Турниран толамхой

ХIокху деношкахь Иркутск гIаларчу «Байкал-Арена» спорткомплексехь дIаяьхьира кегийрхошлахь грекоримски кепарчу охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш вара Россин тайптайпанчу регионашкара 350 спортсмен.

Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш бара республикин спортан школин векалш.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Финалехь, шайн-шайн йозаллин категорешкахь, толам баьккхира: Амаев Абумуслима (63 кг.), Исаев Хьамида (97 кг.), Бибулатов Селима (92 кг.). Оцу лакхенашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Макаев, Р.Сулейманов, А.Магомадов.

Турнирехь толамаш баьхначу спортсменаша дакъалоцур ду кеста хинйолчу Россин чемпионатехь.

Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: