Бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь билгалдоккхуш ду Поэзин дерригдуьненан де. Цунна лерина цхьаьнакхетарш, кхоллараллин суьйренаш дIаяьхьира дешаран учрежденешкахь а, библиотекин а, культурин а кхерчашкахь.

Шелан кIоштан Культурин цIийнехь а дIадаьхьира поэташца цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера библиотекин заведующис Эльдарова Разета.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара поэт, гочдархо Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхо Ахматукаев Адам, Соьлжа-ГIалин книгин издательствон директор, яздархо Матаев Анзор, «Гоч» журналан коьрта редактор Петирова ПетIамат, Нажи-Юьртан кIоштан Замай-Юьртара поэт Инаркаев Яхьъя, кинорежиссер Дунаев Адам.
Шелара №8 йолчу школин дешархоша, нохчийн меттан а, литературин а хьехархоша а, Шелан кIоштарчу яртийн библиотекарша а дакъалецира кхоллараллин суьйренехь.
Нохчийн маттах, къоман гIиллакхех, книга ешаран беркатах лаьцна дийцира суьйренан хьешаша.
Ахматукаев Адама, Матаев Анзора, Петирова ПетIамата, Инаркаев Яхьъяс байташ а йийшира, поэзин башхачу меттан хазаллах лаьцна а дийцира. Шаьш школехь доьшучу хенахь шайна дуьххьара езаеллачу говзарех, хьехархойх болу шайн дагалецамаш бовзийтира.
Оцу дагалецамашкахь забарш а, ойла ечунна хьекъале хиламаш а бара. Дешархоша леррина ладугIура хIора поэтан къамеле. Дешархоша хаттарш дора хьешашка. Цара а гайтира байташ ешаран говзалла. Нохчийн литературин классикийн байташ йийшира дешархоша.

Ахматукаев Адама билгалдаьккхира: «Книга, нохчийн мотт, нохчийн гIиллакх, дешар – уьш цхьаъ вукхунах даккхалур доцуш вовшашца доьзна долу мехала хIуманаш ду адамийн дахарехь. Нохчийн мотт безачо, нохчийн гIиллакх ца лорийла дац. ГIиллакх-оьздангалла езарг нахана а, Далла а везаш ву».
Дешархошна оьшуш дара иштта цхьаьнакхетарш. Литературин-садаIаран-самукъадаккхаран суьйре хилира Поэзин дерриг дуьненан денна леринчу цхьаьнакхетарх.
Шеларчу №8 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Закаева Заманис хьехархойн а, дешархойн а цIарах баркалла элира хьешашна а, суьйре вовшахтоьхначу Эльдарова Разетана а.
З.ХИЗИРОВА
Суьрташ тIехь: Шелахь Поэзин дерригдуьненан де билгалдаккхар
№24, бекарг (март) беттан 29 де, 2019 шо