«Вахар зовкх ду» передачин автор Нохчийчохь хилира

МогашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан цхьаьнакхийтира Москварчу Н.Пироговн цIарахчу Россин талламан медицинин университетан факультетски педиатрин кафедрин заведующи а, медицинин Iилманийн доктор а, профессор а, Россин телевиденин хьалхарчу каналехь дIахьочу «Жить здорово» передача дIахьош а волчу Продеус Андрейца. Вевзаш волу лор Нохчийн Республике Сулейманов Эльхана кхайкхина веана вара.

А.Продеуса Л.Глинкин цIарахчу республикин берийн клиникехь «Иммунодефицитное состояние в практике врача-педиатра» лекци йийшира, цул сов, берийн республикин больницехь дарба деш долчу берашка а хьаьжира.

Министерствехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь министра а, Москвара веанчу профессора а цхьамогIа гIуллакхаш дийцаре дира.

Царна юкъахь коьртачех дара Л.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин болх кхин а эвсаре бина дIахIоттор. Оццу республикин больницехь схьаелла леринчу инфекционни отделенехь дан дезачух шена хетарг элира хьешо.

Иштта, коьртачех дара диагностикин лабораторин болх кхиорах дерг а, лабораторин медицинин гIирсех дерг а. Оцу чохь болх бан оьшу говзанчаш Москварчу медицинин туьшашкахь кечбарх дерг а дийцира цара.

Республикехь 2019-гIа шо МогашаллаIалашъяран шо кхайкхорца доьзна дан дезачух а лаьцна дийцира.

Суьрта тIехь: Э.Сулеймановн а, А.Продеусан а цхьаьнакхетар
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: