьш Даймехкан сийлаллех, цуьнга хила безачу безамах. Ткъа уггаре а коьртаниг, хIоьттинчу хьолехь, Даймохк луьрачу мостагIчух дIацIанбан безаш хиларх.
Дукха везара иза шен тIеман накъосташна. Цецбуьйлура цуьнгахь долчу хьекъалх, доьналлех, гIиллакхах. Ша эпсар вара аьлла, могIарерчу салташца йолчу юкъаметтигашкахь шегара цкъа а куралла тусаялийтина вацара. Шен куьйгакIел болчу салтийн Iуналла дан хьуьнар а хуьлура цуьнгахь даима. Массарна ишта хир ду моьттура тIом чекхбаллалц. Массо а хьаьгна вара Берлине дIакхача. 1944-чу шарахь бIаьрлачу кхиамашца, герга ийзош яра и Iалашо советийн салташа. Еана тIекхечира 1944-чу шеран 23-чу февралан шийла Iуьйре. Сталинан хьадалчаша махках бехира вайнах, къинхетамза дIахьовсийра уьш Юккъерчу Азе а, Казахстане а. ТIеман хьаьттахь лаьттачу вайнехан бIаьхошка дIакхечира и шийла кхаъ. Нальчикехь политсоставан курсашкахь доьшуш волчу муьрехь цкъа-шозза Нохчийчу кхача аьтто баьллера СаьIидан. Амма цу хенахь дахарах лаьцна дуьйцуш а, хьахош а хIума дацара. Дерриге а халкъ хьанал къахьоьгуш дара, толаман де сихха тIекхачийта, Даймахкана тIебазбелларг юкъара бала буйла хууш. ХIинца хилларг хIун ду теша? Кертахь кхин боьрша стаг воцуш йисинчу кхуьнан къеначу нанас а, кегийчу доьзалша а хIун дийр ду хийрачу махка дIакхаьчча. Цул совнаха, шо хан а ца яьллера СаьIиде цIера мерза кхаъ кхаьчна. Зайнапа кIант винера, цунна Зойрбек цIе тиллинера. Ойланаш, цхьаъ вукхул къаьхьа, СаьIидна коьрте хьийзара. Дагавала уллехь стаг вацара. Даймохк мостагIчух дIацIанбан шен са а, дегI а ца кхоош, Дидаев тIеман хьаьттахь лаьтта масех шо дIадаьллера. Ткъа кхуьнан нана, хIусамнана, кегий доьзалш махках баьхнера. Ма йоккха юьхьIаьржо ю иза тIеман накъосташна хьалха. Ма боккха сингаттам бу дерриге къам халкъан мостагI лерина бохург. Цунна хIун дан деза хIинца?! Йоьхна, яьржина дIауьдура СаьIидан ойланаш. Цу тIехь чекхбовлуш ца хиллера СаьIид гIайгIане вожийна сингаттамаш. ЦIеххьана командиро чукхайкхира кхуьнга, цхьа а теш воцчохь къамел ду шен дан, аьлла. Шена хезнарг командира бакъ дац аларе сатесна, иза волчу чоьхьавелира иза. «Массо а нохчи, гIалгIа тIамтIера схьаваьккхина Казахстане дIахьажош ву, вайнахах волу цхьа а стаг вита бакъо яц, шен», – элира цо…
Казахстанехь пхеа-ялх баттахь лийхира СаьIида шен доьзал. Цкъа шелахой лоьхура цо, юха соьлжахой лоьхура. Шелахой, соьлжахой карийча а, кхуьнан доьзалх, гергарчех, верасех дерг хууш стаг ца хуьлура. Эххар а, Джамбульски областерчу Меркехь соьлжахой бу аьлла хезна, цига кхечира иза. Делан къинхетамца цигахь тIеIоттавелира иза шен доьзална. Бакъду, кхуьнан цхьаъ бен воцу кIант дIакхелхина хиллера. Кхиверг дIакъастале Веза-Воккхачу Дала тIекхачийна хиллера иза шен доьзална. Журналистикехь кхунна болх карор бу бохург аьттехьа дацара. Ткъа доьзална напха латтор шена тIехь дуйла цунна даима хаьара. Иза дика кхетара кхин говзалла ша караерзо езаш хиларх. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман бIаьхо ша хиларх пайдаэцна, бухгалтеран курсашка деша вахара. Нохчийн къомах долчу кхечу могIарерчу адамийн и бакъонаш ян а яцара. Уьш массо шайн бакъонех хадийна бара, ур-аттал дIасабовла а, комендатуре хаам ца беш, бакъо йоцуш. Курсаш чекхъяьхна, СаьIид балха дIахIоьттича, мелла а тодала дуьйлира, юучуьнца а, молучуьнца а, кхуьнан доьзалера хьал. Бакъду шен цхьана доьзалан хьал тодина Iаш вацара хIара. Шен тароне хьаьжжина Меркехь хиллачу вайнахана гIо-накъосталла деш вара.
1957-чу шарахь, кхойтта шарахь вайнаха сатийсина, цIадерза маршо елира. схьакхечира. Нохчийчу юхабоьрзучу вайн махкахойн хьалхарчу могIаршкахь Соьлжа-ГIала цIакхечира вайн турпалхо. ТIаме дIавахале ша болх бинчу радио юха а балха дIахIоьттира. Берийн редакцин куьйгаллехь вара иза. Нохчийн маттахь чулацаме передачаш йора журналиста вайнехан берашна. Уьш цара чIогIа езаш тIеоьцура. Хетарехь, вайн махкахь цхьа а юрт яц нохчийн СаьIид кхачаза, школера цо передача яза а. И передачаш, дукха хьолахь, дика доьшучу берех, похIма долчу кхиазхойх, берийн дуьхьа къахьоьгучу яздархойх, церан кхоллараллех хуьлура. Берийн ойла йийсаре лаца а, царна товр йолчу агIор и передача дIаяхьа хаьара цунна. Цундела веза хьаша вой тIеоьцура журналист массо школехь а, берийн цIийнехь а. 1978-чу шеран 20-чу февралехь СССР-н журналистийн союзе дIаийцира иза. Дуьненан меха хетара СаьIидана и билет. Дахарехь кхидIа ша йоккхучу хенахь, хIайкал санна Iалашдеш, дагна уллерчу кисанахь леладора и билет. Казахстанера цIавирзича а ткъе итт шарахь сов къоман радиохь болх бира цо. Цуьнан хьанал къинхьегам алссам совгIаташ дарца билгалбаьккхина Iедало, мехкан куьйгалхоша. СССР йоха карзахъяьлча, воккха хиларх бахьана дина балхана юьстах велира иза. Амма и данне дац халкъаца, махкаца хуьлуш долчо цуьнан са ца гатдора бохург. Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Амма Iинах йоьду ворда сацо цуьнгахь ницкъ бацара, иза воккха хиллера, гIорасиз вара, деэшнера.
1995-чу шеран 8-чу февралехь дара иза. Федеральни эскарийн векалш баьхкира Дидаев СаьIид вехачу Соьлже. Хетарехь, бIе гергга стаг вара бронетехникица юьрта чу веанарг. Юьрта юккъе кхоччушехь эскарийн векалш урамашкахула дIасабекъабелира… Дукха хан ялале зударийн тийжар, маьхьарий хаза дуьйлира. Шен кертара аравала цхьа а ца ваьхьара. Салташа чехадора адамаш. Зударий, бераш ца къестош, маьттаза бага еттара… Цу дийнахь кхойтта кIант вийра Соьлжера, бехк-гуьнахь доцуш. Нехан чуьра сал-пал дIаяьхьира. Чуьра дIакхехьна тIелхигаш цхьанна а дага ца йогIура. Литтина деши санна болу кIентий бара, байъина охьакхийссина. Массарел холчахь вара къена журналист. Цунна дуьххьара гуш яра и тайпа акхаралла.
1995-чу шеран 9-чу февралехь соьлжахой, бехк боцуш, къинхетамза шайн дайъина бераш дIадухкуш бара. Ткъа 10-чу февралехь къена журналист Дидаев СаьIид, Iуьйранна итт сахьт даьллачул тIаьхьа, ша вехачу кертара араваьлла, микрорайонехьа дIаволавелира. ТIеман хенахь, Кировн цIарах болчу проспектаний, Тухачевскийн цIарах болчу урамний юккъерчу микрорайонехь йолчу базарахь журналисташ гуллора, дерг- доцург вовшашка хьахо а, наха дуьйцачуьнга ладогIа а. Кест-кеста, гена воццуш, Соьлжехь Iаш волу Дидаев СаьIид вогIура царна тIе. ХIинццалц-м, наха хIун дуьйцу-те олий, бахбеллачу тIамна са бIарзлой кхочура иза цу метте. Ткъа 10-чу февралехь цуьнан кхин Iалашо яра. Цхьана дийнахь кхойтта стаг вийна Соьлжехь хIоттийначу тезетах дерг журналисташка дIахаийта араваьллера иза.
Дидаев СаьIидан лаам кхочуш хила боьгIна ца хиллера. Тухачевскийн цIарахчу ураме иза схьакхоччушшехь, Iодара яьлча санна хаьхкина йогIучу федеральни «Урало» вожийра журналист. Цецбевллачу наха дуьхьала хьаьвдда сацийра машен… Цунах хила пайда-м бацара. Машен чохь болу салтий, даима санна, бехна бара, шаьш хIун леладо хууш бацара. Iаламат чехка йогIучу машено юьстахкхоьссинчу СаьIидан, корта лазийначух тера дара. Лоьраш тIекхачале иза дIавелира. Кхин а цхьана оьздачу къонахчунна къиэделира нохчийн латта. Иза вевзанчийн дегнашкахь массо ханна даха дисина СаьIидан сирла амат.
ГАЗИВА АЗА