Уфара – толамца

Россин Премьер-Лигин 20-чу турехь Нохчийчуьра «Ахмат» команда Башкортостанан футболан коьртачу командица – «Уфаца» левзира.

ТIаьхьарчу пхеа ловзарехь толаман чам бовза аьтто ца баьлла болу уфимхой матчан хьалхарчу миноташкахь дуьйна жигара ловза буьйлабелира. Гол тоха дика аьтто белира Л.Бизякан а, цул тIаьхьа О.Ванекан а. Делахь а, оцу аьттонах буьззина пайдаэца говзалла ца тоьира цу шинна.

Хьалхарчу тайман тIаьххьара миноташ а «Уфан» футболисташа вайн командин кевна гергахьа дIаяьхьира. Амма серлонан табло тIера терахьаш кхин хийца ца луш, садаIа бахара футболисташ.

ШолгIачу таймана юьххьехь дуьйна хьалхалера жигаралла хаалуш яцара хIусамдайн ловзарехь. Гол тоха аьттонаш а бацара. Кхин чуьрабевлла хьийзаш бацара «Ахматан» футболисташ а, наггахь ира тIелатарш деш хиллехь а.

Иштта, матчан 72-чу минотехь хIусамдайн гIуданан майданахь, шега кхаьчна буьрка, кхин ойла еш ца Iаш, чIоггIа «Уфа» командин кевнехьа туьйхира вайн А.Швеца. Иза схьалаца аьтто ца белира голкиперан А.Беленовн – 0:1.

Цул тIаьхьа, 4 минот яьлча, буьрканца ша цхьаъ А.Беленовна дуьхьал нисвелира М.Аблай. Делахь а, буьрка голкиперан нийсса кара дIаелира цо, кевнан соне дIа ца тухуш. Кхин хIусамдайн са ца гатдира «Ахматан» футболисташа.

Бакъду, «Уфа» герга яра тIаьхьарчу миноташкахь гол тохарца жамI хийца. Цуьнан футболиста О.Тилляс тоьхна буьрка, кевнан дукъох а кхетта, дIаяхара, вайн кевнахочун Е.Городовн ирсана.

Цу тайппана, жамI 0:1 долуш, хьошалгIахь толам баьккхира «Ахмато». РогIерчу турехь, бекарг (март) беттан тIаьххьарчу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Москварчу «Спартак» командин футболисташца ловзур бу вайн футболисташ. Футболистийн къовсам хилла ца Iаш, тренерийн къовсам а хир бу иза.

Хь.САЙДАЕВ
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: