Кегийрхой – юкъараллин дахарехь

GE DIGITAL CAMERAВайн махкахь маьрша зама кхиаран билгало ю республикин гIаланашкара, районашкара, ярташкара дукхахболу кегийрхой шайн цхьа юкъара хьежамаш болчу цхьаьнакхетаршка гуллуш, цхьана билггалчу некъа тIехь кхуьуш хилар.

Уьш цхьаьнакхета къоначеран юкъараллин «Ахмат», «Путин», «Рамзан», «Иман», иштта кхин а  клубашка. Дахаран некъ харжархьама школашкахь а, кхечу дешаран заведенешкахь а доьшуш болчу кегийрхошна республикин юкъараллин дахарехь а карадо дан гIуллакх. Дегнийн цIеналла а, шайн мохк, цуьнан халкъ дезар а, республикин Куьйгалхочунна муьтIахь хилар а гойту цара шаьш дича хиндолу диканиг дан кийча хиларца, гIиллакх-оьздангаллица кхиарца, шайн  къона ницкъаш цакхоорца. Цунна тоьшалла ду, хIокху деношкахь Зорбанан цIийнехь дIаяьхьначу «Грозненское эхо – 2013» фестивалехь «Ахмат» клубан декъашхоша Ацаев Шамила, Шахтемиров Ахьмада, Кузаев Турпала, Исраилов Хьамзата, Сулейманов Рахьима, Каимов Ханпашас, Бахаев Зелима, Шаптукаев Асламбека, Исмаилов Шемала, иштта кхечара а  дакъалацар.    Зала чохь гулбеллачу заIаьп берийн, баккхийчийн терго еш, цаьрга лерина хьожуш, низаме, къепе хиларца къаьстара и кIентий. Фестивалан куьйгалхоша Батукаева Зайнапа а, Тагиева Лизас а даггара баркалла аларца билгалдаьккхира цара кхочушдина волонтерийн гIуллакх. – Адамах къахета жималлехь дуьйна а Iеминарг тIамна гIоттур вац, – билгалдаьккхира Батукаевас, – ткъа вайна кхин тIемаш ца оьшу, тоьар ду хIокху заIаьп берийн а, церан дай-нанойн а бIаьра хьаьжча. Дела реза хуьлда хIокху кегийрхошна, хIара зал кечъеш а, ша схьацавалург схьавалош а, чохь, арахь къепе ларъеш а тхуна гIодарна.                                                                                                           

 

Т.АХМАДОВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: