Россехь дехачу халкъийн меттанаш дарна кхерам бу

Карара шо, хууш ма-хиллара, дерригдуьнено билгалдоккхуш а долуш, Шайн-шайн мехкашкахь дехачу къаьмнийн меттанийн шо ду. Цуьнан гурашкахь дан лерина дуккха а гIуллакхаш ду: «горга стоьлаш», форумаш, конференцеш, гайтамаш, и.дI.кх.

Амма Россин Iилманийн академин (РАН) Меттан Iилманан институт, оцу шарна лерина хаам бовзийтарехь, массарал а хьалхаяьлла лара мегар ду – цо хаийтина Россехь дехачу къаьмнаша лелош 151 мотт хилар а, царах 18 мотт кестта дIабер болуш хилар а.

Цул сов, оццу хаамехь хаийтина тIаьххьарчу 50 шарахь 14 мотт дIабаьлла хилар а – 7 мотт Советийн Iедалан муьрехь а, важа 7 Советийн Iедал доьхначул тIаьхьа а.

Делахь а, Россин Iилманийн академин Меттан Iилманан институто довзийтинчу (151) терахьца догIуш дац ЮНЕСКО-с Iуналла а деш хIотточу «Дуьненарчу меттанийн атласа» тIера терахь: цу тIехь билгалдоккху Россерчу бахархоша лелош 131 мотт хилар.

Амма халахетарг 20 мотт «байна» хилар а доцуш, кхин ду – Атлас хIоттийначара хоуьйту оцу 131 маттах 121 маттана хьалха лаьтташ проблемаш а, кхерамаш а хилар:

  • 14 мотт юкъара дIабаьлла бу;
  • 23 мотт кестта дIабер болуш бу;
  • 29 мотт кестта дIабала кхерам бу;
  • 50 мотт боккхачу кхерамехь бу;
  • 19 мотт эшамечу хьолехь бу.

Дагадаийта догIу эшамечу хьолехь болчу 19 маттана юкъахь нохчийн мотт (иштта, башкирийн а, жIайхойн а, чергазийн а, гIалгIайн а, якутийн а, тувинцийн а, и.дI.кх.а) а хилар.

«Дуьненарчу меттанийн атлас» ЮНЕСКО-с тIедогIучу шарахь цIин а еш, юха а арахоьцур йолуш елахь а, схьагучу суьртаца нийса а догIуш, нохчийн мотт «эшамечу хьолера меттанаш» могIарехь буьсур болуш бу, хIунда аьлча, «эшаме хьал» иштта довзийтина ду цу тIехь: дукхахдолчу бераша буьйцу иза, амма цунах пайдаэцар шуьйра ца хила тарло (масала, цIахь бен буьйцуш боцуш я Iедалан тIегIанехь оьшуш боцуш).

И.ИСЛАМОВ
№24, бекарг (март) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: