2019-гIа шо Россин Театран де кхайкхийна вайн пачхьалкхан Куьйгалхочо В.Путина. Цуьнца доьзна алссам фестивалаш, конкурсаш, хьажарш дIадахьа лерина ю Россин культурин министерство.

Бакъдерг дийцича, царах цхьаерш хIинцале а дIаюьйлаелла. Республикин театраш, Дала мукъ лахь, юьстахюьсур яц царна. 90 шаре герга кхочучу кхоллараллин некъа тIехь шен юьхь, хатI, башхалла йолуш ю нохчийн къоман театр. Тахана а ду иштта. Ткъа юьхьанца къоман театрах, хIинца санна, дозалла дойла яцара вайн.
Доккха зен, ямарт тохар дира 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках бахаро. 14 шарахь къевлина лаьттира Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран неIарш.
1958-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 27-чу дийнахь Ошаев Халидан «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь хIоттийначу спектаклан премьерица схьайиллира уьш. Иза боккха кхаъ бара къоман театр езачу махкахошна, дукха хьовсархой бара цу дийнахь премьере гулбелла.
Хье ца елира къоман театрехь шолгIа премьера. Иза хилира 1959-чу шеран чиллин беттан 21-чу дийнахь. Цуьнан цIе яра «Уггаре а хьомениш».
ГIараваьллачу нохчийн яздархочо Музаев Нурдис язйинчу пьеси тIехь яра иза. Нохчийн къоман дуьххьарлерчу режиссера Батукаев ХIарона хIоттийна яра спектакль.
Кавказерчу къаьмнашна юкъарчу вежараллин доттагIаллех яра пьеса а, цуьнан буха тIехь хIоттийна спектакль а. ТIаьхьо нохчийн къоман дозалла хилла дIахIиттина актераш бара спектаклехь дакъалоцуш: Зубайраев ЯрагIи, Чимаев Хьамид, Дениев Iаьлви, Гулиев Султан, Исаева Асет, Хакишева Хьава, Алиева Тамара, Исакова Зина, Ташухаджиева Асет, Мустапаева Хьулимат, иштта дуккха а кхиберш.
Сирлачу басаршца кхоьллинчу васташкахь цара дуьйцура вайн махкарчу юьртабахамах, шовда санна хьаьъначу безамах, хьаналчу къинхьегамах, вежараллин доттагIаллех. Дуккха а зевне эшарш, иллеш, шовкъе хелхарш долуш, самукъане спектакль яра иза.
Ехха лаьттира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран репертуарехь, мел хьежарх кIорда ца еш, хьовсархоша тIелаьцна спектакль яра «Уггаре а хьомениш» 60 шо хьалха.
Тахана а нохчийн къоман башхачу культурин сирла цхьа агIо хилла иэсехь карлаюьйлу иза, дагалецамашкахь уггаре а хьоме хьеший дIаихна денош дина.
А.АРАПХАНОВА
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо