гергарчу баттахь Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон туьше кхаьчнарг.
Кху деношкахь къоначу суьрташдахкархочун Яхиханов Рустаман белхийн «Дагалецамаш къаьстачохь» («Перекрестки памяти») цIе йолу гайтам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь. Ши шо хьалха ша Кхузаманан искусствон туьше веанчу хенахь дагалаьцна яра Рустама вайнах махках бахарна лерина проект. ХIетахь дуьйна шен кхиболчу балхе хьаьжна доцуш, вайн къам дохоран лазам гойту суьрташ дахка волавеллера къона суьрташдахкархо.
1944-чу шеран 23-чу февралан ирча хилам ца бевзаш цхьа а хир вац вайна юккъехь. 71 шо кхаьчна СССР-н куьйгаллехь хиллачу Сталинан омрица нохчий а, гIалгIай а шайн Даймахках баьхна. Шайн хIусамашкара арабаьхна, яахIума, тIедуха, когадуха схьа ца оьцуьйтуш, тишачу вагонаш чу ховшийна, Казахстане Юккъерчу Ази дIабигира бехк боцу нах. Жима а, воккха а ца къестийра оцу къизачу дийнахь. Цул тIаьхьа 13 шо даьлча бен Даймахка цIаберза бакъо а ца елира дIабохийначарна. И хала а, къиза а хан гайтина Яхиханов Рустама шен 14 суьртехь. Оцу суьрташкахь го махках даьккхинчу къоман иэс, лазам, кхерам, тешам, бала. Историн хиламаша йийсаре бинчу нехан иэс лардан дезаш хилар дуьйцу вайна суьрташдахкархочо.
Яхиханов Рустам 1986-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина ву. 2005–2011-чуй шерашкахь Санкт-Петербургехь И.Е.Репинан цIарах йолчу живописан а, скульптурин а, архитектурин а пачхьалкхан академехь дешна цо, монументан живописан пхьалгIахь академикан А.Быстров куьйгаллехь волуш суьрташ а дехкина. «Сан дай баьхна латта» цIе йолу Рустаман дипломан болх хьовсархоша хазахетарца тIеэцна а, Пачхьалкхан аттестацин комиссис хасторца билгалбаьккхина а бара. Карарчу хенахь лакхахь йийцинчу Исбаьхьаллин академин Кхоллараллин пхьалгIахь академик В.Мыльникова куьйгаллехь волуш болх беш ву нохчийн къона суьрташдахкархо. Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, дозанал арахьа а дуккха а гайтамашкахь дакъалаьцна ву иза.
ТIаьххьара гайтаме даьхначу белхашца дIаяханчу генарчу замане кхачаво Рустама шен суьрташна хьожуш верг. Суьрташ даккхий хилла ца Iаш (царех цхьадерш ши метр сов локхалла а, шоралла а йолуш ду), шатайпанчу «маттахь» дехкина ду. Цхьатерра гIийла васташ, сирла басарш цахилар, гIайгIане бIаьргаш… Хьанал дуьне диъна, шен латта тIехь дIакхалха хьаьгначу воккхачу стеган бIаьргаш… ХIинц-хIинца когадахна, дуьне довза доладелла долчу беран цецдалар а, гIайгIа а. Доьзална дан гIо доцуш йисинчу ненан мохь-орца а… Оцу бIаьргаш чу хьаьжча, генарчу шийлачу февралан мох дегIах хьаьрча, бехк боцуш беллачийн, «къематде» хьегначийн аьзнаш лерехь дека, дайша лайна бала бIаьргашна хьалха хIутту ша ма-барра. Иштта говза дехкина Яхиханов Рустама шен суьрташ. Дукхахдолчарна тIехь вагонаш чу ховшийна, дIабохочу нехан юьхь-сибаташ, кешнаш, доIанашкахь куьйгаш айбина баккхий нах а бу. Цхьа сурт ду массарна юкъахь къаьсташ: балано хьовзийна, куьйгашца корта лаьцна цIенкъахь Iаш ю нана; цунна хьалха Iуьллу кIентан куй. Кхечу суьрта тIехь тIом бина цIавеана салти ву ша цхьаъ лаьтташ, яссаеллачу шахьаре хьоьжуш… Дикка хьаьжча бен гур а доцуш, хиндолчух дегайовхо кхуллуш, кегий хьозарчий ду цхьадолчу суьрташ тIехь. Вайнехан къоман йицлурйоцу истори ю иза.
Гергарчу баттахь Яхиханов Рустаман «Дагалецамаш къаьстачохь» цIе йолчу гайтаме хьовса таро ю Кхузаманан искусствон туьшахь. Цуьнан адрес: Соьлжа-ГIала, В.Путинан цIарах проспект, 20-гIа цIа.
А.МУСАЕВА