Нохчийчоьнан Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос нохчийн мотт кхиоран а, баржоран а, марзбаран а Iалашонца, нохчийн маттахь журналистикин тоьлла материал язъяран республикин конкурс дIакхайкхайо. Иза лерина ю Нохчийн меттан денна.

Конкурсан декхарш
Нохчийн юкъараллин дахарехь халкъан ламасташ, гIиллакхаш, Iадаташ, син-оьздангаллин мехаллаш Iалашъярехь долу ненан меттан маьIна шуьйра довзийтар, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь нохчийн маттахь болх бечу журналистийн гIолацар. Нохчийн юкъараллехь идеологин а, Iаморан а, культурин а декхарш кхочушдеш йолчу пачхьалкхан а, юкъараллин а учрежденеша ненан мотт марзбарехь дан дезачийн хьокъехь хьехарш, магораш довзийтар.
Конкурсан хьелаш
Конкурсехь дакъалаца йиш ю 01.01.19 — 20.04.19 кхаччалц болчу муьрехь шайн материалаш НР-н зорбанан а, электронни а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатоьхна хиллачеран.
Материалийн мах хадор хӀокху лехамашца хир ду:
1. Корматаллин лехамашна жоп луш хилар.
2. Исбаьхьаллин хатI.
3. Йозанан а, барта а ненан мотт хууш хилар.
Конкурсе материалаш схьаоьцу кхаа номинацехула:
1. Телевидени.
2. Радио.
3. Муьран зорбанан изданеш, интернет.
ХIора номинацехь билгалйина совгIатийн кхоккха меттиг.
Республикин хаамийн гIирсашкахь хилла йолу материалаш конкурсе дIаоьцуш ю зорбатоьхначу а, электронни а кепашкахь хIокху муьрехь (10.04.19 — 20.04.19) а, хIокху адресца а: Соьлжа-ГIала, Назарбаевн ур., 92, Зорбанан цIа, 4-гӀа гӀат — «Даймохк» газетан редакци.
ЗIенна телефон а, e-mail а: +7(8712)22-22-24, daimoxk@bk.ru.
Конкурсан толамхошна совгIаташ дар дIахьур ду Нохчийн меттан де даздарал хьалхарчу деношкахь.