ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца нийса а догIуш, белхан гIуллакхца Азербайджанехь хилира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам. Цигахь иза цхьаьнакхийтира оцу пачхьалкхан Президентаца Алиев Ильхамца.

ДоттагIаллин хьолехь дIадаьхьира цхьаьнакхетар. АгIонаша дийцаре дира Азербайджанна а, Нохчийн Республикина а юкъахь кхидIа а экономикин а, культурин а, спортан а, гуманитарни а юкъаметтигаш кхиоран а, чIагIъяран а гIуллакхаш.
Кхузахь шина агIонан барт хилира герггарчу хенахь Баку гIалахь Нохчийн Республикин векалалла схьаелла.
Иштта, Делимханов Адама Азербайджанан Куьйгалхочуьнга Алиев Ильхаме хаийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана иза, цунна бегIийла долчу хенахь Нохчийчу кхойкхуш хилар.
Азербайджанан Президента баркалла а олуш, хаийтира, шен аьтто боллушехь, ша Нохчийн Республике вогIург хилар.
«Цхьаьнакхетарехь сацам хилла Баку гIалахь Нохчийн Республикин векалалла схьаелла. Адам Султановича Ильхам Гейдаровиче соьгара салам-маршалла дIа а делла, Азербайджанан халкъана машар а, кхиар а, ирс-аьтто а хилар суна лууш хилар а хаийтина. Нохчийн Республикин а, Азербайджанан а юкъаметтигаш хьалххе дуьйна а кхуьуш схьайогIуш ю. Царна бух биллинарг ву Азербайджанан Президент Алиев Гейдар а, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ВКонтакте сетехь йолчу шен агIонехь.
I.ТЕРЛОЕВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо