Уггаре а хала яьхкинчу хенашкахь Н.Назарбаевс нохчийн халкъана гIо-накъосталла дина

Назарбаев Нурсултан Казахстанан Президентан даржера дIаваларан хьокъехь шена хетарг элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте социальни сетехь йолчу шен агIонехь.

«Казахстанан Президента Назарбаев Нурсултана охьадехкина пачхьалкхан куьйгалхочун декхарш. Ткъе итт шарахь гергга махкана куьйгалла дира цо. Оцу хенахь Нурсултан Абишевича Казахстан Юккъерчу Азехь уггаре а кхиъна йолчу пачхьалкхех цхьаъ йина дIахIоттийра, дукхазза а лакхадаьккхира экономикин тIегIа, мохк кхиамца юкъабахийтира дуьненан юкъараллина», – элира Р.Кадыровс.

«Хьикмате а, гоьвалла а политикин гIуллакххо хиларе терра, цо йоккха хазна юкъайиллира Россин а, Казахстанан а доттагIалла чIагIдарна, Россин уггаре а юххера доттагI хилла дIахIоьттира иза», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«Вайн республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас боккха сий-ларам бора Нурсултан Абишевичан. Казахийн халкъан бакъволу да а, хьикмате, сийлахь стаг а ву олура цо иза», – дийцира регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана аьлла ма-хиллара, Нохчийн Республика а, Казахстан а вовшашца йоьзна геннара дуьйна схьайогIучу доттагIаллин уьйраша а, вежараллин гергарлонаша а.

Казахстанан хьалхарчу Президентан цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу цхьана урамна а, №1 йолчу лицейна а.

«Со тешна ву, Казахстанан Куьйгалхочун даржера дIаваларх Нурсултан Абишевича шен махкана дуккха а дика гIуллакхаш дийриг хиларх. Иза Казахстанан Кхерамазаллин советан куьйгалхочун даржехь вуьсуш ву. Иза иштта «Нур Отан» партина куьйгаллехь вуьсуш ву, республикин Конституционни советан декъашхо ву. Тахана хиъна Казахстанан баьччан йоккхахйолу йоI Дарига Нурсултановна Казахстан республикин Парламентан лакхарчу палатина куьйгалле хIоьттина хилар. Ас иза а, казахийн дерриге халкъ а декъалдо иза оцу дарже хIотторца. Со даггара тешна ву Казахстанан а, Россин а, Нохчийн Республикин а доттагIалла де-дийне чIагIлург хиларх а, вай вешан вежараллин зIенашна тешаме хилла дуьсург хиларх а. Нурсултан Абишевича даима а къаьсттинчу тергонехь латтош ду иза! Ас иштта даггара декъалво Токаев Къасым-Жомарт Казахстанан Президентан дарже хIоттарца. Вежараллин оцу махкахь машар а, кхиар а, зазадаккхар а хуьлийла лаьа!» – яздина Р.Кадыровс.

Д.АНАДЕВ
№23, бекарг (март) беттан 26 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: