Нохчийчуьрчу СПИД-туьшана совгIат дина

Бекарг (март) беттан 12-чу дийнахь Санкт-Петербургехь дIаяьхьира Россин могашаллаIалашъяран министерствон ВИЧ-инфекцина профилактика яран а, дарба даран а профильни комиссин кхеташо.

ДIадаханчу 2018-чу шарахь Россин Федерацехь СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а белхан жамIаш дира кхеташонехь.

Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон СПИД-ца къийсам латторан а, профилактика яран а республикин туьшан белхан лаккхара мах хадийна оцу кхеташонехь Россин могашаллаIалашъяран министерствон ВИЧ-инфекцина профилактика яран а, дарба даран а профильни комиссин куьйгалло.

СовгIат оцу туьшан коьртачу лоьре Муртазалиев Хьамзате дIаделла. Иштта хаам бо Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствос социальни инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: Муртазалиев Хьамзате совгIат дIадалар

№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: