Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан совгIат дина техникин университетехь бекарг (март) беттан 3-чу дийнера оханан (апрель) беттан 24-гIа де тIекхаччалц дешархойн предметийн олимпиада хир ю. Иштта хаам бо мехкадаьттан университетан пресс-службо.

Олимпиада дIахьош ерг Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университет ю.
Цигахь дакъалаца аьтто бу юккъерчу дешаран учрежденийн 11-чу классийн дешархойн. Иза дIаяхьаран коьрта мотт оьрсийн бу.
Цуьнан йозанан цхьа мур хIокху предметашкахула: математика, хими, географи, информатика, физика, обществознани.
Олимпиада дIаяхьаран коьрта Iалашо ю юкъарчу дешаран учрежденийн дешархойн кхоллараллин хьуьнарш гучудахар а, Iилмане безам кхоллар а, дешархошна мехкадаьттан техникин университето кечбечу говзанчех дерг довзийтар а, кегийрхошна юкъара мелла а жигара берш, университетехь деша боьлхуш къаьсттина дика хаа еза предметаш кIорггера Iаморна тIе ойла яхийтар а.
Олимпиадин толамхошна а, совгIатхошна а Сийлаллин грамоташ а, сертификаташ а лур ду, мехкадаьттан техникин университете деша боьлхуш оьшуш йолчу рекомендаци тIехь дешархочо Олимпиадехь шен хаарш теллина предмет билгал а йоккхуш.
Дакъа а лаьцна, амма толамхойн а, совгIатхойн а могIаршка ца кхаьчначарна Сийлаллин грамоташ лур ю.
Дешархойн олимпиада дIаяхьаран хан: Хими – бекарг беттан 3-гIа де, Математика – бекарг беттан 24-гIа де, Физика – бекарг беттан 31-гIа де, Обществознани – оханан беттан 7-гIа де, Географи – оханан беттан 24-гIа де.
Олимпиадин хьокъехь болу хаамаш хIокху контактаца хаа йиш ю: 8(928)022-79-87 – Дагаев Ихван.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо