Республикин «Нохчийн Республикин Этно-Мир» проектан гурашкахь Невран кIоштахь хилира Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат.

Цигахь цо кIоштан куьйгаллица къамел дина ца Iаш, иштта, дIадаьхьира кIоштан бахархошца цхьаьнакхетар а.
Оцу цхьаьнакхетарехь министраца цхьаьна вара цуьнан заместитель Элембаев Iалихан, Невран кIоштан куьйгалхо Кашлюнов Дмитрий, республикин Парламентан депутат Кашлюнов Владимир.
Шен къамелехь Умаров Джамбулата билгалдаьккхира ксенофоби хааялар а, къаьмнашна юкъахь питанаш даржор а, тайп-тайпана динаш лелочарна Iиттарш яр а – иза къоман кхерамазалла талхор санна а лоруш хиларна, маггане а могуьйтург цахилар.
– Муьлхха а халкъ – иза мел доккха я жима делахь а, шен башхалла йолуш ду – хуьлда и башхалла я культурица, я маттаца, я динца йоьзна. Цул сов, муьлхха а халкъ, ша муьлххачу а махкахь дехаш делахь а, маьрша даха бакъо йолуш хилла ца Iаш, шен культура а, мотт а кхиош даха йиш йолуш ду. Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайга тахана дуьйцург а изза ду. Ткъа Россин хьокъехь аьлча, иза, и пачхьалкх, шен буххера дуьйна дIа, вуьшта аьлча, ша кхоллалуш дуьйна дIа, дукхахалкъийн пачхьалкх санна кхоллаелла ю. Цунна вай цхьа а тIекхуьйдуьйтур вац, иза хьаькам а, белхало а велахь а, – элира министра.

Кашлюнов Дмитрийс баркалла элира хьешашна, кегийрхой кхетош-кхиоран а, тайп-тайпанчу халкъийн векалшна юккъехь вежараллин а, доттагIаллин а уьйраш кхиоран а, чIагIъяран а дакъошкахь кIоштахь дIахьош боккха болх хилар билгал а доккхуш.
Меттигерчу бахархоша хьешашка ладоьгIна ца Iаш, шайга а ладогIийтира хаттарш дарца а, шайн проблемаш йовзийтарца а, кхачамбацарш гучудахарца а.
Делахь а, цара шаьш а тIе тидам ма-бахийттара, коьрта ду республикера халкъаш вовшашца бертахь Iаш хилар а, шайн культура кхиорна царна еш цхьа а новкъарло цахилар а.
Кхузахь дагадаийта догIу республикин «Нохчийн Республикин Этно-Мир» проект «Нохчийн Республикин пачхьалкхан къоман политикин концепцин хокъехь» долчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указан (05.02.16/№14) гурашкахь тIеэцна а, дIахьош а хилар.
Цу юкъахь дакъалоцуш ю Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн а, Культурин а, Дешаран а, Iилманан а министерствош а, Iилманийн академи а, иштта, ерриге а кIоштийн векалш а.
Р.ВАЧАЕВ
№24, бекарг (март) беттан 29 де, 2019 шо