«ГIирмин бIаьсте» фестивалехь дакъалецира 10 эзар стага

Бекарг (март) беттан 17-чохь Соьлжа-ГIалин коьртачу майданахь дIаяьхьначу «ГIирмин бIаьсте» фестивалехь дакъалецира 10 эзар сов стага. Иза лерина яра ГIирма а, Севастополь а Россех схьакхетта 5 шо кхачаран юбилейна.

Фестивалехь дакъалаца баьхкинчарна юкъахь Iедалан а, юкъараллин а векалш хилла ца Iаш, Iеламнах а, кегийрхойн боламийн жигархой а, студенташ а, бахархой а бара.

Царах дукхахболчара тIехь йозанаш долу аннаш а, Россин а, Нохчийчоьнан а, ГIирмин а байракхаш а еанера. Фестивалан гурашкахь нохчийн эстрадин концерт хIоттийна ца Iаш, спортан программа а дIаяьхьира.

Концертан хьокъехь аьлча, шайн говзалла гойтуш эстрадин артисташ, вокалан а, хореографин а тобанаш яра.

Делахь а, дакъалацархойн къаьсттина тIе тидам баханарг спортан программа яра – муш дIасаозор, йозалла хьалаайар, армрестлинг, и.дI.кх.а.

Спортан программин гурашкахь дIадаьхьначу къийсадаларшкахь толам баьккхинчарна мехала совгIаташ дира. Дадаев Мохьмадна (йозалла хьалаайарна), Турлуев Мусана (армрестлинг), «Спортан школа «Богатырь» командина (муш дIасаозор).

Дагадоуьйту ГIирма (республика) а, Севастополь (гIала) а Россех схьакхетаран хьокехь болу барт 2014-чу шеран бекарг (март) беттан 18-чохь бина хилар.

ВАЧАЕВ Раджап
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: