Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Веданан кIоштарчу МахкатIе юьртана уллехь, Iаламо шен исбаьхьалла комаьрша гайтинчу башхачу меттехь ян йолийна реабилитацин туш йолчохь хилира.

2018-чу шеран оханан (апрель) баттахь ян йолийна ю иза. Ткъа хIокху шеран гIуран (декабрь) баттахь йина ялийта езаш ю. Иштта декхар ду гIишлошъярхошна хьалха хIоттийнарг.
Могашалла тояран а, меттахIотторан а кхузаманан хIокху туьшахь дарбанаш дан таро хир ю когаш, настарш, голаш лозучарна, сомантикин цамгарш йолучарна.
Оцу проектан инвестор ву Абдулазизов Майрбек. Цо дийцира туш ярца боьзна белхаш муха дIабоьлхуш бу: карарчу хенахь дIахьош ду тхевнаш тахкар.
Туьшахь еш йолчу шишша гIат долчу шина корпусехь болх беш 30 стаг ву. Царна юьззина кхачо йина оьшуш йолчу техникица а, гIирсашца а, коьчалшца а. Цундела болх, эрна сецарш доцуш, дика дIабоьду.
Цо дош делира могашалла меттахIотторан туш билгалйинчу хенахь йина ялийта. Иза билггал иштта хирг хиларх тешна а вара М.Абдулазизов.
Туьшо дIалоцуш ерг 20 гектар меттиг ю. Корпусийн юкъара майда 3 эзар гергга квадратан метр ю. Йина яьлча, туьшана кхачойийр ю кхузаманан медицинин а, реабилитацин а тоьллачу гIирсашца.
Дархойн могашалла чIагIъярна гIо дийр ду кхузаманан спортзало а, бассейно а. Реабилитацин туш йина яьлча, кхузахь 100 стагана болх бан меттиг хир ю.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира инвесторна а, гIишлошъярхошна а хьанал болх барна. И проект кхочушъярехь церан баккхий кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира цо.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира вайн республикехь лаккхара технологийн медицинин гIо дар кхиоран декъехь кхочушъеш яккхий проекташ хилар.
МогашаллаIалашъяран шо дIакхайкхоро хьалха хIиттийна декхарш кхочушдан аьтто бийриг хиларх ша тешна хилар а хаийтира регионан Куьйгалхочо. Цуьнан тешам бух боцуш а бац.
Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь а, ткъа иштта, цхьамогIа кIошташкахь а лаккхарчу эвсараллица, сихачу боларшца дIахьош ду могашаллаIалашъяран учрежденеш яр. Цуьнца цхьаьна боккха болх дIахьош бу лоьрийн говзалла лакхаяккхаран декъехь а.
Д.АНАДЕВ
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо