Грозненски кIоштарчу Аьхкин-Борзехь йолу амбулаторин гIишло 1960-чу шарахь йина яра. Болх барна оьшу хьелаш доцуш, тишъелла яра иза. ХIокху деношкахь керлачу гIишло чохь схьайиллина иза.

КIоштан бахархойн медицинин хьашташ кхочушдан аьтто хир бу кхузаманан лехамашца йогIуш йинчу керлачу амбулаторехь.
Сирла, хаза кабинеташ, аьхна йийбар, керла дIахIиттийна медицинин гIирсаш, оцу дерригено а дикка а аттачу боккхур бу лоьрийн болх а.
Керла амбулатори республикин МогашаллаIалашъяран министерствос Грозненски кIоштан администрацица цхьаьна йина.
Медицинин учрежденина юкъа йогIу: дийнахь-бусий 75 стаг тIеэца аьтто болу поликлиника а, ткъа иштта, 20 маьнга болу стационар а.
Керла амбулатори схьайоьллуш МогашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана билгалдаьккхира: «Грозненски кIоштан бахархойн, Аьхкин-Борзехь Iачу нехан муххале а, шайн медицинин хьашташ кхочушдарна оьшу хьелаш кхоьллина хIокху амбулаторехь. Оьшуш йолу техника, медицинин гIирсаш бу».
Министра декъалйира медицинин учрежденин коллектив а, Аьхкин-Борзан бахархой а амбулатори схьаелларца.
Э.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: Аьхкин-Борзехь керла амбулатори схьаеллар
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо