Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон Дешар кхиоран институтехь рогIера кхеташо хилира. Иза дIахьош вара институтан директор Умхаев Хьамзат.

Бекарг (март) баттахь дуьххьарлера цхьаьнакхетар хиларе терра, Хь.Умхаевс институтан белхахой-зударий декъалбира Зударийн дуьненаюкъарчу денца, ткъа иштта, институтан Iилманан лакхара белхахо, яздархо Айдамирова Машар а декъалйира йинчу денца.
Кхеташонан коьрта къамел «Нохчийчоьнан истори» дешаран-методикин Iаматаш зорбатоха кечамбарх лаьцна дара. Хьалха а кечйина хилла Iаматаш Россин Федерацин дешаран федеральни стандартийн лехамашна жоп луш тоян езаш хиларх лаьцна дийцира.
Керлачу Iаматех дерг дийцаре деш дакъалецира Iаматийн авторша М.Багаевс, Р.Джабраиловс (5–6-чуй классашна леринчу «Нохчийчоьнан истори» Iаматийн авторша, З.Гелаевас а, (7–8–9-чуй классашна леринчу Iаматийн автора), I.Бугаевс а (10-чу классан историн Iаматан автора).
«Нохчийчоьнан истори» Iаматаш хьалха дуьйна хIиттийна яра аьлла билгалдаьккхира Умхаев Хьамзата: «Хьалха Iаматаш дешаран план 34 сахьт долуш хIиттийна хилар. Цул тIаьхьа кхин а яцйира материалаш. Дешаран хан 17 сахьта тIе охьаялийра. ХIетахь цайинарг 6-чу классан Iамат яра».
5–6-чуй классийн «Нохчийчоьнан истори» Iаматийн автор а, жоьпаллин редактор а волчу Багаев Мусас билгалдаьккхира, «элира-бохура» боху хIуманаш дитина, шаьш бакъ хилар я цахилар тIечIагIдеш далош делил доцу материалаш оцу Iаматашна юкъаяхийта мегарг цахилар.
Хьехархоша шайн балхана оьшучохь кхечу материалах (юьйцучу темина язйинчу книгех, очеркех, статьях) пайдаэцарх хIумма а дац. Масала, Кавказан тIамах, нохчийн халкъ махках даккхарх а дуккха а ю язйина публицистикин материалаш.
Зорбатухур йолу керла дешаран-методикин Iаматаш вайн заманан лехамашна жоп луш (суьрташца, кехатца, чулацамца) хила езарх дерг а хьахийра кхеташонан дакъалацархоша.
Доцца аьлча, «Нохчийчоьнан историн» Iаматаш хIутосург (май) беттан 15-гIа де тIекхачале комиссин кхиэлана дIагайта (рецензина) кийча хила еза, ткъа асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь Iилманчийн куьйгабелхаш зорбатоха кийча хила беза.
Историкашна тIедиллинарг, цхьа а шеко йоцуш, жоьпалле, амма оьшуш, мехала гIуллакх ду.
Кхеташо ерзош, Умхаев Хьамзата Iаматийн авторшка дийхира шаьш бечу Iилманан балха тIехь сема хилар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо