«Культурин тоьлла цIа – 2018»

Невран кIоштарчу Левобережни юьртан Культурин цIийнехь республикин «Культурин тоьлла цIа – 2018» конкурсан дакъалацархой декъалбар дIадаьхьира Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо.

Конкурс 2018-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна дIахьош яра республикин Культурин цIеношна юкъахь.

Оцу даздаршкахь дакъалоцуш вара Невран кIоштан администрацин куьйгалхо Д.В.Кашлюнов а, кIоштан культурин хьаьрман белхахой а, бахархой а.

Конкурс дIаяхьаран Iалашо яра культурин хьаьрман белхахойн сий лакхадаккхар а, кхоллараллин коллективийн белхан хьакъ боллу мах хадор а, шайн белхан декхаршца ларош, керла хIума юкъадалош болчеран къинхьегаман мах хадор а.

Конкурсан комиссис билгалбехира республикин конкурсан толамхой: Хьалхара меттиг Невран кIоштарчу Гал-ГIалин юьртан Культурин цIенна елира, шолгIа меттиг Хьалха-Мартан кIоштарчу Шалажа юьртан Культурин цIенна а, Шелковски кIоштарчу Кхара-Кхаьлла юьртан Культурин цIенна а елира, кхоалгIа меттиг Невран кIоштарчу Фрунзенски юьртан Культурин цIенна елира.

Конкурсан толамхошна Дипломаш а, мехала совгIаташ а делира.

Левобережни юьртан Культурин цIийнан сени чохь кIошташкарчу клубийн коллективийн декоративни – прикладни искусствийн белхийн гайтам вовшахтуьйхира.

Культурин цIийнан белхахой кхул тIаьхьа а кхиамаш баха дог-ойла гIаьттина, самукъадаьлла дIасакъаьстира.

З.ЦЕНТОРОЕВА
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: