Республикин Яздархойн союзан «Синмаршо» цIе йолчу къоначу яздархойн цхьаьнакхетараллин дIадолорца хIокху деношкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира Иорданерчу хьешаца, нохчичуьнца Бети Ахьмадца.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Каримов Iаьлви, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, филологин Iилманийн доктор Джамбеков ШаIрани, филологин Iилманийн кандидат Ирезиев Сайд-Хьамзат, Нохчийн Республикин Iилманийн академин белхахо Абдулкадыров Адам, иллиалархо Сатуев Лоьма, бевзаш болу яздархой, журналисташ, кхиберш.
Иштта, царна юкъахь бара «Синмаршо» кхоллараллин тобанан декъашхой: Халикова Асет, Даудов Гилани, Банжаев Аьрзу, Тапалаева Амнат, Виситаева Тумани, Умарова Асет, Минцаев Iаьлви, Магомедхаджиева Есира, Умалатова Амнат, Хурцаев Мохьмад, Хизриев Адам.
Бети Ахьмад XX-гIа бIешо долалучу муьрехь Иордане дIакхелхинчу нохчийн тIаьхьенех ву.
Цо дийцарехь, иза дуьххьара веана Нохчийчу. Цигахь Iаш болчу кхиболчу нохчийн а санна, даима а шен Даймахка ван сатийсам хилла цуьнан.
Нохчийчоьне бIаьргтохарал сов, иза республике варан кхин цхьа бахьана а ду – ша язйина йолу «Нохчийн – Iаьрбийн – оьрсийн дошам» йовзийтар.
1985-чу шарахь дуьйна язъян йолийна хилла иза Бети Ахьмада.
Каримов Iаьлвис билгалдаьккхира Ахьмада бина болх вайн халкъана чIогIа мехала хилар.
– Вайн истори меттахIотторехь а, чIагIъярехь а хинйолчу тIаьхьенашна а, вайна ваьшна а махбоцу совгIат ду иза, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара.
Каримов Iаьлвис иштта дош делира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIо-накъосталлица и дошам вайн ерриге а республикина кхочурйолуш, зорбане яккха.
Ибрагимов Кантас Ахьмадна баркалла элира и болх барна, иштта, хаийтира дошам арахецарехь ша гIо дийриг хилар.
Гулбеллачара, массара а бохург санна, билгалдаьккхира автора язйинчу дошаман маьIна а, нохчийн мотт а, культура а кхиорна юкъадиллина доккха дакъа хилар.
Халикова Асета дIайийшира Иорданерчу нохчашна лерина ша язйина йолу байт.
«Грозный» пачхьалкхан телерадиокомпанин белхахочо Садаева Раисас хаийтира Бети Ахьмадах а, цо язйинчу дошамах а лаьцна шаьш передача дIаязйийриг хилар.
Кхузахь иштта хьахийра, Иорданерчу нохчаша, шайна гонаха долчу, кхечу къаьмнийн матто а, гIиллакхаша а тIеIаткъам баре а, шаьш оцу махкахь кIеззиг бен цахиларе а хьаьжна доцуш, нохчийн мотт а, вайн гIиллакхаш а, ламасташ а дика лардина хилар.
Хьеше хаттарш а деш дIадаьхьира цхьаьнакхетар.
Ахьмада дийцарехь, Иорданехь нохчий Iаьрбашца цхьаьна бертахь бехаш бу, Iаьрбаша чIогIа сий-ларам а бо вайн халкъан а, историн а. Цара массо а агIор гIо-накъосталла до вайн культура кхиорна, шайна вай вежараллин халкъ хеташ хиларна.
I.МУРТАЗОВ
№26, оханан (апрель) беттан 5 де, 2019 шо