Парламентехь даздаран хьолехь дIабаьхьира Нохчийн Республикин Конституцин денна лерина гулам. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима, Парламентан Председатела Даудов Мохьмада.
Иштта цигахь бара 2003-чу шарахь Нохчийчохь Референдум дIаяхьаран а, цунна кечамбаран а координацин штабан хилла декъашхой, кхочушдаран а, законашдахаран а, суьдан а Iедалан органийн а, бакъонашларъяран структурийн а векалш, гIаланийн а, кIоштийн а администрацийн куьйгалхой, Нохчийн Республикин Iилманийн академин а, Яздархойн а, Журналистийн а союзийн а, политикин партийн а, юкъараллин а, кегийрхойн а боламийн а, Нохчийчохь дехачу халкъийн а векалш.

Кадыров Рамзана дагадаийтира дерригхалкъан референдум дIаяхьале хьалха вайн республика муьлхачу хьолехь яра.
Цо дийцарехь, хIетахь вайн махкахь хIоьттина политикин, социально-экономикин кризис яра. Оцу хенахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен халкъан хиндолчух жоьпалла шена тIе лецира.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира А-Хь.Кадыровс дерригхалкъан референдум дIаяхьаран гIуллакх дIадолор халкъ кхелхьарадаккхаран хьалхара гIулч хилла хилар а, цул тIаьхьа дIадаханчу 16 шарахь Нохчийчоьно денъяларера кхиаре кхаччалц сихачу боларца некъ бина хилар а.
«ХIетахьлера бохамаш дагабохкуьйтуш цхьа а хIума дац хIинца. Вайн гIаланаш а, ярташ а саьлнашкара гIиттина. Iер-дахаран дерриге а дакъошкахь кхиаран дика гайтамаш бу вайн республикин. Дагалаьцна дуккха проекташ а, ойланаш а ю, уьш кхочушйина, вайн регион мехкан тоьллачарех цхьаъ хилла дIахIоттор ю вай. Конституци – Ахьмад-Хьаьжин накъосташа, эзарнаш кегийнаха шайн синош дIаделла долу вайн массеран а юкъара «паспорт» ду. Нохчийн Республикин хIора а вахархочун стоьла тIехь хила езаш ю Конституци. Школехь дуьйна Iамо езаш ю иза», – элира Кадыров Рамзана.

Иштта, Даудов Мохьмад а, Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид а, кхиберш а бистхилира Нохчийн Республикин Конституцис вайн дахарехь лело маьIна дуьйцуш.
Конституцин денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь а.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, Конституцин суьдан суьдхочо Дадаев Хьамзата, политикин, юкъараллин гIуллакххоша, кхечара.
Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхийтарца дIадолийра цхьаьнакхетар. Цул тIаьхьа Жамалдаев Шаида а, Абдулмуслимов Сайд-Селима а дийцира 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнан а, цул хьалха беанчу муьран а хиламех лаьцна.
Концертан программица дерзийра цхьаьнакхетар.
Республикин ерриге а кIошташкахь а дIадаьхьира Конституцин денна лерина даздарш. Иштта, оцу денна лерина «Единая Россия» партин меттигерчу отделенеша «горга стоьлаш», схьайиллина урокаш вовшахтуьйхира, «Историн иэс» аьлла йолу проект кхочушъяран гурашкахь.

Невран кIоштахь Конституци тIеэцна а, референдум дIаяьхьна а 16 шо кхачарна лерина вилспеташ хаьхкира.
Веданан кIоштарчу Культурин цIийнехь концерт дIаяьхьира. Иштта, Нажи-Юьртан а, Гуьмсан а кIошташкахь хилира даздарш.
Устрада-ГIалин Депутатийн советехь а, ТIехьа-Мартан кIоштахь а «горга стоьлаш» хилира. Изза гIуллакх Теркан кIоштахь а дIадаьхьира.
Хьалха-Мартан кIоштахь дIаяьхьначу «горгачу стоьлехь» исторехула школин олимпиадехь толам баьккхинчу шина дешархочуьнга а дакъалацийтира.
Соьлжан кIоштан Эна-Хишкарчу аграрно-техникин колледжехь студенташна лерина схьайиллина урок вовшахтуьйхира. Иштта, урок дIаяьхьира Шеларчу №4 йолчу а, Соьлжа-ГIалин а школашкахь.
Кегийрхойн юкъараллин-патриоталлин «Ахмат» боламан жигархоша, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон гIоьнца, Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигера Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» хIолламан комплексе кхаччалц болам дIабаьхьира.
А-Хь.Кадыровн сурт тIехь долуш, 18 метр еха а, 6 метр шуьйра а йолу Нохчийчоьнан байракх йохьуш бара боламан дакъалацархой.
Бисинчеран карахь а яра Нохчийчоьнан кегий байракхаш.
А.ХАТУЕВА
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо