Автомобилийн некъашна леринчу къоман проектехь дакъалоцуш ю Нохчийчоь а

Республикин Автомобилийн некъийн министран заместитела, «Безопасные и качественные автомобильные дороги» къоман проектан меттигерчу «Дорожная сеть» проектан куьйгалхочо М.Исабаевс брифинг дӀаяьхьира.

Лакхахь билгалъяьккхина къоман проект 4 декъе екъалуш ю, ткъа республика царах 3-нна юкъахь бен дакъалоцуш яц: «Дорожная сеть», «Общесистемные меры развития дорожного хозяйства», «Безопасность дорожного движения».

Оцу 3-ннах хьалхарчу шина декъана Ӏуналла деш ю Автомобилийн некъийн министерство.

2019–2024-чуй шерашкахь оцу шина декъан гурашкахь белхаш дӀабахьа къастийнарг 6 528 340 000 сом ду, цунах 3 422 500 000 сом федеральни бюджетера хир ду, ткъа 3 105 840 000 сом – республикин бюджетера.

М.Исабаевс билгал мадаккхара, меттигерчу «Дорожная сеть» проектан гурашкахь, карарчу шарахь, республикин тIегIанерчу кхаа некъа тIехь белхаш дIабахьа лерина: «Р217 Кавказ – Хьалха-Марта» некъана реконструкци яр (0 км – 7,9 км); «Ищерски – Соьлжа-ГIала» некъ тобар (68 км – 70,4 км); «Ищерски – Соьлжа-ГIала» некъ тобар (32,4 км – 44 км).

Цул сов, 2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалин агломерацин (Соьлжа-ГIала, Устрада-ГIала) некъашкахь а дIахьур бу белхаш: Соьлжа-ГIалахь – 35 некъа тIехь (44,4 км), Устрада-ГIалахь – 12 некъа тIехь (12,2 км).

И.ИСЛАМОВ
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: