Дика кхиамаш

Дукха хан йоццуш Нальчик гIалахь (КБР) дIаяьхьира 2002–2003-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь греко-римски кепарчу охьатохархлатарехула СКФО-н хьалхеяккхаран турнир. Цигахь дакъалоцуш бара округан регионашкара къона спортсменаш.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн спортсменаша дика кхиамаш бехира оцу цигахь. Хьалхара меттигаш ехира: Эскерханов Iусмана (42 кг.) – РСШ, Гигиев Малика (45 кг.) – СШ№1, ЯндаровИлеса (51 кг.) – У.Товбулатовн цIарах йолу СШ, Алиев Iимрана (55 кг.) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШ.

ШолгIачу меттехь бара: Хакуев ИброхIим (42 кг.), Асалаев Iалимхан (48 кг.), Яхиев Iабдул-Валид (65 кг.) – И.Дугучиевн цIарах йолу СШ, Саидов Басхан (80 кг.) – У.Товсултановн цIарах йолу СШ.

КхоалгIа меттигаш – Газиев ИсмаьIала (45 кг.), Иванов Адама (48 кг.), Саидов Мохьмада (51 кг.), Ибрагимов Iабдурахьмана (55 кг.), Иблаев Илеса (65 кг.), Вацуев Рамзана (71 кг.).

Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарг ву, уьш Iамийна, церан тренер Р.Эскерханов.

Карарчу хенахь уьш кечам беш бу кеста Владимирехь хинйолчу Россехь хьалхеяккхаран турнирана.

Лаьа, оцу къийсадаларшкахь церан лаккхара кхиамаш хуьлийла.

Толамхой бигалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВ
№24, бекарг (март) беттан 29 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: