Районашна юкъарчу шайн рогIерчу конференцехь Шуьйтан, Шаройн, Итум-Кхаьллан районийн жимачу предпринимательствон субъектийн векалша йийцаре йира таханлерчу денна пайдехь а, мехала а йолу тема – «Предпримательство кхиор республикин экономика чIагIъярна юкъаюьллуш йолу мехала хазна ю».
Цигахь доклад йинчу «Шуьйтара бизнес-центр» ГУП-н куьйгалхочо Л.Х.Бетиговс. Цо элира: «Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс хаддаза билгалдоккху жима а, юккъера а бизнес, нехан шайн долара гIоьналлин а, фермерийн а бахамаш кхиор хьалхарчу рогIера гIуллакхаш хилар. «Мехала ду жима а, юккъера а бизнес кхиорна дерриге а хьелаш кхоллар, – дIахьедира Р.Кадыровс республика экономически кхиоран гIуллакхаш дийцаре деш хиллачу кхеташонехь, – шен гIуллакх дIадолийна волу стаг ша ларвеш хилар хаалуш а, Iедалера гIо хуьлуш а хилавезаш ву».
Билгалдаккха деза предпринимательство кхиоран гIуллакхашна вайн республикехь боккха тидам тIебохуьйтуш хилар.
Социально-экономически кхиоран декъехь долу декхарш кхиамца кхочушдархьама, жима бизнес лело лууш болчарна массарна а тешам боллуш хьелаш кхолларехь гIуллакхаш до районийн администрацеша. Иза ду оьшуш долу лаьттан дакъош къастор а, бизнес-проекташ юкъаялорна инвестицийн майданаш схьаеллар а. Нагахь санна хьалха оцу декъехь новкъарлонаш еш меттигаш хиллехь, хIинца цхьана а кепара новкъарлонаш яц.
Тахана вай дерриге а декхарийлахь ду вайн раойнашкахь предпринимательство кхиоран болх чIагIбан. ХIинцалерчу хьелашкахь жимачу а, юккъерчу а бизнесе бен кхочушдалур дац экономика кхиоран а, вайн бахархойн хьал-де тодаран тIегIа лакхадаккхаран а гIуллакхаш.
Экономикин предпринимательски декъехь ю экономически таронаш алсамъяхаран дикка яккхийн тIаьхьалонаш. Билггал жимачу а, юккъерчу а бизнесо тешам ло харжаш сихха юхаметтахIитторна, гIо до экономика тоеш карлаяккхаран гIуллакхаш кхоамца а, сихха а кхочушдан, сиха жоп ло рынкан конъюктура хийцаяларна, таро хуьлуьйту экономика кхидIа сихха кхио.
Тахана вайн районашкахь дIаязбина бу шаьш болх беш болу предпринимательш а, ахархойн-фермерийн бахамийн, гIоьналлин бахамийн куьйгалхой а: Итон-Кхаьллан районехь – 209, Шуьйтан – 276, Шаройн – 36. Коьртачу декъана вайн предпринимательш хьашташ кхочушдаран декъехь а, махлелорехь а, даьхни, накхарш лелорехь а къахьоьгуш бу. ХIора дийнахь алсамболуш бу шайн гIуллакх доло лууш болчеран барам. Пачхьалкхо дан тарлуш дерг дерриге а до предпринимательшна бегIийла хьелаш кхоллархьама.
Нохчийн Республикехь жима а, юккъера а бизнес кхиорехь 2014-чу шарахь дуьйна кхочушъеш ю «2014–2018-чуй шерашкахь жима а, юккъера а бизнес кхиор» аьлла йолу пачхьалкхан программа. Оцу муьрехь программина республикин бюджетера къастон долу ахча 1 миллиард 248 миллион сом хир ду.
ГIо дан кийча ю яхка а ехкина, жигара болх беш йолу «Нохчийн Республикин тешаман фонд» НКО, «Нохчийн Республикин жимачу а, юккъерчу а предпринимательствон гIо лацаран фонд» НО, Нохчийн Республикин Микрофинансийн фонд.
Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесан, предпринимательствон комитето хIора шарахь грантийн гIолоцу болх бан буьйлалуш болчу бIеннаш предпринимателийн.
Жима а, юккъера а предпринимательство кхиорна муницпальни тIегIанехь ахчанаш къастадо республикин бюджетера, оцу Iалашонашна иштта юкъаузу федеральни бюджетера ахчанаш а.
Ялх шо сов йолчу хенахь Шуьйтахь болх беш йолу бизнес-туш кийча ю предпринимательски болх барца доьзна долу муьлхха а гIо дан.
Жима а, юккъера а бизнес экономикин бух бу. Вай берриге а ницкъаш тIебахийта беза хIораннан а шен бизнес цхьа а новкъарлонаш йоцуш йоццачу хенахь дIаязъярна, иза кхиамца кхион а таро хилийтарна. Оцу новкъа дIа а доьлху вай, белхан керла меттигаш а кхуллуш, бюджете кхочуш долу налогийн ахча алсам а доккхуш.
Доклад чекхъяьллачул тIаьхьа къамелаш динчу предпринимательша а, ахархойн-фермерийн бахамийн куьйгалхоша а М.Сургаевс, А.Келоевс, М.Мусаевас, Н.Нуралиевас, А.Кашаевс, Х.Салгириевас, Л-А.Дубаевс, А.Имадаевс, И.Ганатовс дийцира шайн балхах, бакъо йоцуш бечу талламех, кредиташ даларх, налогийн инспекце отчеташ дIаяла хала хиларх лаьцна. Дийхира кхиъна долчу дерриге а мехкашкахь иза юкъадалийна ма-хиллара, билгал йолу гIоленаш яр.
Кхача деза республикин бахархошна вешан товарашца а, суртсаташца а юьззина кхачо яре. Оцу гIуллакхехь хIинцалерчу хьелашкахь доккха маьIна долуш ду жима а юккъера а предпринимательство кхиор.
Конференци чекхйолуш, цуьнан дакъалацархоша тIеийцира резолюци.
«Грозный-информ»