Бусалба дин Iаморехь – дуьненан беркат

риу

Ша дийна волчу хенахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас чIогIа сагатдора вайн республикехь бусалба дин Iаморан кхерч цахиларна. Цуьнан коьртачу Iалашонех цхьаъ яра кхузахь цу тайпа учреждени схьаеллар. Амма, ша дагалаьцна дуккха а диканиг кхочушдан ца кхиира Ахьмад-Хьаьжа. Бакъду, цо дIаболийна машаран некъ цуьнан кIанта Кадыров Рамзана дIабаьхьира. Цхьа а дагахьбаллам ца буьтуш, 2009-чу шеран 20-чу августехь Соьлжа-ГIалахь схьайиллира Россин Исламан университет. Хьалха заманахь бусалба дин Iамор, даржор бахьанехь эвлаяаш, устазаш, Iеламнах хIаллакбеш набахти хиллачу меттехь яйтира Кадыров Рамзана исламан университетан гIишло. Дуьненахь а гIарабевлла болу Iеламнах баьхкира хIетахь Нохчийчу. ТIеман саьлнашкара хIинц-хIинца бен гIоттуш йоцучу вайн республикехь цу тайпа учреждени схьаеллар боккха хилам бара. Россин Федерацин тайп-тайпанчу субъекташкара а, дозанал арахьара а Iеламнах, пачхьалкхан гIуллакххой, гIараваьлла Iеламстаг, Узбекистанан муфти хилла  Мухьаммад Садыкъ Мухьаммад Юсуф, Палестинин муфти Мухьаммад Салахь, Россехь йолчу Хонкаран посольствон динан гIуллакхашкахула волу хьехамча Бикер Герик, Иордани пачхьалкхан Бусалба динан Iилманийн дуьненаюкъарчу университетан ректор Iабдул Насир Аль-Басаль, Россин Федерацин муфтийн Кхеташонан председатель Равиль Гайнутдин, иштта Кувейтан, Иорданин, Йеменан, Малайзин, Ливин, Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмиратийн, Иранан, Катаран Россехь болу векалш, кхин дуккха а нах баьхкира. Ткъа сов пачхьалкхера баьхкина бара хьеший. Цара массара цхьаьна «Нохчийчоьнан дог» маьждига чохь ламаз дира. Цул тIаьхьа схьайиллира устазан Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Исламан университет. Нохчийн къоман исторехь башха дезде хилла дуьсур ду иза.

Таханлерчу дийнахь вайн республикехь бусалба дин Iаморан коьрта меттиг хилла лаьтта Россин Исламан университет. Кхузахь шарIан Iилманийн факультет а ю, кечамбаран отделени а ю. Кечамбаран отделенехь доьшуш 223 студент ву, шарIан факультетехь – 351. Иштта, пхи кафедра ю кхузахь: Къуръанан а, хьадисан а; юкъарчу корматаллийн а; филологин а, гуманитарни а, Iаламан Iилманийн а; Iаьрбийн меттан а; бусалба динан бакъонан а кафедраш. Хаамийн-издательски а, белхан меттигийн а, арахьарчу зIенийн а, Iаморан а, юкъара а пхи отдел ю дешаран учрежденехь.

Дуьненан тоьллачу дешаран учрежденешкахь бусалба дин Iамийна, шайгахь шортта Iилма долу 60 хьехархо ву Исламан университетехь хьоьхуш. Царна юкъахь ву 1999-чу шарахь Шемара Iаьрбийн меттан институт а, 2003-чу шарахь циггахь «Абу-Нур» университетан бусалба дин хьехаран факультет а чекхъяьккхина, карарчу хенахь бусалба динан юридически  бакъонан отделенин аспирант а, махлелоран юкъаметтигийн декъехь талламхо, Къуръан  а, хьадисаш а Iаморан кафедрин куьйгалхо Элибиев Сахьиб; 1999-чу шарахь Шемара «Абу-Нур» университет чекхъяьккхина, оццу университетан аспирантурехь дешна, 14 шо кхаьччахьана дуьйна шен деца цхьаьна Iаьрбийн мотт Iамо волавелла волу юкъарчу говзаллийн  кафедрин куьйгалхо Дадахаев Мохьмад; 1989-чу шарахь Бухарара динан лаккхара училище а, 2013-чу шарахь Пятигорскера пачхьалкхан лингвистически университет а чекхъяьккхина, Курчалойн-Эвларчу исламан университетехь а, Буйнакскера Исламан университетан Хасавюьртахь йолчу филиалехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а белхаш бина волу Iаьрбийн меттан кафедрин куьйгалхо Гойбасханов Iабдулахьим, Мисарара «Аль-АзхIар» цIе йолчу гIараяьллачу университетехь шарIан бакъонан факультет чекхъяьккхина волу, бусалба динан бакъонан кафедрин куьйгалхо Баснукаев Хьасан; Филологин а, гуманитарни а, Iаламан а Iилманийн кафедрин куьйгалхо  Дукаев ВахIит Соьлжа-ГIалин хьехархойн училище а, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультет а чекхъяьккхина а, 55 шарахь гергга хьехархочун болх бина ву.

Кунта-Хьаьжин цIарахчу университетан ректор ву Мутушев Iабдурахьим. Жимчохь дуьйна бусалба дин Iаморна тIегIиртина иза. ХIунда аьлча, цуьнан деда Iеламстаг хилла. Школа чекхйоккхучу заманахь бусалба динан бакъо а, Къуръанан маьIна дар а дика девзаш вара Iабдурахьим. 1991-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь схьайиллинчу исламан университетехь хьехна цо. Цул тIаьхьа Курчалойн-Эвларчу исламан университет а, Бизнесан, урхаллин нохчийн институт а чекхъяьккхина. 2014-чу шеран март баттахь нохчийн къоман синмехаллаш Iалашъярехь доккха дакъалацарна «Динан орамаш» номинацехь «Датон бухIаца» совгIат дина цунна. Оццу шеран август баттахь кхетош-кхиоран Iадаташ кхиорехь, даржорехь дика къахьегарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орденца» совгIат дина Мутушев Iабдурахьимна.

ШарIан Iилманийн факультетан декан волу Мутушев Iабдурахьман Соьлжа-ГIалахь дуьххьара схьайиллинчу Исламан университете деша вахара. Кхиамца, 3-чу курсехь доьшуш  волу хIара Москварчу исламски туьшо Мединатехь йолчу Дуьненаюкъарчу исламан университете деша хьажийра. Цигара цIавеанчул тIаьхьа ша хьалха дешначу Соьлжа-ГIаларчу Исламан университетехь Iаьрбийн мотт хьийхира Iабдурахьмана. 2013-чу шарахь Пятигорскера пачхьалкхан лингвистически университет чекхъяьккхира цо. 2009-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь исламан университет схьайилличхьана дуьйна шарIан Iилманийн факультетан куьйгалла деш ву иза. ДIадаханчу дешаран шеран жамIашца факультетехь билгалваьлла  тIехдика доьшу 118 а, дика доьшу 100 а студент ву.

Кечамбаран отделенин декана Вагаев Мохьмад-Амина 7 шо кхаьччахьана дуьйна Къуръан а, Iаьрбийн мотт а Iамийна. Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт а, Пятигорскера пачхьалкхан лингвистически университетан теологин факультет а чекхъяьккхина, инженеран болх бина, математика, вайнехан этика, Iаьрбийн мотт хьехна а ву иза. ШарIан Iилманийн факультетана студенташ кечбарехь чIогIа къахьоьгу Мохьмад-Амина. Иштта, Iилманан болх беш а ву иза. Къуръан а, цуьнан маьIнаш а нохчийн матте гочдина цо. Хьалхара сураташ зорбатоха  кечдеш ду.

Университетан кечамбаран отделенехь  шина шарахь доьшу студенташа. Юкъара дешар чекхдаьккхинчу кегийрхойн, ЕГЭ-н жамIашка хьаьжжина, иштта Исламан университетан зиэрех чекхбевллачул тIаьхьа кечамбаран отделенехь деша бакъо хуьлу. Цу отделенин студентийн  юьззина бакъонаш хуьлу университетехь. ШолгIачу семестрехь дуьйна стипенди а догIу царна. Цигахь  шина шарахь  дешначул тIаьхьа шарIан Iилманийн факультетехь пхеа шарахь доьшу студенташа.

Къуръанан а, хьадисаш а Iаморан  кафедрехь Коранистика, Таджвид, Коран, Хадис, Хадисоведение, Тафсир цIерш йолу низамаш хьоьху. Кхузахь болх беш бу Шемахь, Иорданехь, Мисарахь  Iилма Iамийна болу хьехархой Ибрагимов Джабраил, Мутаев Сайди, Гочкарев Шемал, Сабиров Мохьмад, Аласханов Муслим, Ибрагимов Адам, Темирсултанов Юсуп, Пятигорскан пачхьалкхан лингвистикин университетехь дешна волу Асхабов Мохьмад, Элибиев IабдуллахI.

Юкъарчу говзаллийн кафедрехь Iакъидат, адаб, тасаввуф, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар, хьехамбар а хьоьху, «логика», «бусалба динехь йолу тобанаш», «бусалба динан дисциплинаш хьехаран кеп» низамаш а довзуьйту. Тимишов Ахьмада, Магомаев Зеламхас, Кагерманов Мохьмада, Бериев Ахьмада, Муртазаев Сайд-Мохьмада, Магомаева Маликас а хьоьху оцу кафедрехь.

Бусалба дин хьехна ца Iаш, кхидолу Iилманаш а довзуьйту Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу исламан университетехь. Филологин а, гуманитарни а,  Iаламан а  Iилманийн  кафедрехь оьрсийн мотт, литература, нохчийн мотт, литература, педагогика, психологи, ингалсан мотт, Даймехкан истори, Нохчийн Республикин истори, бакъонан баххаш, Россин Федерацин динан хьокъехь долу законодательство, социологи, философи, нохчийн къоман культура, Iадаташ, информатика, физкультура  хьоьху. Кху кафедрехь болх беш ву историн Iилманийн доктор, профессор Ибрагимов Муса, историн Iилманийн доктор, профессор Ибрагимов Мовсур, филологин Iилманийн кандидат, доцент Джамбеков Овхьад, иштта хьехархой: Ихаев Султан, Тарамова Айзан, Бакаева Райзан, Хачукаева Малика, Эльмурзаева Тамура, Дукаева Леля, Рахимов Амин, Тимиргаева Зарема, Абдулмуслимова Аминат, Изиева ПетIамат, Хататаев Аслан.

Iаьрбийн меттан кафедрехь Iаьрбийн мотт а, цуьнан практика а, морфологи а, синтаксис а, риторика а, логика а хьоьху. Кхузахь болх беш бу Шемара «Абу-Нур» университет чекхъяьккхина болу: Магомедов Мохьмад, Делиев Руслан, Лулуев Iалихан; Мисарахь «Аль-АзхIар» университет чекхъяьккхина болу: Макаев Хьасан, Аутаев Iела, Саадуев Зивади; Пятигорскера лингвистикин университетехь дешна болу: Вагаев Мохьмад-Амин, Ахмадова Асет, Батаев Ризван, Абдулкадыров Мовсар, Маккаев СаьIид; Шемара электротехникин университет чекхъяьккхина Турко Ридван, Катарарчу  пачхьалкхан университетехь дешна Арсамирзаев Муслим, Пакистанера Ибни Iаббасан цIарах институт чекхъяьккхина Билоев Анзор, Ташкентера Бухарин цIарах йолу исламан институтехь дешна Джуманов Махаматлатип. Уьш берриге а масех лаккхара дешар дешна, кIорггера Iилма долуш хьехархой бу.

Бусалба динан бакъонан кафедрехь «фикх-анваруль-масалик», «фикхуль-манхажийи», «усулуль-фикх», «аятуль-ахкам», «фикхуль-мазахиб», «тарихуль-ташрииль исламийи», «каваидуль фикхияти», «илмуль-мирас» низамаш хьоьху (уьш дерриге а бусалба динан бакъо йовзуьйтуш  низамаш ду). ХIора а бусалба стеган бакъонаш, декхарш довзар а, шен гIуллакхаш бусалба динан бакъонца  дустар а, церан мах хадор а, бусалбанийн юкъараллехь юкъаметтигаш тояр а Iамадо кхузахь. Кху кафедрехь болх бо хьехархоша: Эльмурзаев Дукхувахас, Даев Рамзана, Юсупов Рашида, Иналов Iалихана, Авдаев Лечас, Муртазаев Сайд-Мохьмада, Баснукаева Луизас, Зубариев Рамзана, Ахмадова Асета.

ХIора а бусалба стагана тIехь ду дуьненахь йоккхучу хенахь хаарш лахар, бусалба Iилма, Къуръан Iаморна къаьсттина терго яр. Вайн республикехь оццул Iилма долу говза хьехархой а болуш, бусалба дин Iаморан учреждени хилар доккха беркат ду. Цунна тоьшалла до Россин Исламан университетан студенташа тайп-тайпанчу ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а конкурсашкахь бохучу кхиамаша. Дала вайн къоман хиндолчунна пайдехь кхиабойла цигахь доьшуш болу кегийрхой.

А.МУСАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: