Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Лараме махкахой!

Ялхитта шо хьалха нохчийн халкъан кхолламехь Iаламат мехала хилам хилира. Цо хийцира цуьнан дахар, кхоллам. 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь тIеийцира Нохчийн Республикин Конституци.

Дерриге а халкъо кхаж тасарца Коьрта закон тIеэцар вайн халкъан оьмарехь баккхий хийцамаш хиларан юьхь хилла дIахIоьттира. Керлачу новкъа хIиттар а дара иза. Референдум дIаяхьа езар юкъадаьккхина а, Коьртачу законан автор а волчу Кадыров АхьмадХьаьжас ондда бух боьттира Нохчийн Республикин Конституцина.

И хилам хилар бахьана долуш Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолу субъект хилла дIахIоьттира республика. Референдумо совцийра Нохчийн Республикин статусан хьокъехь долу хабарш. Референдумехь дукхахболчу бахархоша хаийтира шаьш Россина юкъахь даха лууш хилар. Иза нийса сацам бара. Нуьцкъалчу пачхьалкхана юкъахь а долуш бен вайга Iалашбалур бац ненан мотт, вайн гIиллакхаш, Iадаташ, ламасташ, уггаре а коьртаниг – вешан дин.

Оцу документо таро елира Iедалан республикин а, меттигера а органаш вовшахтоха, МВД а, бакъонашларъяран кхин структураш а кхолла, галморзахаллаша декъна хиллачу халкъана юкъахь барт барна юьхь йолийра, меттахIитто йолийра йохийна хилла гIаланаш, ярташ, республикин-къинхьегамхочун сийлахь цIе.

Саьлнашка ерзийна хилла гIаланаш, ярташ тойина, хазйина, къагийна дIахIиттийра вай. Некъаш дехкира, газ, хи, электросерло ялийра уггаре а халачу меттигашкахь йолчу ярташка. Вай хIинца а бIеннаш керла гIишлош еш, бахархошна баха бегIийла хьелаш кхуллуш ду вайн регион кхиоран, токхе яран, цуьнга зазадаккхийтаран некъаца хьалхахьа а доьлхуш. И некъ кхиаре боьдуш бу. Шеко йоццуш, цунна оьшучунна кхачоеш ду Коьрта закон. Цуьнца ехаш ю республика.

Нохчийн Республикин Конституци тIеэцначул тIаьхьа ялхитта шо дIадаьлла. Оцу хенахь вуно баккхий хийцамаш хилла Нохчийн Республикехь. Лардеш ду законаш, чIогIа къепе ю.

Республика социальни а, экономикин а дакъошкахь кхуьуш ю. Нохчийчоьнан бахархоша жигара дакъалоцу регионан а, мехкан а юкъараллин-политикин дахарехь.

Хьомсара махкахой! Даггара декъалдо шу Нохчийн Республикин Конституцин дезачу денца! Лаьа шу могаш-маьрша, зовкхе дехийла!


№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: