Нохчийчохь Литературин шо билгалдаккхарх дуьйцу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас
Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран указца 2015-гIа шо Литературин шо аьлла дIакхайкхийна вайн махкахь. Цуьнан Iалашо ю юкъараллин тидам исбаьхьаллин литература ешарна тIебахийтар. Цуьнца доьзна карарчу шарахь Россин хIора регионехь дIадахьа билгалдина дуккха а гIуллакхаш ду.
Жигара болх бан ойла ю вайн республикехь а, цу декъехь беш массо а агIор кечамаш а бу.
Хазахетарца билгалдаккха лаьа, вайн республикехь, Делан къинхетамца, 2014-гIа шо литературина беркате деана хилар. Нохчийн литературин исторехь цкъа а ца хиллачу кепара книгаш арахецна Яздархойн союзо кху тIаьхьарчу шерашкахь. Хиллачу тIемаша вайн махкахь массо а агIор литературина дина зен ма-дарра тидаме эцча, иза мехала а ду. Киоскашкахь а, библиотекашкахь а карош йоцу мехала книгаш ю юха арахоьцуш.
ХIун болх бан кхиъна Яздархойн союз 2014-чу шарахь? ХIун кечамаш беш бу цу союзан белхахой Литературин шарна? Оцу а, кхечу а хаттаршна жоьпаш делира Нохчийчоьнан Яздархойн союзан правленин председатела Ибрагимов Кантас.
– Канта, Яздархойн союзана муха деара 2014-гIа шо, шаьш дагалаьцнарг кхочушдан ницкъ кхечирий шун?
– Яздархойн союзан Iалашо ю республикехь долу литературни хьал кхиор а, язъеш болчу нахана накъосталла дар. Нохчийн литература кхиорна вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къаьсттина тидам тIебахийтина. 2014-чу шарахь Яздархойн союзо 30 сов книга араяьккхина, уьш нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь ю. Царна юкъахь вайн гIарабевлла яздархой а, иштта къона яздархой а бу.
ДIадахначу шарахь М.Лермонтовн юбилей яра. Цунна лерина ерриге а Россехь гIуллакхаш дира. Нохчийн Яздархойн союзо октябрь баттахь Культурин министерствоца цхьаьна, оьшучунна тIехь гIо деш Кегийрхойн гIуллакхийн министерство а яра, фестиваль йира цунна лерина. Цул сов, М.Лермонтовх лаьцна кхо книга арахийцира: М.Джебировн «За стеной Кавказа»; шолгIаниг нохчийн яздархоша а, поэташа а гочйина Лермонтовн говзарийн гулар; кхоалгIаниг Берсанов Хожа-Ахьмада гочйина «Вайн заманан турпалхо» ю.
ДIадахначу шарахь Мамакаев Iаьрбин, Мамакаев Эдуардан юбилейш яра. Царна лерина Яздархойн союзехь а, Къоман библиотекехь а яккхий мероприятеш дIаяьхьира. Иштта Мамакаев Iаьрбин книга а арахийцира, цул сов, Москвахь Литераторийн цIийнехь, книгина презентаци а еш, нохчийн поэзин фестиваль вовшахтуьйхира.
Хазахеташ ду вайн къоначу ешархошна лерина литература арахеца йолор. ТIекхуьучу чкъурана бераллехь дуьйна марзъян еза къоман мехаллаш, цу юкъа, шеко йоццуш, литература а йогIу. Цунна тоьшаллина цхьа масал далор дара ас, дIадахначу 2014-чу шеран гурахь Германин Франкфурт-на-Майне гIалахь дIаяьхьначу книгийн ярмаркехь дакъалоцуш вара со. Цигахь боцуш а пачхьалкхан векалш бацара. Кху дуьнен тIехь а уггаре а йоккха ярмарка лоруш ю иза. Ас цига нохчийн берийн яздархойн: Ж.Махмаевн, З.Сулейманован, Э.Мамакаевн, иштта кхиболчеран книгаш яьхьнера. Дозанал арахьа Iаш болу нохчий баьхкира цига, цул тIаьхьа ас яьхьна книгаш тIапъаьлла ян а яйра (цара дIаийцира). ШолгIачу дийнахь, йоьлхуш цхьа нохчийн зуда еара суна тIе: «Берашна нохчийн мотт Iамо книга езара суна тIехь нохчийн мехкан сурт а, нохчийн мотт а, нохчийн поэзи а йолуш. Кхин яц хьоьгахь?» – бохуш. Ткъа соьгахь кхин яцара, дукха ца яхьаеллера соьга. Кегийчу берашна леринчу нохчийн книгашца долу хьал ледара ду, цунна тIе тидам бахийтина оха.
– Канта, дозанал арахьа бехачу нохчаша Даймахке са ца туьйсийла яц, нохчийн маттахь книгаш езачеран шуьца зIе юй?
– Шайн рицкъанаш цигахь нисдаларна, кхечу мехкашкахь бехаш болу нохчий цIа сагатдеш а, шайн къомах хьакхалуш долу хIума дагах кхеташ а хуьлу. Соьга хийла дехарш до книгаш яийтахьара бохуш. Нохчийчохь ара мел йолуш йолу книга, церан дехаршца. Оха царна йохьуйтуш а ю, масала, Франце, Германе, Бельги, иштта кхийолчу пачхьалкхашка.
– 2015-гIа шо Литературин шо аьлла дIакхайкхийна. Цу декъехь шаьш билгалйина Iалашонаш йовзийтахь?
– Литературин шо дIадахьаран Ерригроссин вовшахтохараллин комитетан декъашхо ву со, цуьнан председатель ву Россин Пачхьалкхан Думин председатель Нарышкин Сергей, Нохчий Республикин Куьйгалхочун указца Литературин шарна лерина болх банк кхоьллина республикин вовшахтохараллин комитет ю, коьртехь Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Абдурахманов Дукхваха а волуш. Оха план хIоттийна кху шарахь дан дезачун. Царех коьртачех цхьаъ ду хIора шарахь 25-чу апрелехь даздеш долу Нохчийн меттан де. Цуьнца доьзна школашкахь а, иштта лакхарчу дешаран учрежденешкахь а, яздархошца цхьаьнакхетарш дIахьо. Церан коьрта Iалашо тIекхуьучу чкъурана нохчийн мотт марзбар, къона яздархой бовзийтар ю. Карарчу шарахь Яздархойн союзан 85 шо кхочуш юбилей ю. Вайна ма-хаъара, 1929-чу шарахь Соьлжа-ГIалин белхахойн Литературин союз, ткъа 1930-чу шарахь нохчийн Яздархойн союз кхоьллина, цуьнан председатель Мамакаев Мохьмад хилла. Цунна лерина даздарш а хир ду. Кху шарахь а, хIора шарахь санна, дуккха а книгаш ю арахеца билгалйина, Яздархойн союзо хIинцале а зорбатоха дIаелла 5 книга.
Кегийрхойн гIуллакхийн министерствос, Яздархойн союзан гIоьнца региональни Къоначу поэзин а, прозин а фестиваль ю карарчу шеран май баттахь дIахьур йолуш.
2015-чу шеран гуьйранна, «Нохчийчохь – Россин литературин денош» аьлла, Л.Н.Толстойна лерина Россин фестиваль ю вайн республикехь дIаяхьа билгалйина.
Карарчу шеран март баттахь Парижехь книгийн гайтам бу дIахьур болуш. Цигахь Кавказан стенд кечъяр суна тIедиллина. Кавказан литература вовшахтухуш Дагестане, ГIалгIайчу, ГIебартойн-Балкхаройчу, иштта кхийолчу регионашка а зIе тоьхна. Дала мукъ лахь, цигахь вайн къоман а юьхькIам бан нийят ду тхан.
– Канта, ахь арахецначу «Академик Петр Захаров» цIе йолчу романан культурин а, историн а говзанчаша лаккхара мах хадийна. ХIХ-чу бIешарахь ваьхначу цу художникан белхаш къаьмнашна тахана а деза хеташ ду, цуьнан дахаран агIонаш а ю шен къайленаш ястаза. Цу книгехь керланиг дуй?
ТIедогIучу шарахь 200 шо кхочу Захаров Петран, и де билгалдаккха Яздархойн союз кечамаш беш ю. 2016-гIа шо «Захаровн шо» ду аьлла дIакхайкхадайта вайн республикин Куьйгалхочуьнга дахьийта кехаташ кечдеш а ду. И хан тIекхачале арахеца билгалйина цуьнан шолгIа книга хилар а ю. Цул сов, цуьнан массо а сурт тIехь долуш каталог а ю вовшахтухуш. 1818–1822-гIий шерашкахь Нохчийчохь Iийна ву и художник, и тIечIагIдеш кехаташ а ду тхоьгахь, цуьнан цIийнан сурт а ду. П.Захаровс шен дахар дийцина, цуьнан буха тIехь язйина ю М.Лермонтовс «Мцыри» поэма.
«Академик Петр Захаров» роман араяьллачул тIаьхьа дерриге а дуьненахь чIогIа гIараелира, дукха нах тхоьца зIене а бевлира, шений-шений цунах лаьцна хIара а, иза а хаьа бохуш. Захаровн кхолларалла толлуш болу болх цхьана а дийнахь сацийна бац. Художникица мел Iоттавеллачуьнга, цуьнца цхьаьна кхиъначуьнга, дешнчуьнга, цо сурт диллиначуьнга, церан массеран а архивашка – Москва, Санкт-Петербурге, Лондоне дехарш деш ду тхо.
Цу новкъахь дуьхьалонаш а, цатемаш а хуьлу, оха язйинчунна дуьхьал язъеш а хуьлу. Кхин цхьа хIума билгалдан лаьа суна, А. Пушкинан цIарахчу музейхь Алябинан сурт ду цо диллина, книга араяьллачул тIаьхьа иза цуьнан дац аьлла къийсам болийна. Со уьш болчу вахана цу хьокъехь къамел а хилла тхан.
П.Захаров кIезиг ваьхна, амма инзарваллал доккха хIума дан кхиъна иза шен 30 шарахь. Уггаре а тоьллачарех художник, яхь йолу нохчи хилла иза. Нохчийн мотт хууш я шен Даймохк дагабогIуш ца хилла. Шен а, шен ден- ненан а цIерш хууш ца хилла, амма шен тIамарх йоьлла нохчалла велла дIаваллалц дIакхехьна цо. Цуьнца цхьаьна дIавигначу поэтан Акбулат Розенан а 200 шо кхочуш ду. Цу поэтан книгина тIехь, Мурдалов Муслим жоьпалле а волуш, болх бу беш. Тхуна поэтан куьйгайозанаш а, иштта цо тIе куьг яздина 62 стихотворени а карийна Москвахь а, Санкт-Петербургехь а йолчу музейшкахь.
Дийнна институто кхочушбан безаш болх бара иза, амма Дала аьтто беш, кхиамаш бохуш, схьадогIуш ду тхо.
– Канта, хьан белхан хан яйинехь а, тхуна дуккха а мехала керланиг хии шун балхах лаьцна, Дела резахуьлда къамелехь дакъалацарна. Дала аьтто бойла шаьш дага мел лаьцнарг кхочушдан!
Интервью дIаяьхьнарг – Тапалаева Аминат