«Бенара бIаьсте» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестивалан гурашкахь дIахьош ю къоначу яздархойн говзарийн конкурс. Цунах лаьцна хаам бо «Бенара бIаьсте – 2019» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестивалана кечамбаран а, иза дIаяхьаран а вовшахтохараллин комитето.
Конкурсехь дакъалаца йиш ю Нохчийн Республикехь бехаш болчу, 35 шаре кхаччалц хенаш йолчу къоначу авторийн.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо хаам ма-барра, конкурсе шайн говзарш яхкийта йиш ю чиллин (февраль) беттан 22-чу дийнера оханан (апрель) беттан 30-чу дийне кхаччалц йолчу хена чохь.
Почтин хIокху адресца дIаяхьийта еза заявкаш: 364051, Соьлжа-ГIала, Пушкинан урам, 6, Нохчийн Республикин Яздархойн союз я хIокху электронни адреса тIе: konkurs.poetov@mail.ru.
Конкурс дIахьур ю 6 муьрехь. ЖамIаш дийр ду 2019-чу шеран хIутосург (май) бутт юккъе бахча.
Экспертийн комиссис къастор ю оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйина йолу тоьлла говзарш.
Конкурсан вовшахтохархой: проектан куьйгалхо – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместитель Байсултанов Идрис, конкурс дIаяхьарна жоьпалле верг – Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта.
Экспертийн комиссин декъашхой: Россин Яздархойн союзан декъашхо Ахмадов Муса, Россин Яздархойн союзан редактор Ирисханов Iимран, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан декъашхо Ахматукаев Адам, республикин «Даймохк» газетан коьрта редактор, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Шамсудинов Бувайсар, Россин Яздархойн союзан декъашхо Халикова Асет.
Конкурсан толамхошна совгIаташ дийр ду Сийлаллин грамоташца а, ахчанца а.
Иштта, арахоьцур ю авторша схьабахкийтинчу белхех экспертийн комиссис схьахаьржинчу байтийн гулар.
Гулар йовзийтар дIахьур ду хIокху шеран чаккхенехь, А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь, «Бенара бIаьсте – 2019» хIорашеран халкъан кхоллараллин фестиваль схьайоьллучу дийнахь.
Вовшахтохархоша дийцарехь, конкурсан Iалашо ю похIме къона авторш билгалбахар, къоначу авторийн кхидIа а кхиа таро хилийтар, шуьйрачу юкъараллин тидам кхузаманан поэзина тIе бахийтар.
I.ТЕРЛОЕВ
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо