«Нохчо» ансамбль фестивалана кечамбеш ю

Нохчийн пачхьалкхан фольклоран иллийн а, хелхаран а «Нохчо» ансамблан коллективо дакъалоцур ду Ерригроссин халкъан искусствон II-чу фестивалехь. Цигахь шайн хьуьнар, говзалла гойтур ю Россин пачхьалкхан тоьллачу академически хораша.

Фестивалан гурашкахь дIахьош йолчу «Танцуй и пой, моя Россия» программа, Россин хелхаран а, иллиаларан а тоьллачу коллективаша дакъа а лоцуш дIахьур ю.

Фестиваль лерина ю иллийн, музыкин, хелхаран меттанашкахь Россин халкъийн барт чIагIбарна а, къоман культурин сий лакхадаккхарна а.

И санначу фестивалашкахь артистийн вовшашна бовзар хуьлу, зеделлачух пайдаэца дика аьтто а болу. Хелхаран а, хоран а искусство кхиорна боккха тIеIаткъам бо фольклоран иллийн а, хелхаран а коллективийн фестивалаш дIаяхьаро.

Кремлехь дIахьур ю фестиваль. Кремлан Дворецан сцени тIехь эзар сов артист, илланча, музыкант цхьаьнакхетар ву.

Нохчийн Республикин векал хилла цига йоьдучу «Нохчо» ансамбло хьовсархошна ши номер гойтур ю: «Нохчийн кеп» а, «Нохчийчоь» а.

Карарчу хенахь ансамблан солисташ репетицеш еш бу. Цара бечу кечаме хьаьжира Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди. Кегийрхойн дог-ойла гIаттош, уьш йохье бохуш, дош элира цо.

Вай сатуьйсур ду «Нохчо» ансамблан керлачу кхиамашка.

З.ЯХЪЯЕВА
Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин культурин министр «Нохчо» ансамблан репетицехь

№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: