Селхана, бекарг (март) беттан 28-чу дийнахь дIайолаелла «Ислам – къинхетаман а, машаран а геланча» цIе йолу Исламан дуьненаюкъара конференци. Иза бекарг беттан 30-гIа де тIекхаччалц лаьттар ю. Цуьнан делегаташа а, дакъалацархоша а шайн болх Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а дIахьур бу.

Селхана конференцис шен болх Москварчу «Президент-Отелехь» дIаболийра.
Форумехь дакъалоцуш ву 43 пачхьалкхера 250 гергга стаг. Царна юкъахь бу СаIудийн Аравин, Мисаран, Чинин, Йеменан, Иорданин, Иракъан, ГIажарийчоьнан, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн, Кувейтан, Пакистанан, Палестинин, Хонкаран, Францин, США-н, Швейцарин, Швецин, Къилба Корейн, цхьамогIа кхечу пачхьалкхийн векалш.
Дуьненаюкъарчу конференцин дакъалацархошна юкъахь бу цIеяххана юкъараллин, политикин, динан гIуллакххой, Россин субъектийн, пачхьалкхан тайп-тайпанчу органийн, цу юкъахь Пачхьалкхан Думин, Федерацин Советан, Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министерствон векалш.
Оцу форумехь шуьйра дийцаре дийр ду дуьненан юкъараллин карарчу хенахь сагатдеш долу коьрта гIуллакхаш. Царна юкъахь хир ду бусалба пачхьалкхашна юкъахь барт, машар чIагIбаран а, дуьненаюкъарчу терроризмана а, ткъа иштта, экстремизмана а дуьхьал цхьаьна, вовшех дага а довлуш, къийсам дIабахьаран а, цхьамогIа кхин а мехала гIуллакхаш.
Тахана-кхана конференцин дакъалацархой Нохчийчоьнан коьртачу шахьара схьабогIур бу. Кхузахь а дIахьур ду изза гIуллакхаш кхидIа а дийцаре дар.
Цул сов, форуман дакъалацархоша Соьлжа-ГIалахь дIахьур ю «Бусалбанаш а, юкъараллин юкъаметтигаш а» аьлла йолу кхеташо. Цигахь дуьйцур ду бусалбанаша юкъараллехь барт, машар хилийтарехь лелон дезачу мехалчу маьIнах лаьцна.
«Ислам – къинхетаман а, машаран а геланча» конференцехь дийцаре динчу гIуллакхийн жамIашкахула резолюци тIеоьцур ю цуьнан дакъалацархоша.
Конференци вовшахтоьхна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондо, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхалло, Дерригдуьненан исламан лиго, Исламан культурин, Iилманан, дешаран гIолацаран фондо, Россин Iилманийн академин малхбале талларан институто.
Д.АНАДЕВ
№24, бекарг (март) беттан 29 де, 2019 шо