ХIокху деношкахь Лагань гIалахь (ГIалмакхойчоь) дIаяьхьира Россин ФКиС-н хьакъволчу белхахочунна В.Алихановна лерина кегийрхошлахь греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула схьайиллина турнир.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.
Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: Даудов Амирхана (25 кг.), Товсултанов Малика (57 кг), шолгIа меттиг – Ковраев Малика (65 кг.), кхоалгIа меттиг – Заураев Ислама (65 кг.), Борзаев Хьамида (65 кг.).
– Лагань гIалахь вайн спортсменаш чIогIа дика тIеийцира. Иштта, ша турнир а яра дика кечам бина, – элира республикин хьакъволчу тренера Тулаев Беслана.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: М.Батаев, Т.Арсанукаев, У.Товбулатов.
Карарчу хенахь спортсменаш кечам беш бу, кестта Нальчикехь (КБР) хинйолчу СКФО-хь хьалхеяккхаран турнирана.
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо