Нохчийн Республикин культурин министран Дааев Хож-Баудин тIедилларца, республикин Культурин а, искусствон а белхахойн говзалла лакхаяккхаран дешаран-методикин туьшо, В.Татаевн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан культурин а, искусствон а колледжаца цхьаьна П.Чайковскийн цIарахчу Дуьненаюкъарчу XVI-чу конкурсехь дакъалаца корматалла йолу бераш схьакъасторан II-чу муьран региональни конкурс дIаяьхьира.

«Вокал», «Фортепьяно», «Скрипка», «Виолончель», «Духовые инструменты» номинацешкахула дIахьош яра и конкурс.
Республикера а, кхечу регионашкара а тоьлла хьехархой бара жюрин декъашхой: Аштаркхан консерваторин лерринчу фортепьянон кафедрин доцент Михайлов Илья, оццу кафедрин профессор, лакхара хьехархо Барабанова Ирина, Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу деятель, вокалан хьехархо Шамилева Сацита, духови инструментийн хьехархо Магомедов Артур, иштта кхиберш.
Республикин цхьайолчу кIошташкара 15 шерашка кхаччалц хенаш йолу 30 бер дара оцу конкурсехь дакъалоцуш. П.Чайковскийн а, оьрсийн кхечу композиторийн а мукъамаш тIехь халкъан иллеш дIаэлира цара.
Жюрис II-чу муьран региональни конкурсехь хIора а номинацихула цхьацца финалист билгалваьккхира.
ХIокху шеран асаран (июнь) баттахь Москвахь а, Санкт-Петербургехь а дIахьонйолчу П.Чайковскийн цIарахчу Дуьненаюкъарчу XVI-чу конкурсан III-чу декъехь Нохчийн Республикин цIарах дакъалоцур ду оцу финалисташа.
Дагадаийта лаьа: П.Чайковскийн цIарах конкурс дуьххьара 1958-чу шарахь «Фортепьяно» а, «Скрипка» а номинацешкахула дIаяьхьна.
1962-чу шарахь «Виолончель» номинаци а тIекхийтира цунна.
1966-чу шарахь дIаяьхьначу кхоалгIачу конкурсехь «Сольное пение» божарийн а, зударийн а вокалан номинаци юкъаяьккхира.
2011-чу шарахь П.Чайковскийн 175 шо кхачарна лерина юбилейни XV-гIа конкурс дуьххьара Москвахь а, Санкт-Петербургехь а дIаяьхьира.
Оцу конкурсехь совгIатийн меттигаш яьхнарш, берриге а бохург санна, дуьненахь а гIарабевлла музыканташ бу.
ВЕГИЕВА Макка
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо