ХIокху деношкахь Смольнехь цхьаьнакхийтира Санкт-Петербурган губернаторан декхарш ханна кхочушдеш волу Беглов Александр а, Дерригдуьненан исламан лигин Коьрта секретарь Мухьаммад бин Iабдулкарим аль-Исса а.

А.Бегловс билгалдаьккхира Санкт-Петербург массеран а юкъара гIала хилар.
«Тхо долчохь Iаш тайп-тайпанчу къаьмнийн а, дуьненан коьртачу динийн а векалш бу. Дерриге а халкъийн ламасташка, культурин мехаллашка ларам хилийта а, бала кхачийта а дукха хIума до оха», – элира цо, къаьмнийн диаспорша гIалин дахаран дерриге а дакъошкахь жигара дакъалоцуш хилар билгал а доккхуш.
Цхьаьнакхеттачу шинна хетарехь, тайп-тайпанчу къаьмнех, динех болчу нехан вовшашца юххера уьйраш лелоро терроризман, экстремизман дог-ойланна дуьхьало йо. Масала, Мухьаммад бин Iабдулкарим аль-Иссис билгалдаьккхира ша Петербургехь ешна йолу «Цивилизацийн дуьне» лекци лакхахь билгалъяьхначу кепара уьйраш чIагIъярехьа цхьа гIулч хилар.
«Терроризмана коьрта кхерам бу юкъаралла бертахь хилар», – элира цо, Петербург тайп-тайпанчу культурийн векалш кхиамца цхьаьнатарбаларан масал хилар тIе а чIагIдеш.
Дерригдуьненан исламан лигин Коьртачу секретара билгалдаьккхира Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу исламан конференцис историн маьIна лелош хилар.
«Динашна а, къаьмнашна а юкъахь барт, машар чIагIбарехь доккха маьIна лелош а, бусалбанийн мехкашна юкъахь, масала, СаIудийн Аравина а, Россина а юкъахь, вовшийн пайденна йолу гIуллакхаллин а, доттагIаллин а юкъаметтигаш кхиорна а, чIагIъярна а аьтто беш а гIуллакх ду иза», – элира Мухьаммад бин Iабдулкарим аль-Иссис.
А.Бегловс Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех лаьцна шен дагалецамаш бовзийтира.
«Со а, Кадыров Рамзанан да а воккха ши доттагI вара. Жима волуш дуьйна вевза суна Рамзан. Оха чIогIа лоруш а, тхуна дика хеташ а ву иза. Ахьмад-Хьаьжа чIогIа хьекъале а, майра а стаг вара. Ас гуттар а дагалоьцу иза. Иштта хьекъале нах алссам хила безара», – элира цо.
А.Бегловс чIагIдира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен дас болийна беркате некъ хьакъ ма-дду дIахьош хилар.
А.ВАХАЕВА
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо