Литературин конкурс дIакхайкхийна
Республикин литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан редакцис оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхучу Нохчийн меттан денна леринчу даздаршна тIедоьгIна литературин конкурс дIакхайкхийна.
Литературин конкурсехь дакъалаца аьтто хир бу 35 шарера бовлазчу кегийрхойн.
Конкурс кхаа номинацехула дIахьур ю: поэзи, проза, публицистика.
Къоначу литераторша шайн говзарш «Орга» журналан редакце схьакхачо еза я зорба а тоьхна хIокху электронни адрес тIе схьатаса а мегаш ду: orgaqowsam@mail.ru.
Оханан беттан 10-чу дийне кхаччалц схьаоьцур бу конкурсана лерина белхаш.
Конкурсан жамIаш Нохчийн меттан де билгалдоккхуш, оханан беттан 25-чу дийнахь дIакхайкхор ду.
Ларбе мотт
Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос кхочушъечу «Ларбе мотт» проектан гурашкахь «Даймехкан Iалам поэзин могIанехь» байтийн конкурс дIакхайкхийна.
Конкурс вайн республикин кегийрхошна юкъахь дIахьош ю, хIора шарахь хуьлучу «Бенара бIаьсте» халкъан кхоллараллин фестивалана лерина. Байтийн конкурсехь дакъалаца кхойкху 30 шаре кхаччалц хенаш йолчу кхоллараллин кегийрхошка.
Конкурсехь дакъалаца лаам болчеран заявкаш бекарг (март) беттан 11-чу дийнера оханан беттан 15-гIа де тIекхаччалц схьаоьцур ю.
Цигахь тоьлла белхаш баннершна тIехь, авторан цIе билгал а йоккхуш, зорбане бохур бу «Бенара бIаьсте – 2019» халкъан кхоллараллин фестивалан поэзин гайтамехь.
№22, бекарг (март) беттан 22 де, 2019 шо