Москварчу Къоман медицинин талламан А.В.Вишневскийн цIарахчу туьшан лоьраш баьхкина Нохчийн Республике. Хирургийн а, комбустиологийн а делегацина коьртехь хирургин Туьшан куьйгалхо Алексеев Андрей а ву.

Республикин МогашаллаIалашъяран министерствон коьрта хирург Муцуров Хизир а, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гIалин больницин ожогови отделенин заведующи Элембаев Рустам а цхьаьна а волуш, Москвара лоьраш Соьлжа-ГIалин больницашкахь хилира.
Вайн лоьраша хьешашна гайтира Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницин а, I.Ханбиевн цIарахчу медицинин сихачу гIоьнан республикин клиникин больницин а, Соьлжа-ГIалин №4 йолчу гIалин больницин а, хирургин а, ожоговин а, реанимацин а отделенешкахь хIора дийнахь дIахьош болу болх.
Белхан низам а, болх дIабахьаран хьесапаш а тайра Москвара баьхкинчу лоьрашна. Уьш реза хилира нохчийн лоьраша бечу балхана.
Нохчийчоьнан могашаллаIалашъяран министра Сулейманов Эльхана инстаграмехь йолчу шен агIонехь хаам бо оцу хьокъехь: «Вайн лоьрийн цIарах хаза, хьакъ доллу дешнаш хезча юьхькIам хилира суна. Москварчу лоьрийн делегаци вайн республике яран коьрта Iалашо яра вайн больницашна юкъахь белхан уьйр тасар а, вовшашна зеделлачух пайдаэцар а. Тхан барт хилла Нохчийн Республикерчу лоьрийн говзалла лакхайоккхуш А.Вишневскийн цIарахчу Къоман медицинин талламан туьшахь дешаран программа вовшахтоха. Иза вайн лоьраш Москва дIабоьлхуш а, туьшан тоьлла лоьраш, медицинин Iилманийн докторш вайн республике схьабогIуш а кхочушйийр ю».
Туркойн лоьраша кхочушдира шайн дош
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан белхан гIуллакхца Хонкарахь хилира. Меттигерчу «Aqibaden» клиникийн сетаца гергарло а тесира цо. Цигарчу лоьрашца, нейрохирургаца бинчу бартаца туркойн лоьраш вайн республике бахка безаш бара.
Сулейманов Эльхана хоуьйту Истамбулера лоьраш, шаьш деллачу дашна тешаме хуьлуш, Нохчийн Республике схьакхаьчна хилар.
Туркойн лоьрийн делегацина коьртехь ву дуьненахь а вевзаш волу нейрохирург, профессор Эльманджи Илхан.
Хьеший Е.П.Глинкин цIарахчу берийн клиникин республикин больницин техникин а, кадрийн а таронашка хьаьвсира. Больницехь дарба дойтуш долчу берашна маьхза консультацеш а йира, церан могашалла меттахIотторехь кхидIа дан дезарг а хьийхира.
Профессора Эльманджи Илхана чулацаме доклад йира дуьнен чу довлушшехь могашалла ледара йолчу берашна а, ткъа иштта, сколиоз, коьртан хьен дестар, гидроцефалин лазарш долчу берашна дарба лелоран керла некъаш довзуьйтуш.
Туркойн лоьраш вайн республикехь кест-кеста хир бу, шайн говзалла лакхайоккхуш вайн лоьраш а хир бу Хонкарахь. Оцу гергарлонах доккха беркат дер ду. Цунах тешна ву могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан.
З.ХИЗИРОВА
Суьрта тIехь: профессор И.Эльманджи а, МогашаллаIалашъяран министр Э.Сулейманов а
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо