А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Арсанов СаьIид-Бейн «Маца девза доттагIалла» роман нохчийн маттахь шолгIа а араялар билгалдаьккхира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Гудаев Лоьма, фольклорист, публицист, филологин Iилманийн доктор, профессор Джамбеков ШаIрани, политикин, Iилманан, кхоллараллин интеллигенцин векалш.
Суьйре дIахьош вара Соьлжа-ГIалин «Книжное издательство» пачхьалкхан унитарни предприятин куьйгалхо Матаев Анзор.
Арсанов СаьIид-Бейн 130 шо кхачарна лерина цо куьйгалла деш йолчу издательствос, нохчийн маттахь шолгIа зорбане яьккхина «Маца девза доттагIалла» роман.
Авторх а, романах а лаьцна доцца дийцира А.Матаевс: «Арсанов СаьIид-Бей ву дуьххьара нохчийн, гIалгIайн литературехь эпически йоккхачу кепан берриге а лехамашна жоп луш йолу роман язйинарг. «Маца девза доттагIалла» романан хьалхара вариант ларалуш ю «Ши тIаьхье». Турпалхойн васташ, сюжетан зIенаш тIеюзуш, идейниис баьхьа ллин чулацам кIаргбеш болх бина автора шен произведени тIехь. «Маца девза доттагIалла» роман оьрсийн маттахь араяьлла 1956-чу шарахь Алма-Атахь. ХIХ–ХХ бIешераш хотталучу муьрехь, Нохчийчоьнан юкъараллин дахарехь хилла социальни хьелаш гайтина яздархочо шен романехь. Къинхьегаман халкъо, тайп-тайпанчу къаьмнийн векалша паргIатонехьа латтийна къийсам гайтар ду романехь коьртаниг. Къаьмнашна юкъахь доттагIалла кхолладаларан а, иза чIагIдаларан а хьелаш гайтина автора».

Яздархочо шен романехь шуьйра пайдаэцна халкъан барткхоллараллах. Цунна кIорггера евзара нохчийн фольклор.
Арсанов СаьIид-Бейс арахецна къоман бартакхоллараллин ши гулар. «Маца девза доттагIалла» романехь халкъан барта произведенех пайдаэцар гуш ду.
Фольклоро гIо до авторна къоман ламасташ, гIиллакхаш, оьздангалла йовзийта, адамийн ойланехь дерг гучудаккха, церан лаамаш, сатийсамаш гайта, халкъан дахаран къеггина долу суьрташ дахка.
– «Маца девза доттагIалла» роман нохчийн маттахь дуьххьара 1963-чу шарахь араяьллера, хIинца иза шолгIа араялар, вайна, ешархошна доккха совгIат ду. Нохчийн мотт кхиорехь доккха дакъа лоцу историх йоьзначу литературо, – элира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас.
Ш.Джамбековс Арсанов СаьIид-Бейн дахарх, кхоллараллах лаьцна, иштта, дийцира: «Оьрсийн маттахь язйина Арсанов СаьIид-Бейс шен произведенеш, амма чулацамца, идейни-исбаьхьаллин башхаллашца нохчийн къоман литературин говзарш ю уьш. Шен дахар къоман литература, культура кхиорна дIаделлачарах ву яздархо. «Маца девза доттагIалла» романан шолгIачу книги тIехь болх беш хилла иза. Цхьа кIеззиг долу дакъош зорбанехь ара а девллера. Схьахетарехь, яздархо, романан шолгIачу книги тIехь революци хиллачул тIаьхьа вайн махкахь керлачу дахарехьа къинхьегамца къийсам латтор, ма-дарра, шуьйрра гайта дагахь хилла хир ву. Амма шен Iалашо кхочушъян ца кхиъна иза. СаьIид-Бейн дахаран некъ хедира 1968-чу шеран мангалан (июль) беттан 12-чу дийнахь».
Нохчийн Республикин халкъан артисташа Межидов Сахьаба а, Гадаев Валида а иллеш аларца хазйира суьйре.
ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ
№21, бекарг (март) беттан 19 де, 2019 шо