Муьргаш (калина)

Нохчийчоьнан ерриге а кIошташкахь кхуьуш ю и орамат. Муьргаш ган тарло хьаннашкахь, хотешкахь, боьранашкахь, хин йистошца, кхечанхьа.

Муьргашна зазадоккху хIутосург (май), асаран (июнь) беттанашкахь. Кхиъна йовлу хьаьттан (август), товбецан (сентябрь) беттанашкахь. Сирла-цIен бос болуш хуьлу муьргаш. Уьш гурахь схьайоху, дийнна хорханашкахь. Цуьнан стоьмаш шелъеллачул тIаьхьа а схьадаха мегаш ду.

Хьалха, вайн дай-наноша чIогIа пайдаоьцуш хилла муьргех. Iаьно молуш хилла цунах даьккхина чай. Ша стом хилла ца Iаш, муьрг (дечиган) диттан ковст а ю дарбане. Коьртачу декъана ковстех пайдаоьцуш хилла цIий сацош а, шелонан хьу дегIах йоьлча а.

Къаьсттина пайден ду муьргийн чай къоначу наношна.

Иштта, царах дика дарба хуьлу зорха, чуьйраш лозучарна. Лоьраша муьргийн ковстех даьккхина мутт малар магадо неврастени, истери, эпилепси лазарш долчарна а, гипертонин цамгарш йолчарна а. Цуьнца цхьаьна муьргша тодо даго болх бар, алсамйоккху диурез, тодо кхача дегIах болийтар.

Муьргех пайдаоьцу дестар хилча а, дегIан чкъураца цамгарш хилча а, гастрит, колит цамгарш хилча а, доIах лозуш хилча а.

Муьрган ковстах молха иштта кечдо: 10 грамм аьргалла сирдиллинчу пхьегIи чу юхку, цу тIе 200 мл. кхехкийна хи дутту. Юха 30 минотехь, хин бани еш, дохдо. 10 минотехь шел а долуьйтий, луьтту. Цу тайппана даьккхина мутт дийнахь 3–4-зза молу, цхьа-ши Iайг молуш, хIума йиъинчул тIаьхьа. Цо цIийъэхар сацадо.

Муьргех молха иштта кечдо: 10 грамм стоьмаш (муьргаш), иза боккха ши Iайг хуьлу, сирдиллинчу пхьегIи чу духку, оту, кхихкина 1 стака хи чу а дуттуш, хин бани чохь 15 минотехь дохдо. Цул тIаьхьа 45 минотехь шелдолуьйту. Шелделлачул тIаьхьа луьтту, кхихкина хи тIе а дуттуш, цуьнан барам 200 мл. дIакхачабо.

Молха шина дийнал тIех доцуш, шийлачу меттехь латтадо. Цкъа стаканан кхоалгIа дакъа а молуш, дийнахь 3–4-зза молу. Цо дегIе гIора доуьйту, хьацар доккху, кийра цIанбо.

Вайн дай-наноша муьргех пайдаоьцуш хилла чо лозуш а, зорха лозуш а, шелвелча а, йовхарш кхетча а. Муьргаш чайнах тухуш а юу.

З.МАДАЕВА
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: