ГIоьрдалахь Культурин цIа а, библиотека а йина

Гуьмсан кIоштарчу ГIоьрдалахь керла дина Культурин цIа а, библиотека а схьайиллира дукха хан йоццуш. И ший а учреждени цхьана тхов кIелахь дIатаръелла. Библиотека схьаелларх, къаьсттина, боккха кхаъ хилира юьртан бахархошна.

Библиотекин шен хIусам хиларал сов, хIинца книгийн фонд а алсамъяьлла, керла йийбар а эцна, оргтехника а дIахIоттийна.

Иза схьайоьллучу дикане баьхкира Гуьмсан кIоштан администрацин векалш а, ткъа иштта, луларчу ярташкарчу библиотекийн белхахой а.

Керла библиотека схьаелларца гIордалой декъалбира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран векалан аппаратера баьхкинчу хьешаша.

Нухажиев Нурдис гIолацарца меттахIоттийна книгаш Iалашйо чоь, книгашъешархойн хьелаш а тодира. Книгийн фонд тIеюзар а Н.Нухажиевн дIадолорца кхочушдина гIуллакх дара. Книгаш гулъяран акцеш дIаяьхьира кIоштахь: Гуьмсан кIоштан, ерриге ярташкара бохург санна, вовшахтуьйхира исбаьхьаллин литература, ткъа Iилманан-публицистикин литература Нухажиевс шен библиотекера схьаяийтира.

Библиотекаш мел дукха ярх а цкъа а сов хир яц Нохчийчохь. Вайниг санна долчу халкъан хIора юьртахь масех хилча а дика хир дара аьлла а хета уьш. ГIордалоша беркат оьцийла оцу библиотекехь йолчу книгех.

Дика хилам бу Культурин керла цIа а, керла библиотека а схьаеллар.

З.ХИЗИРОВА
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: